Menu


Менделеевн таблица – нохчийн маттахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Маглаев Жамлайла Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан юкъарчу а, органически йоцчу а химин кафедрин заведующи, химин Iилманийн кандидат а ву, цул сов, Д.И.Менделеевн таблица нохчийн матте гочйинарг а ву иза.
Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхина аьлла хезча, дуьххьаладIа я бакъ хуьлийла дац аьлла хийтира, юха, иза иштта делахь, и болх бина автор вовза Iалашо хилла леррина мехкадаьттан университете кхечира тхо. Университетехь иза массарна а вевзаш хиллера, хIунда аьлча Жамлайлас вайн республикера хилла ца Iаш, луларчу республикера дешархой а, хьехархой а химин декъехула Пачхьалкхан цхьааллин экзамен (ЕГЭ) дIаяла кечбеш, дарсаш луш а хиллера.
ХIора шарахь 11-чу классийн 500 гергга дешархочо химин декъехула шайн хаарш тIедузу иза волчохь. Ткъа дарсаш оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь ло цо. ХIокху шарахь химин предметехула ЕГЭ-нна 100 балл яьккхина цо кечвинчу Шеларчу №8 йолчу школин 11-чу классан дешархочо С.Тембулатовс.
Маглаев Жамалайла 1964-чу шарахь веана дуьнен чу. Теркайистерчу Iелин-Юьртара ву. Горагорскерчу №1 йолчу школехь дешна, юха Къилбаседа ХIирин пачхьалкхан университетан химин факультете деша вахара иза 1984-чу шарахь. 2001-чу шарахь цо тIечIагIйо химин Iилманийн кандидатан диссертаци.
Вайн республикехь маьрша дахар дIахIоьттича дуьйна Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетехь химин Iилма хьоьхуш ву иза. Цуьнга массех хаттар дира ас..
– Жамлайла, вайна хууш оьрсийн классикийн поэзи а, Пачхьалкхан гимн а, математика а, физика а гочйина хилла ю нохчийн матте, ткъа цхьа шатайпа чолхе лоручу химин Iилманера болх, къаьсттина аьлча Д.И.Менделеевн таблица нохчийн матте гочъяр маца, муха нисделира хьан?
– Ас цхьа статья ешнера, оцу тIехь дуьйцура дукхахйолчу химин элементийн цIерш XIX-чу бIешарахь бен карийна яц аьлла. Европин цхьайолчу кхиъна йоцчу пачхьалкхашна царах 8 бен ца евзара, вукхарна 11 элемент евзара. Менделеевн таблице хьоьжуш Iаш, суна дагадеара: «ХIара суна керла хIума ма дац, оцу тIехь оьрсийн маттахь юьйцучу элементийн цIерш нохчийн маттахь йолуш ма ю!» - аьлла. Масала, медь – цIаста, серебро – дети, аллюминий – наштар, железо – эчиг, сера – саьнгал, кремний – мокхаз, сурьма – сир, и.дI.кх. а. Оцу элементийн нохчийн маттахь шайн долахь цIерш йолу вуно дукха зама а ю. ХIунда? Вайн дайшна масех бIешо хьалха дуьйна а хууш хилла лаьттах схьадолучу маьIданех пайдаэца. «Кустарни» производствон технологи олу пхьолалла хьалха нохчийн хIора юьртахь бохург санна, девзаш, цунах пайдаоьцуш а хилла. Вай даима а тIемаш беш Iийна нах ма дац. Масала, бес-бесара басарш дар кардирзина хилла, царех кузаш, истангаш деш пайдаэцна, металлурги кхиъна хилла вайн, руда олучу маьIданах эчиг деш хилла. Эчиг деш пхьалгIанаш хилла вайн, цунах кертахь, юьртан бахамехь оьшуш йолу коьчалш (диг, бел, шад, говран вордан чкъургаш) иштта, герз, тоьпаш, шаьлтанаш еш хилла. Мел ондда эчиг дан хууш технологи евзаш хилла вай, нохчийн пхьераша дина тур-шаьлта девзаш, сий деш, оьцуш, лелош хилла Къилбаседа Кавказехь а, Россехь болчу эпсарша а. Цул сов, халкъан медицинехь а пайдаоьцуш лелош хилла химин цхьайолу элементаш. Масала, саьнгалах (сера) тхан дедадас белхьам (мазь) еш хилла акхаройн хьаналлах дIаэбеш. Тоьпо-туьро йина мел ирча, кIорга чов а ерзош, дарба лелош хилла цо. И технологи вайн нахана евзаш хилар бахьанехь, оцу элементийн цIерш а кхечу маттера схаьэца ца езаш, вайн вешан маттахь лелош а хилла. Сан Iалашо XIX-чу бIешеран Iилманчийн санна, Менделеевн таблица оьрсийн матте яьккхина болчу, оцу элементийн цIерш нохчийн матте гочъяр яра. Болх чолхе а бацара.
– Маца бина ахь и болх?
– 1999-чу шарахь компьютерни вариант йира ас, электронни кепе берзош болх. Ткъа цул хьалха куьйгайозанан болх бен бацара сан. Доцца аьлча, 20 шо ду ас Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхина.
– Жамлайла, хьуна хьехархочунна санна, башхалла гой студенташна, дешархошна химин Iилма нохчийн маттахь дIахьехарехь?
– Берашна ул-уллехь хIоттийна Менделеевн таблицин оьрсийн а, нохчийн а варианташ гича, мелла а атта хуьлу шайна гуш йолу элемент хIун ю, иза муха ю, иза муха хIоттаелла ю кхета. Химин элементийн таблица нохчийн матте йоккхуш бина болх шена са яккха бийр бац. Иза вайн халкъан дуьхьа бина бу. Тахана массо а кхетар вац ас лелочух, амма и болх бина хилар дозалла лоруш зама а йогIур ю аьлла, тешна ву со.
Со аспирантурехь доьшуш волуш, тхо 4 аспирант дара цхьана тобанехь, 2 йоI а, 2 кIант а, лаьзги а, даьргIо а, кIант – жIайхо а, со – нохчи а. Хьехархо даьрг1ий вара. Цо минот мокъа ца юьтуш, хаьхкина дара тхо. Аудиторин у тIехь сиха яздан дезара. Химин тIедахкарш чехка кхочушдан дезара. ЖIайхо массарел дика доьшуш вара, иза Казань гIалахь цIечу дипломаца университет яьккхина вара. Цхьана дийнахь таблицин юкъара цхьана элементан цIе йицъелира цунна. Шена тIедиллар делча, катоьхна, сан карара таблица схьаийцира цо. «ХIара хIун ю?» – хаьттира цо. «Иза нохчийн маттахь таблица ю-кх», – элира ас. «Муха?!» – инзаре, цецвелира иза. – Шун шайн маттахь а ю Менделеевн таблица?», – юхаверза ца туьгуш, цецваьллера иза.
Таблица ас айса йина аьлча а, со а, таблица а пайда боцчу йолу-кх аьлла, цундела: «Иза тхан маттахь йолу дукха хан ю!» – олу ас. Магомедов Магомед Магомедович вара иза. «Как я вам, чеченцам, завидую», – элира цо. «Мел хала ду шуна даха, амма шу ирс долуш ду, суна а лаьара нохчий хила!».
– Жамлайла, цхьанхьа зорбанехь хилла буй ахь бина болх?
ТIом дIабаьллачу хенахь, 2000-чу шерашкахь литературин «Орга» журналехь зорбанехь хилла ю таблица. Суна-м гонорар а елира (воьлу иза).
ТIетоха догIу, Жамлайлас Къилбаседа-ХIирин пачхьалкхан химин факультет яьккхича, юха Дагестанерчу хьехархойн институте деша хIоьттира иза, амма шолгIачу курсехь цунна Iамо дисина хIумма а дац аьлла, иза аспирантуре дехьаваьккхира. Иза а тIехь дика чекхъяьккхира цо.
Маглаевс болх бечу мехкадаьттан университетан химин кафедрин аудитори чохь оьрсийн маттахь йолчу Минделеевн таблицин уллехь дIатоьхна нохчийн маттахь йолу таблица а ю. Жамлайлас хьоьхуш йолу хими ца Iама, ца кхета йиш яц аьлла хийтира тхуна цуьнан дарсехь 10–15 минот яьккхича.
Iаш-вехаш Соьлжа-ГIалахь ву иза. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллица кхиийна доьзал а бу цуьнан. Иза 3 йоьIан, 1 кIентан да ву. Жамлайлин 55 шо ду. Иза Iилманан кхоллараллин новкъахь болх дIаболало хан бен яц.
Луур ду цуьнан дахарехь, балхахь, Iилманехь аьттонаш, кхиамаш хуьлийла..

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап