Menu


Иштта гIахь, дIакхочур ду…

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Бексолта дийнахь а, буса а хьуьнхахь воллуш ву, цунна санна иза евзаш, вайн куьпахь хьовха, юьртахь а цхьа а вац аьлла, хьонке баха бевлла лулара зударий баьхкина Бексолтин уьйтIа:
– Ваша, хьуна бен цхьанна а дика хуур дац бохура, Лечин коьрте воьду некъ бийцахьа тхуна – хьонке даха ойла яра тхан, – дийхира зударша.
– Лечин коьрте? – аьлла, хаьттира Бексолтас. – Ойн, аш хIун дуьйцу? И меттиг мел генахь ю хаьий шуна?
– Ваша, ахь некъ бийцича, дIа-м тхо гIур ма дара. Хьонка дика хуьлу бохура цигахь…
– Хьонка-м, хьаха, хуьлу цу меттигашкахь вуно шортта. Вуьшта, шух къахеташ боху ас, ткъаршехула шун гена некъ бан деза дела. Дика ду, ладогIал, шу Iаш дацахь. Манзин дукъа тIе хьаладевлча, некъан тача карор ду шуна. ДIаса ца хьаьвзаш, нийсса цу тIехула хьаладуьйлалур ду шу. Юха, цу новкъахула доьлхуш, Берсин Iин чу дуьссур ду шу. Дуьхьал долчу Хушин дукъа тIехь бохь бойна къена кхор гур бу шуна. Цунна юххехула малхбалехьа дIабоьдуш готта некъ бу, цу тIехула дIагIо. Цхьанхьа а дIаса а ца хьаьвзаш, цхьана сохьтехь дIагIахь, доьлху-уш, Лечин…шайн ден докъе кхочур ду шу, – элира Бексолтас, оьгIаз а вахана, хIорш хIете а, вете а ца боьлхуш Iан ца бохкий а хиъна.

АРСАНУКАЕВ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных