Menu


Хьехархочун дийцар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цу дийнахь тIаьххьара урок хилла IаббазгIеран дIайолаелларг. Горгали беккалц Iадда а Iийна, класса чуьра нехийн ведар дIакхосса вахийта ша бохуш, юха ца воьрзуш хилла 7-чу классан дешархо волу Iаббаз. Берийн хIилла девзаш йолчу Асет Салмановнас важа вохуьйтуш ца хилла.
Юха а олуш хилла кIанта:
– Вахийта со, Асет Салмановна, со сихха схьавогIу хьуна! Мегий? ХIа-а? Мегий? – бохуш.
Цкъа а, шозза а ца мега аьлча а хIара юха ца вирзича, дов дан хIоьттина хьехархо.
– Урок йолаяллалц стенгахь вара хьо?! Итт минот ма яра хьуна, итт минот! ХIинца ца мега аьлча а, Iад ца Iа хьо! Цкъа собар де ахь... Сан хан ю хьоьга юх-юха цхьаъ дийца?! Цул а ладогIа! И ведар-м цхьанхьа а гIур даций, ткъа ахь уггаре а коьртаниг юкъахдита тарло, – бохуш, дикка дов деш хилла хьехархо.
Шен корта охьа а бахийтина, эли бохура тIаккха Iаббаза:
– Вай-хIай, иштта хIара гIуллакх гена а ца доккхуш, "МЕГА ХЬУНА,IАББАЗ" ала ца магара-те?
Д1аяздинарг – Исраилова Луиза

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных