Menu


Нохчийн маттана лерина дезде

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Соьлжа-ГІалахь тоьллачу школех цхьаъ ю Октябрьски к1оштара номер 16 йолу школа. Бертахь а, дика кхиамаш а бохуш, схьайогІучу школин коллективан коьртехь ю директор Чалаева Алет Хароновна. Иза дика говзанча а, хьуьнаре куьйгалхо а, школин гІуллакхна чу са диллина а дешаран белхахо ю.
22-чу апрелехь кху школехь дІаяьхьира нохчийн меттан дезачу денна лерина йоккха семинар. Цига кхайкхинера нохчийн яздархошка а, Соьлжа-ГІаларчу юкъарадешарийн школашкара нохчийн меттан хьехархошка а, гІалин Дешаран департаментан а, к1оштан администрацин а белхахошка а.
Уггаре а хьалха ала догІу: семинар вуно дика вовшахтоьхна хилар. Иза гуш дара, школин неІарера дуьйна хьешашка маршалла хатта дІахІиттинчу дешархошка а, хьехархошка а хьаьжча а, кечйина школин ученаш а, дешаран кабинеташ а гича а.
Нохчийн меттан урокаш а, дезачу денна лерина классашкахь еш йолу мероприятеш а чекхъевлча, хьеший школин хьалхарчу гІатта тІера учене кхайкхира. Кхузахь йоккхачу исбаьхьаллица вовшахтоьхна нохчийн Іер-дахарехь хуьлу хІуманаш яра: хьалхалера кІудалш, кхабанаш, кузаш, истангаш, хьаьжкІийн цІевнаш, тас, пеш, иштта хІусаман кхиболу гІирсаш. Хьеший тамаша барца хьоьжура шайна дуккха а шерашкахь ганза йолчу х1уманашка, ткъа цхьаболчарна-м уьш дуьххьара гуш яра. Гулбеллачеран самукъадаьккхира дезчу дийне кхайкхинчу Нохчийн республикин халкъан артиста Межиев Сахьаба. Гуттар а ша ма-аллара, нохчийн халкъан а, ша даьхна а иллеш элира цо йоккхачу говзаллица.
Хьешашка актови зала чу кхайкхира. Кхузахь царна кечйина, чай мала х1ума т1ехь а йолуш, лаьтташ стоьлаш яра. Школин дешархоша нохчийн меттан денна лерина концерт елира, эшарш а локхуш, хелхарш а деш, нохчийн поэтийн стихаш а йоьшуш, забаре сценкаш а гойтуш.
Юха «Шира дешнаш» аьлла конкурс-къовсам д1абаьхьира, хьешашка дакъа а лоцуьйтуш. Конкурсехь дакъалецира яздархоша: Бексултанов Мусас, Саиев 1умара, Арсанукаев Мусас. Ловзаран толамхо хилира Бексултанов Муса. Дакъалаьцначарна совг1аташ делира х1усамдайша.
Концерт ерзийнчул т1аьхьа семинарехь гайтина йолу йиллина урокаш йийцаре йира хьехархоша а, хьешаша а.
Ала дог1у, шайна гинчу урокашна хьеший ч1ога резахилар. Яздархочо Саиев 1умара билгалдаьккхира, кху школерчу берашна нохчийн мотт дика хууш хилар, иза гуш ду цара урокехь хьекъалца деллачу жоьпашка а, цара буьйцучу матте а хьаьжча. Дукха хан яра шена иштта дика мотт хууш бераш ганза, элира 1умара. Йийцаре йира х1ора урок. Дешаран департаментан белхахоша а, нохчийн меттан хьехархоша а лаккхара мах хадийра кху школин хьехархойн белхан, массара билгалдаьккхира школехь нохчийн мотт хьехар лакхарчу т1ег1анехь хилар а, берийн дика хаарш хилар а.
Семинар ерзош, цигахь дакъалаьцначарна массарна а баркалла элира школин директора Чалаева Алета Хароновнас.
Шеко йоцуш, 16-чу школехь Нохчийн меттан денна лерина д1аяьхьна семинар массарна а пайде хилира.

Арсанукаев Муса
Суьрта тIехь: I6-чу школехь Нохчийн меттан денна лерина семинар

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных