Menu


«Ас д1алур ю ПКЭ»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

9-чу классашкахь пачхьалкхан жам1адаран аттестацин коьрта кеп ю пачхьалкхан коьрта экзамен (кхид1а: ПКЭ). Цуьнан д1аяхьар 2012 шеран 29-чу декабрехь араяьллачу № 273 –ФЗ «Российски Федерацин дешаран хьокъехь» йолчу бакъонца цхьаьнадог1уш ду.
Коьртачу ишколехь дешар чекхдоккхуш, экзамен лучеран кечамбаран барам а, предметана кечамбаран барамехь болу пачхьалкхан лехамаш а цхьаьнабог1уш хиларан мах хадо таро ло экзаменехь делла т1едахкарш кхочушдаро. Мехала г1уллакх ду оцу предметашна юкъахь нохчийн мотт хилар а, цуьнан цаьрца нийсса йог1уш бакъонаш хилар а. Ткъа хьехархошна а, дешархошна а г1о-накъосталла оьшуш хуьлу х1ора дийнахь бечу балха т1ехь кхиамашка кхача оьшу некъаш лоьхуш. Пачхьалкхан жам1даран аттестацина кечамбаран эвсаралла ма-хуьллу лакхаяккхаран 1алашонца, царна г1оьнна методически г1о -1амат х1оттор дагалецира нохчийн меттан хьехархойн тобано(Абдурзаков Ш.И., Гуьмсан к1оштан Комсомольски ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Дудаев С.А-Х., Шуьйта к1оштан А-Шериповн ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Тутаева С.Л., Урус-Мартан к1оштан Г1ой-чуьра ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Хунарикова П.А., Соьлжа-г1алин №4йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), шайца цхьаьна Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо а йолуш (Дашаева Л.Х.).
Нохчийн меттан экзамен д1алуш волчунна а, уьш кечбеш волчунна а оьшург шадерг вовшахтоьхна «Ас д1алур ю ПКЭ!» пособин чулацамехь. Х1окху балха юкъайог1у: кодификатор, спецификаци, жоьпийн бланкаш кхочушъяран масал, инструкци, хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбечу йозанан белхан кеп, жима йозанан болх кхочушбан лерина тексташ, сочиненеш-масалш, сочинени-ойлаяр язъян пайдаэца лерина коьчал, талламан-лараран коьчалийн варианташ (КИМ), экзаменационни белхан мах хадоран къепе (критереш), жима лингвистически дошам, ТЛК-н жоьпаш. Цул сов, г1о-1аматехь гайтина экзаменационни белхан 1 дакъа (хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх),2 дакъа (доцца жоп даларан т1едахкарш), 3 дакъа (сочинени-ойлаяр) кхочушдаран алгоритмаш.

Лайла Дашаева

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных