Menu


Плагиат чекх ца елира

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ВорхIолгIачу классехь тхо долуш, дешаран шо юкъа долучу хенахь керла йоI еара тхан классе. Себила эр вай цуьнах. ЧIогIа хаза яра Себила, чIогIа тайна яра. Классехьь массарел а жима волу со а цхьаьна цуьнга безам бахана вара. Амма тхоьца доьшуш волу кхин кIант велира хьалха. Эр вай цуьнах Бешто.
Урок дIаяьлла шолгIачу уроке дахале, со юьстах ваьккхина эли цо:
– Себилига кехат яздехьа сан цIарах. Хьуна хаа ма хаьа, диктант хала а, атта а ас язъярх, сочинени соьга язлуш цахилар.
Цу заманчохь жим-жимма баккхийчийн книгаш еша волавелалчу суна герггарчу хьесапехь хаьара безам баханчу кIанта йоIе хIун яздан деза. Ткъа хIинца доттагIчунна вас ца ян, каде хьовза везаш вара со. Буьйсанна охьахиъначу ас цхьа-ши сахьт далале сайна гергахь дуьненахь уггаре а нуьцкъала кехат язди безамах дуьйцуш. Мухха дийцича а, сайн дахарехь ас дуьххьара яздина кехат дар-кха и.
Хьалхарчу урокана горгали тохале ларий со и кехат Бештога дIадала. КхидIа хIун хуьлу хьоьжуш Iаш вара со. Амма Iаламат хуьлуш гучудолуш дацара – Себилин юьхь тIехь зIаьнарш ца яьржара я беттан нур а ца хаалора. Амма цкъа сайга и цхьа тамашийна схьахьаьжча, со эхь хетта охьа а таьIна, парти кIел куьйгаш а лаьцна, пIелгаш кегдан вуьйлира.
КхолгIачу Iуьйранна юха а со юьстах а ваьккхина, кехат яздар дийхира Бештос. Юха а буьйса яйъира ас кехат вовшахдетташ…Цул тIахьа кхин цкъа а, кхин а… ТIаккха Себила дIаяйра, дIаяхара.
Цул тIаьхьа бIешеран деолгIа дакъа а тIехтилира. Тхайца доьшуш хилла цхьа кхин кхийти соьх Соьлжа-ГIалахь.
– Гергарчу нахе ваханера со, – боху кхуо. – Суна мила гира алахьа?!
– Схьадийца.
– Себила. ДагайогIий хьуна и?
– ЙогIу дера!
– Цо хIун бохура хаьий хьуна?
– ХIун?
– Ахь шега безам буьйцуш кехаташ а яздеш, буха Бештон цIе язйора бохура…
Цу мIаьргонехь сайн хилла ойла хIинца дага а ца догIу суна, амма Бешточух гIуллакх ца хилла-м хазахийтира суна. Билггал…
ИЦЛАЕВ Iабдулла
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат