Menu


Тибетера векалш Лондонехь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

I950-чу шарахь Тибетерчу монахийн а, пачхьалкхан гIуллакхъхойн а векалш баьхкина Лондоне. Цул хьалха цкъа а Тибетера арабовлаза болу уьш, Ингалсан махкера шайна хIун гIо хир дара-те аьлла, дийцарш дан баьхкина хилла. Къечу, амма исбаьхьчу махкара баьхкина хилла уьш. ПаргIатчу меттигех, башхачу Iаламах боьлла хилла уьш, иштта шайн духаршца тIекхоьхкинчу хIуманашца, куйнашца хаза хилла шаьш а. Сий-ларамца тIеэцна хьеший Лондонехь. ГIала йовзийта экскурси а бигина.
Метро чохь нисбелла хьеший Iадийна схьагинчу суьрто: мел халкъ гулделла лаьтта бухахь! Коьрта шляпанаш а техкина, Iаьржачу духаршца кечбелла нах эскалаторш тIехь лаьтташехь, газеташ доьшуш хилла, вуьйш вовшийн дIа а тоьттуш, хьалхабовла гIерташ хилла, вовшашка вистхуьлуш, велакъежаш стаг а ца хилла.
Тибетерчу векалийн куьйгалхочо шайна улле ваьллачу ингалсхочуьнга къинхетамца дIа а хьаьжна, хаьттина:
– Оха хIун гIо дийр дара-те шуна?
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных