Menu


Шуна евзий, нохчийн меттан WWW.UROK95.RU сайт?

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн мотт Iамо лаам болчарна, гIоьнна аьлла схьайиллина йолу республикин «Урок.95» дешаран интернет портал дукха нахана йовза кхиъна а, нохчийн маттехула долу хаарш тIедуза пайдехь майда хилла а, шена меттиг баьккхина портал ю. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон официальни сайта тIехь 2014-чу шарахь хилира «Урок.95» портал схьаеллар, ткъа болх мелла а жигарабаьккхина 2015-чу шарахь дуьйна дIахьош бу министерствон хаамийн службо.
Карарчу хенахь «Урок.95» порталан куьйгалла деш Магамшарипова Фатима ю. Министерствехь Фатимица хиллачу цхьаьнакхетарехь сайтан белхан хьелаш гар а, белхан Iалашонех лаьцна довзар а хилира тхан.
– «Урок.95» дешаран сайт Нохчийн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзана тIедилларца схьайиллина ю. Сайтан чулацам даима а тергонехь латтош, оьшучохь накъосталла деш ву Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал.
Сайтан коьрта Iалашо: вайн къоман, нохчийн, ненан мотт шайна Iамахьара, шайн тIаьхьенашна биц а малахьара бохучу ойланца болчу нохчашна а, нохчийн мотт бовза лууш волчу муьлххачу а стагана а гIо дар ю. Нохчийн мотт а, литература а, истори а, къоман гIиллакх-оьздангаллин хаарш довза луучарна интернет гIо-Iамат ю хIара портал. Нохчийн мотт а, литература а, истори а, къоман гIиллакх-оьздангаллах дерш довза луучарна оьшуш ю хIара портал, – билгалдаьккхира Ф.Магамшариповас.
Сайтан балхана леррина йина студи ю чохь тоьлла хьелаш долуш. Литература Iалашъян йийбар а, видеоурок дIаязъян техникин тоьлла гIирс а болуш. Урокашкахь дакъалаца геннарчу кIошташкара схьабогIучу хьехархошна садаIа йитина меттиг оьшуш хилар а диц ца динера министра. Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин дешаран а Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, ша а нохчийн меттан хьехархо а волуш, чIогIа тIера ву нохчийн маттаца доьзна дечу дикачу гIуллакхна. Болх бар доцург дуьсуш хIума а доцуш, дика вовшахтоьхна яра сайтан студи.
«Урок.95» порталехь масех дакъа ду, уьш нохчийн меттан, литературин, этикин, историн, тест-ловзаран дакъошкахула хаарш тIедуза аьтто беш долу дакъош ду. Карарчу хенахь бина болх а боккха бу. Масала 1-11 классашна лерина нохчийн маттехула видеоурокаш дIаязйина бевлла. Ерриге дIаязйинарг лакхарчу классашна 200 а, лахарчу классашна 600 а, ерриге а 800 урок ю.
Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаменто а, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институто а доккха дакъа лоцу сайтана оьшуш йолу материалаш вовшахтохарехь хьехархой тIеозош. Сайтана накъосталла до Дешар кхиоран институтан, хIинца Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата. Сайтан болх дIахIотторан низам иштта ду. Масала, 1-чу классашна – 53, 2-чу классашна – 29, 3-чу классашна – 44, 4-чу классашна – 43 урок йина. ХIора тема цхьацца хьехархочунна дIало. Хьехархочунна 1 бутт хан ло шена кхаьчначу темина конспект язъян. Церан белхаш толлу 10 стагах говзанчех-экспертех вовшахтоьхчу тобано. Баттахь толлу цара хьехархойн белхаш. ТIаккха видеозапись йо. Хьалхарчу классашна 5–6 минотана а, лакхарчу классашна 7–8 минотана лерина еш ю урок. Ала деза шайн къоман мотт Iамо аьтто беш видеоурокаш луш йолу сайт Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь бен яц ерриге а Къилбаседа Кавказан федеральни округехула а.
Лакхахь ма-аллара, нохчийн маттехула йолу урокаш дIаязйина бевлла сайтан белхахой, хIинца кхи дIа нохчийн литературехула урокаш дIаязъян кечамаш беш бу. И болх товбецан (сентябрь) баттахь дIаболо дагахь а бу. Оьшуш болу методикин гIирс болуш бу студехь. Сайтан жигара дакъалацархой-гIоьнчаш бийца аьлча, Ф.Магамшариповас бовзийтира нохчийн меттан а, литературин а хьехархой. Уьш бу: Пайтаева Хадижат (Шеларчу №4 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), Нухаева Зарган (Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), Джамиева Сахьабат (Соьлжа-ГIалин №8 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо). Сайт схьайиллича дуьйна болх беш ю и кхоъ. Иштта, жигархой бу нохчийн меттан а, литературин а хьехархой: Чемирзаева Яха (Соьлжа-ГIалин Н.Назарбаевн цIарах №1 йолчу лицейн нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), Хасаров Рамзан (Соьлжа-ГIалин №54 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), Ильясова Зина (Соьлжа-ГIалин №42 йолу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо), Абулханова Аза (Соьлжа-ГIалин №2 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо ), Абуева Товман (Соьлжа-ГIалин №56 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо). Царах Пайтаева Хадижата оцу сайтах лаьцна, иштта, элира: «Шайн къоман маттах дог лозу нах вовшаххуттуш, юкъахь лаьтта тIай ду «Урок.95» сайт».

ХИЗРИЕВА Зайнап