Menu


Дас-нанас марзбахь, буьйцур бу нохчийн мотт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

2007-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду вайн республикехь Нохчийн меттан де. ХIун даделла вайга къоман мотт Iалашбарехь, кхиорехь? ХIун дича дика хир дара кхин дIа йолчу хенахь? Иштта хаттарш дийцаре деш тхан къамел дар хилира вайн махкахь нохчийн меттан говзанча а, меттан а, мехкан а патриот санна гIараваьлла вевзачу Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директорца Умхаев Хьамзатаца.
– Хьамзат, ахь куьйгалла дечу Дешар кхиоран институтан коллективо боккха болх бина нохчийн меттан Iаматаш карлайохуш. Тахана дешаран Iаматашца а, исбаьхьаллин литературица а кхачо ю вайн республикехь. Делахь а, нохчийн мотт юкъараллин мотт хилийта, кегийрхоша хIора дийнахь буьйцу мотт хилийта хIун дан дезара аьлла хета хьуна?
– Юкъаралла иза – хьан хIусаман, кхерчан, доьзалан арахьара меттиг ю. Бер оцу юкъаралле кхачале, чохь, дений-нанний хьалха хьалакхуьуш ду. Тахана хIун гуш-хезаш ду вайн бераш?
Баккхийнаш шайн гIул-
лакхаш луьстуш бу, ткъа бераш телевизорний, телефонний дIаделла ду. Царна цаьргара хезаш берг оьрсийн мотт бен бац. Таханлерчу дай-наноша доьзалехь буьйцуш а нохчийн мотт бац.
Iуьйранна бер я берийн беша я школе дIакхетош йогIу нана го вайна шен бере цхьа дош а нохчийн маттахь а ца олуш. Нохчийн мотт уггаре а хьалха ненан мотт хила беза. Дас шен доьзална низам Iамош болу мотт хила а беза, нохчаша вовшашка хьал-де хотту мотт хила а беза.
Бакъду, хьалхалерчу заманахь а, хIинца, вайн заманахь а йоккха башхалла ю бер кхиорехь. Сан а, сан могIарерчу нехан а ирс хилла баккхийчу нехан Iаьнарехь хьалакхиа. ХIинца дукха хIума хийцаделла.
Амма керлачу хьелашкахь а карор дара диканиг, технологех пайдаэца хьаьвсича. Вай берашна нохчийн маттахь йолу мультфильмаш, передачаш алссам хила езара.
Жимачохь дуьйна марзбеш хуьлу къоман мотт. Вайн лулара хIирий-м школера юьхьанцарчу классашкара дешар а шайн къоман матте дерзийна Iаш бу.
Дешар нохчийн маттахь хиллера аьлла хIумма а эшам хилла бацара юьхьанцара школа нохчийн маттахь чекхъяьккхина хилла болу Дешериев Юнус а, Айсханов Шамсуди а, Ибрагимов Хьамзат а, тахана нохчийн матто вина ву-кх 90 шо кхаьчна волу филологин Iилманийн докторх Чокаев Катих академик. Вайн заманахь массийтта мотт хууш хила безара кегийрхой. Вай санна тIеман халонех чекхдаьллачу къомана мухалле а, ткъа шен къоман мотт массарел сийлахь хета а безара. Стагана шен дай а, шен Даймохк а, шен орам а, мотт а дош хеташ дацахь оцу стагана хIокху дуьнен чохь ша дош хетар долуш цхьа а карор вац.
– «Мотт – къоман са ду, – олура вайн хьекъал долчу баккхийчу наха. Литература а книгашна тIехь юьсу. Нохчийн мотт книгийн, библиотекин, Iилманан мотт хилла биса ца беза. Дагна, сина оьшу кхача хила беза иза. Библиотекин терхеш тIехь бен ца лела мотт дIабовш бу. Мотт бийца а, Iама а лаам болчарна цхьана а кепара новкъарло ма яц, Хьамзат?
– ВаллахI яц-кх, вай вешан къоман мехаллийн сий деш дIадолхахь я мотт а, и гIиллакхаш а довр дац.
Цхьа хан яра вайн республикин коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь вайга нохчийн мотт ма бийца бохуш. ХIинца республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а, Культурин министр Дааев Хож-Бауди а, Iилманан академин президент Гапуров ШахIруди а нохчийн мотт хууш а, буьйцуш а бу.
ХIинца санна сий дина дац нохчийн меттан хьехархойн.
Дала вайна совгIатана беллачу къоман меттан сий деш даьхчахьана, вайна новкъарло еш хIумма а дац.
Шен халкъах, маттах хаьдда, декъалхилла стаг а ца вевза суна. Цундела ас декъалдо нохчийн халкъ Нохчийн меттан денца!
– Дела реза хуьлда хьуна, Хьамзат. Ойла ечу нахана схьаэца дуккха а пайде дерг эли ахь.

Зайнап ЭЛЬДЕРХАНОВА

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных