Menu


Ден хьехаман новкъахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Хьехархо… Бакъволу хьехархо... Ц1ена а, оьзда а хила еза цуьнан ойланаш, къинхетаме хила деза дог, ч1огг1а собаре а хила веза шен чолхечу, амма синна безаш хаьржина белахь, беркатечу новкъахь.
Дуккха а бу дахарехь тийна-таь1на, ц1арна доцуш, берриге а шайн ницкъаш белхан корматаллина д1абелла, дешархошна хаарш делла ца 1аш, уьш г1иллакхе-оьзда 1амош къахьоьгуш схьабог1у хьехархой. Царех цхьаъ ю тахана Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Доларчу дешаран центрехь болх беш йолу Момуева Хеда Даутовна - ненан меттан а, литературин а хьехархо.
Замано болар хийцарах терра, керла декхарш х1иттина дешаран 1илманан декъехь болчу къинхьегамхошна хьалха. Х1етте а оьмаран сихачу боларна т1аьхьа ца юьсуш,шен хьехаран некъаш кхиош-карладохуш, тодеш схьайог1у Хеда. Тайп-тайпана урокаш йо цуо: кьовсадаларш, ловзарш, кхоллараллин урокаш ишта кхин д1а а. Урокехь пайдаоьцу х1етал-металех, хаар-зиерех, кхиболчу гайтаман г1ирсех а. Кьаьсттина мехалчех лору цуо тидамбаран кеп, иза хьекъал-кхетам кхиорехь пайдехь йолу дела. Хьехархочун г1оьнца жима таллархо хуьлий д1ах1уьтту цуьнан дешархой. Царех дуккхаха берш республикански олимпиадашкахь, 1ил манан-практически конференцешкахь а, «Къона поэт», «Тоьлашха йолу сочинении» конкурсашкахь дакъа лаьцна а, дукха хьолахь толаман меттигаш яьхна а бу…
Хеда Момуева дуьххьара суна евзина Соьлжа-г1аларчу лоьмар 7 йолчу гимназехь. Цхьаьна белхаш деш, цуьнан урокашкахь нисъелла сих-сиха.
Нохчийн мотт уроке нисъелира со цкъа Хедин… 7-чу классан дешархой бара урокехь дакъалоцурш. «Й - элпан нийса язъяран бакъонаш» тема яра. Урок д1аяьхьира туьйранан кепахь. Интернет-ресурсех, интерактивни уьнах пайдаэцар мел мехала ду гайтира хьехархочо… Муха йолу ца хууш д1аелира хан.
Мацах Л.Толстойс билгал ма-даккхара, бакъволу хьехархо ву шен болх безна а ца 1аш, оцу берашна чу садиллина, уьш дезаш верг. Берашна Хеда Даутовна езаш хилар гойтура церан серлаевлла яххьашка, хаарех ца 1ебаш нуьре къегачу б1аьргашка хьаьжча. Жигара дакъалецира бераша урокехь…
Дукха хан д1ало Хедас классал арахьарчу урокашна а. Т1ех ца туьлуьйту цхьа а деза де. Цхьаьнакхетарш до къоман поэташца, яздархошца, могшалла ларъяран белхалошца, имамашца.
Деккъа хаарех лаьтташ долу 1илма пайдехь дац цуьнца цхьаьна син-оьздангалла, г1иллакх-г1уллакх кхиош дацахь. Цундела юьстах ца буьту дай-наной а. Дай-наношца сих-сихха цхьаьнакхетарш хуьлу. Уьш кхойкху классал арахьарчу мероприятешка.
Шех тешийна къона т1аьхье Делах кхоьруш, хьарам-хьанал къасто хууш кхиор Далла хьалха декхар лоручех ю Хеда. Ларамаза а дац цуьнан иштта хилар. Иза схьаяьлла г1иллакх деза лийринчу нохчийн ширачу яртех йолчу Махкат1ехь. Кху юьртара схьабевлла дуккха а яздархой, 1илманчаш: Билал Саидов, Нунуев Сайд-Хьамзат, Цибиев Ахьмад…Махкат1ехь баьхна Хедин оьзда дай а. Кхузахь дуьххьара школе яхана Хеда,кхузахь д1аболабина шен хьехархочун некъ а.
Адаман оьздангаллин орамаш доьзалера схьахуьлу,шеко йоцуш. Хедас хьехархочун болх хаьржиний хиъначул т1аьхьа дас Дауда х1ара хьехар дира йо1ана: «Сан йо1, ц1ена а, хьанал а болх бу ахьа хаьржинарг, амма ч1ог1а жоьпаллин бу. Дайша-наноша а, 1едало а хьох тешийна, хьуна хьалха ховшийна хир ду бераш. Уьш вайн къоман т1аьхье ю, кхане а. Нагахь ахьа бан ма-беззара болх ца бахь, Дала хьайга делла 1илма цаьрга д1акхачош, уьш нийсачу новкъа бохуш, диканиг хьоьхуш, вочух ларбеш, къа хьоьгуш ца хилахь церан къа хьарчаран кхерам бу хьуна, амма бераш дезаш, царна хьо а езаш, хьайн болх безаш, Далла хьалха а айхьа т1елаьцнарг доккха дукъ дуйла а хууш, хьо хилахь, дуьненахь синпарг1ат а хир ю хьо, Эхартахь ялсамане а хир ю хьуна. Дика ойла яй, хьайн даге ладог1ий къастабелахь болх». Муьлххачу а хьехархочунна дан мегар долуш дика, мехала хьехар ду х1ара. Хедас кхочуш а дина, ала мегар ду, ден хьехар. Цунна тоьшалла ду, хьехархочунна тийлина дуккха а Сийлаллин Грамоташна юкъахь, «Нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъа лацарна а, Нохчийн меттан Дезчу денна лерина а» аьлла йолу цхьа Грамота вайн Мехкан куьйгалхочун Рамзан Ахматович Кадыровн ц1арах хилар.
Билгалдаккха лаьа: Момуева Хедин хьехархочун корматталла хилла ца 1а, иза кхоллараллийн адам ду. Шен дуьххьара байташ шен Дена лерина язйина Хедас:
- Сан йо1, д1алацалахь цхьа дика хьехар, - элира соьга цкъа дас.
- Дуьненахь мел дукха яхарх,
Г1иллакхех ма йохалахь.
Дац хьуна цул деза х1ума,
Ялсамане иза бу некъ.
Хилалахь комаьрша, мерза,
Оьзда а хилалахь хьо …
К1еззиг дакъа дац йо1 - хьехархо кхиорехь Ненан а. Шен х1усамехь даим а марзо латтош, дика нана а, тешаме х1усамнана а хилла лаьттинчу цунна яздина х1ара мог1анаш ду Хедин байташна юкъахь:
– Мел дукха ойла ярх, листарх сайн дахар,
Хьол хьоме ца карий цхьа а стаг, Нана!
Сан Нана, даггара баркалла хьуна,
Дахаран нийса некъ хьехарна суна…
Х1окху шина адамо биллина Хедин кийра нохчийн матте, халкъан ламасташка безам, ткъа Хедас и марзо комаьрша д1акховдайо шен дешархошка. Эрна ца хилла Ден-ненан доьзал иманехь кхиор.
Къомах къам дийриг Хьехархо ву, ткъа нохчийн меттан хьехархо иттаза хьакъ ву сийлаллин уьна т1еязван. Цуо мотт кхиорехь, иза баржорехь хьоьгу къа дайн г1иллакхийн хьоста лардарна т1едоьг1на хиларна. Цундела даггара декъалъян лаьа т1едог1учу Нохчийн меттан денца шен беркатечу новкъахь, хьанал къахьоьгуш, схьайог1у Хеда Даутовна Момуева а, иштта массо а Нохчийн меттан хьехархой а. Дала сийдойла Ненан меттан хьурмат лардечу массо а адаман, Дала декъала дойла шу Ненан меттан денца!

АБУБАКАРОВА Пет1мат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных