Menu


Дешар кхиоран институтах

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт йина Дерригдуьненан ЮНЕСКО организацис дуьнен тIера дIадевр долчу меттанашна юкъахь нохчийн мотт а хила тарло аьлла дIахьедар дира 2010-чу шарахь. Оцу хаамо, цхьана агIор жимма самдаьхча санна а хийтира вай. Амма тайна, диканиг а дара оцу хаамца доьзна. Нохчийн мотт буьйцуш боцурш а тIехь иза халахетта, боьхна хьовзар. Гой шуна, хезча а ца дезало вайна и санна дерг, ткъа иза бакъ хилла дIахIоттахь, вайх цIе бен юьсур а яц. Нохчийн мотт бийцарой а, къоман гIиллакхаш леладарой а гойту хьо схьаваларан къоман бух. Делахь хIета, замано гайтина вайна кхечу къаьмнийн меттанашна хилларг. Къоман мотт Iалашбарехь хIумма а ца деш IадIийча Далла гергахь нийса хир дацара вай. Мотт дIабан кхерам вайна бац аьлла чIагIо ян генара таро а яц вайн. Шен къоман маттах хиндолчух дог лозуш болчеран лазам бу иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла дешнаш: «Вай декхарийлахь ду вешан къоман мотт ларбан а, иза шен исбаьхьаллица тIейогIучу тIаьхьенашна дIакховдо а» мехала ду.
Нохчийн мотт кхиорехь, Iалашбарехь дина а, деш а кIезиг гIуллакхаш дац Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIора шарахь билгалдоккху Нохчийн меттан де. Нохчийн меттан хьехархошна а, дешархошна а юкъахь конкурсаш дIахьош ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а, иштта, Культурин а министерствош а, Яздархойн союз а, Iилманийн академи а, Дешар кхиоран институт а. ЦхьамогIа пачхьалкхан учрежденеш ю нохчийн мотт кхиорехь а, Iалашбарехь а, тIекхуьучу чкъурана иза марзбарехь а къахьоьгуш. ТIаьхьарчу шерашкахь нохчийн маттахь йолу дешаран а, исбаьхьаллин а литература зорбане ялар алсамдаьлла. Юха зорбане яьхна нохчийн классикийн книгаш. Политика, пачхьалкхехь болу дIахIоттам хийцабаларе хьаьжжина хийцина школашкара Iаматаш. Уьш карлайохуш, Дешаран Федеральни стандартийн барамца дIанисъеш къахьоьгу Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахоша. Институтан директора Умхаев Хьамзата куьйгалла деш йолу Iилманан белхахойн коллектив дика ларош ю шайна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала тIедохкучу декхаршца.
ХIокху деношкахь хаза кхаъ хилла нохчийн мотт безачийн юкъараллина. Нохчийн Республикин Правительствон омранца «Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтана, «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт» аьлла, цIе тиллина. Омранна куьг яздина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.
Лакхахь ма-аллара Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан белхан коьрта Iалашо ю нохчийн мотт кхиор а, Iалашбар а.
Карарчу хенахь цуьнан директор ву нохчийн меттан говзанча а, историк а волу Умхаев Хьамзат. Институтехь къахьоьгуш вайн республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а, дозанал арахьа а бевзаш болу Iилманчаш, яздархой бу.
Царна юкъахь бу филологин Iилманийн докторш Овхадов Муса, Джамбеков ШаIрани, педагогикин Iилманийн кандидат Яндарбиев Хьамзат, филологин Iилманийн кандидаташ: Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим, Эдилов Салавди, Хажбекарова Марет, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса, яздархо Айдамирова Машар, нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, литературин «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина, республикин «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахой: Дудаев Султан, Тутаева Сацита, Дашаева Лайлаъ, Абдулкадырова Раиса, Хунарикова ПетIамат. Иштта, историн декъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш: историн Iилманийн доктор, профессор Багаев Муса, философин Iилманийн доктор, профессор Акаев ВахIид, историн Iилманийн кандидат Исаева Роза, иштта кхиберш а. Дала тIаьхье беркате еш, нохчийн дош а, къоман гIиллакхаш а Iалашдарехь, марздарехь беркате, йоккха хазна юкъаюьллуш болу, нохчийн мотт безачийн лараме туш хилла лаьттийла Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан кхерч!

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап