Menu


Мотт – къоман селхане, тахане, кхане ю!

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Республикехь юха а шуьйрра билгалдаьккхи уггаре а коьртачех а, мехалчех а долу дезде – Нохчийн меттан де. Дукха регионаш яц шайн къоман меттан де даздеш. Цу дезчу денна лорий иттанаш даздарш дIадаьхьна ца Iа, школашкахь, берийн бошмашкахь, колледжашкахь, университеташкахь а бIеннаш цхьаьнакхетарш дIахьо.
Амма мотт ларбарехь къахьегар и дезде тIекхочуш хилла ца Iа. Цу декъехь болх бар – пачхьалкхан а, юкъараллин а коьртачу декхарх ду тIаьхьарчу шерашкахь. Мотт кхиор а, Iалашбар а хьалхадаьккхина ду.
Цуьнах кхаъ ца хуьлийла дац. Амма вай дицдан ца деза, нохчий меттан хиндерг, уггаре а хьалха, вайх дозуш хилар. Вай и Iалашбарехь, мотт – халкъан культурин а, историн а бух хиларх вай кхетарехь ю цуьнан кхане.
Ненан мотт ларбар вайн декхар ду!
ТIекхуьучу чкъурана нохчийн мотт марзбарехь хIун некъаш дика хир дара аьлла, нохчийн меттан хьехархойх дагадевлира тхо.

Даудан Хаважин Гилани, Соьлжа-гIалахь заьIап бераш Iамош йолчу Пачхьалкхан бюджетни юкъарадешаран «Центр образованин» нохчийн меттан а, литературин хьехархо:
Нохчийн маттахь йоьшуш берш кIезиг хиларо чIогIа тIеIаткъам бо къаьсттина кегийрхошна, юкъараллехь ненан мотт бийцарна, доцца аьлча, бийца цахааро. Оьрсийн маттаца эбеш буьйцу, цунах дозалла а деш, иза сина декъаза хилар ду. Шен мотт цахаар дозалла хеташ берш бу дуккха а, шайн доьзалехь буьйцуш берг оьрсийн мотт болу дела. Iедалан векалша а цхьаьна бийцахьара нохчийн мотт бохуш, халкъе кхайкхамаш беш хан-зама вайна цкъа а еана яц историн агIонашка вай хьаьвсича а, массо а агIор тIе тидам бахийтина нохчийн маттана, 2007-чу шарахь дуьйна дIакхайкхина ду НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оханан (апрель) беттан 25-гIа де «Нохчийн меттан де» аьлла. Бовш болчу меттанаш юкъахь нохчийн мотт бу алар вайна эхь ма ду. Маттаца дIадовлу вайн ламасташ а. Вайна халахеташ делахь а, хIокху ткъе хьалхарчу бIешаро кхоччуш хийцамаш бина юкъараллехь, цхьа нах интернет чохь бен дуьне дац моьттуш лела. Цу чохь дерг аьшпаш хилча а бен доцуш, и талла а ца хьовсуш. Цхьа хIума а ду суна халахеташ, ур-атталла вайн маттахь язйина ца хуьлу нохчийн яртийн, урамийн цIерш, иза доккха гIалат хета суна.
Шен маттахь язъеш ерг гIалат дуй хьожуш ца язйо, иза бен цахетарна. Цундела, суна хетарехь нохчийн меттан хьал кхин а айдан, телевиденишкахь, радиошкахь, иштта дешаран хьукматашкахь а беш болу болх кхин а лакхарчу тIегIан тIе хIотто беза аьлла хета. Уггар хьалха кегийчу берашна мехала хир яра вайн маттахь мультфильмаш хилча, берийн мотт кхиар иштта дика ма хуьлу. Берийн бошмашкахь нохчийн маттана тIе тидам бохуьйтуш хилча а дика хир дара, ловзаран кепехь нохчийн маттахь дуьйцуш. Иштта бен марзлур бац царна мотт. Вайн лорах кхуьуш болчу кегийчарна, вай гайта дезаш ду маттаца лело дезарг. ХIора а декхар ву ша шена тIехь болх барца. Нохчийн маттахь еша еза, юха а еша! «Матто кхуллуш бу Даймохк». «Мотт дIабаьлча, къам дIадолу». Оцу кицанаша гойту вайна мел чIогIа ларбан безаш бу ненан мотт. Дала тIаьхье беркате йойла вайн.

Висханан IабдулвахIидан Айзан, нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин председатель:
Нохчийн мотт – и къоман синхазнийн хьоста ю. Мотт ларбар, и хазбар, кхиор тIехь ду муьлххачу а нохчичунна. Тахана кхуьуш хазлуш бу вайн мохк. Мел лаххара а 90% вайн махкахь берш нохчий бу, хIетте а цIенна, шерра буьйцуш арахь, туькнахь, пачхьалкхан белхан хьукматашкахь нохчийн мотт ца хеза. И бийцар нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошкахь бен ца хета. ЦIахь, берийн бошмашкахь берашна Iеммашехь оьрсийн мотт Iема.
Дукхахболчу дайшна-наношна и новкъа ца хета, цара дозалла до шайн бераша шерра оьрсийн мотт бийцарх. Кху Нохчийчуьра арабевлча царна атта хир ду аьлла хета. Амма, соьга хаьттича, мелхо а шен ненан мотт дика хааро аьтто ло берана кхидолу Iилма Iамон. Кхидолчу шайн мотт бовш лаьттачу кегийчу къаьмнех масал а эцна, юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттехула кхийолу предметаш Iамаяйта езара. Берийн тIамарх болийта безара аьлла хета суна ненан мотт

Шовхалов Нурдин Хьава, Хьалха-Мартан кIоштан Дешаран урхаллин нохчийн меттан а, литературин а кхачояран говзанча, Мартан-Чуьра №I йолчу школин хьехархо.
Хууш ма-хиллара, нохчийн мотт вайн дахарехь уггаре ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Вайн хьекъалан, кхетаман хазна ю и. Цу маттах йоьзна вайн къоман ирсе кхане. Цундела и денбарехь, къоначу тIаьхьенна марзабарехь, вай вешан юкъахь цуьнан лелар алсамдаккхарехь къахьега деза массара а. Ткъа, бакъду, нохчи ву со бохуш, шен мотт, гIиллакхаш, Iадаташ дицдеш лелаш волчуьнан ши кепек мах а-м бац. И нохчи муха хуьлу, цунна мотт оьшуш я шен бух бевзаш ца хилча? Цундела, цу маттах, шен махках дог лозуш волчо хаддаза болх бан беза и санна йолчу тIаьхьенах ларвала. Тахана санна и мотт ларбан а, гIиллакхаш дендан а вайн йиш цкъа а хилла яц. Вайн дуьххьарлерчу паччахьан Кадыров Ахьамад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) беркат ду тахана махкахь даьржинарг. Вайн мотт а, мохк а бахьанехь шен са дIаделла цо а, цунна юххехь лаьттина болчу турпалхоша а.
Суна хетарехь, дукхахдолу дакъа хьехархошна кхочу аьлла хета суна нохчийн матте шовкъ кхолларехь. ХIунда аьлча, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо цу меттан хазалла, иралла йовзийта а, безам кхио а декхарийлахь ву. Да-нана дIадаьллачул тIаьхьа, цуьнан хьехаршца кхуьуш ю берийн коьрта синмехаллаш: адамалла а, дикалла а. Цу тIе, и башхаллаш ненан маттехула бен кхачалуш яц адамийн сине. Цундела вайн декхар хIун ду? Ма-хуьллу и ненан мотт цу берийн дегнаш чу бижош, ойла гIатторца, ирсе кхане кхиор ду-кх.

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо 8 юккъерчу юкъарадешаран школан
ХIора шарахь оханан баттахь кхаъ хуьлий тIеоьцу вай Нохчийн меттан де даздар. Нохчийн мотт хилла тайп-тайпанчу хьелашкахь: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.
Аганахь дIаболало ненан матте, тIаьхьо шен Даймахке болу безам. Цо Iамадо вай дуьненан а, адамийн а хазалла йовза. Цундела ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Вайн мотт – иза вайн къамел ду и къамел даима а кхиош хила дезаш ду. Да-нана а декхарийлахь ду берана нохчийн къоман хаза ламасташ довзийта. ГIиллакх чуьра дуьйна ара а даьлла эхарта дIадаха дезаш ду олу вай. Шайн чохь бер дений, нанний хьалагIоттуш хилахь, арахь а царна и дицлур дац. Дуккха а хIума ду чуьра дуьйна схьа берана Iамо дезаш: деца-ненаца, йиш-вешица, гергарчаьрца, бевзачаьрца гIиллакхе хила а, оьздангалла ларъян а. Чохь гIиллакхе воцург, арахь а хир вац и лардеш.
Нохчийн фольклор а, исбаьхьаллин произведенеш а чохь баккхийчара йоьшуш хиларца масал гайта дезаш ду вайн тIекхуьучу чкъурана. Цхьа зама ма яра дас-нанас газетах, журналах пайдаоьцуш. Мукъачу хенахь цара доьшура уьш. Тахана караоьцурш ю телефонаш, гаджеташ. Ткъа вайн берийн хIун бехк бу тIаккха? Тахана дегара а, ненера а масал оьшуш хета суна тIекхуьу кегийрхой. Школера бовллалц, дика-вон къасто Iамаллц, кара яла ца еза аьлла хета суна смартфонаш берашка.
Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных