Menu


Нийсаяздаран бакъонаш тоярехь керла гIулч

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Тахана лелош йолу нохчийн орфографи кхачамбацарш долуш хилар а, и кхачамбацарш дIадахаран некъаш а нохчийн меттаIилманчаша теллина а, Iилман статьяш тIехь, конференцешкахь дуккхазза дийцаре дина а ду. ТӀаьхьарчу шерашкахь орфографин хьокъехь болх къаьсттина жигара дӀахьуш бара Нохчийн Республикин Ӏилманийн академехь.
Оцу проблемица йоьзна яьхначу тӀаьххьара гӀулчех масех къасто йиш ю:
1. 2015-2017 шш. нохчийн меттан нийсаяздаран кхачамбацарш тайп-тайпана Ӏилманан цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира. Оцу цхьаьнакхетарийн жамӀех деша аьтто бу Академин а, пайде семиотикин декъан а сайташ тӀехь (https://anchr.ru, http://ps95.ru).
2. 2016.02.26 дӀаяьхьначу НРӀА Президиуман кхеташонехь нохчийн меттан нийсаяздарехь бан тарлун цхьаболу хийцамаш билгалбехира.
3. Цхьаьнакхетаршкахь ийъинчу хаттарех а, диначу жамӀех а конференцехь йийцаре ян материалаш вовшахтуьйхира. И конференци 2016-чу шеран июнь беттан 21-чу дийнахь дӀаяьхьира, нохчийн тоьлла журналисташа, хьехархоша, яздархоша, Ӏилманчаша дакъа а лоцуш.
Цул сов, Нохчийн Республикин Ӏилманан академин белхахоша орфографин декъехь тайп-тайпана талламаш дӀабаьхьна, оцу талламийн буха тІехь материалаш зорбане а йохуш.
Лакхахь билгалбаьхначу белхаш тIехь а, семинарашкахь а чIагIйина коьрта принципаш хIорш ю: 1) [й] аз хезачохь массанхьа а «й» элпаца билгалдар: йалта, йуьззина, билгалйелира; 2) дифтонгаш [ие], [уо] шина элпаца билгалъяр: диеша, дуогIа, киерт, куорта; 3) шеконца [оьв], [ой] хезачохь «оьв» яздар: коьвнаш, доьвза, хьоьвсира; 4) мукъаззий, мукъий элпаша билгалден аьзнаш ца эйта хIоттош йолу къасторан хьаьрк массанхьа а хIоттор: дайъа, ойъу; 5) терахьдешнийн кепаш кхолларехь орамера мукъа аз горгалун принцип ларъяр: уьтталгӀа, пхоьалгӀа, шуьйтталгӀа. Иштта дукхахболу Ӏилманчаша билгалдоккхуш ду нохчийн маттахь деха мукъа аьзнаш билгалдохуш цахиларо новкъарлонаш еш хилар. Амма оцу декъахь тайп-тайпана некъаш дийцаре динехь а, и тӀеэцча дика хир дара аьлла хилла сацам бац.
Нохчийн меттан нийсаяздаран хьокъехь дӀаяьхьначу шуьйрачу конференцехь къобалйинчу оцу принципашка хьаьжжина, 2017-чу шарахь Академехь Джамалханов З.Д., Мациев А.Г. хӀиттийначу бакъонийн керла редакци кечйира (хьовса: http://ps.gknu.ru/wp-content/uploads/2013/02/Нохчийн-меттан-орфографин-бакъонаш.pdf).
Амма оцу талламийн жамIашка хьаьжжина бина хийцамаш бац нохчийн маттах пайдаэцаран декъехь. Цу гӀуллакхан терго а йина, оцу декъехь болх дӀахӀоттор шена тӀелаьцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун хьалхара заместитель волчу Байсултанов Идриса. ХӀоттийначу Ӏалашоне кхача Нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташона юкъаозийна керла декъашхой. Иштта оцу кхеташонан декъашхойх нохчийн меттан цхьайолу бакъонаш нисъян а, нохчийн меттан нийсаяздаран дошам хӀотто а белхан тоба вовшахтоьхна. Цу юкъа бахна Нохчийн Республикин Ӏилманан академера а, лаккхарчу дешаран учрежденешкара а Ӏилманчаш, нохчийн маттахь араюьйлучу изданешкара журналисташ. Белхан тобанан коьртехь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президент Гапуров Шахрудди ву.
Масех баттахь болх а бина, орфографин бакъонийн керла редакцин проект хӀоттийна белхан тобанан декъахоша. Иза июль беттан 18-чу дийнахь НР Правительствехь дӀадаьхьначу Нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташонан цхьаьнакхетарехь йовзийтира, йийцаре а йира.
Лакхахь билгалъяхна хиллачу коьрта принципех керлачу проекто тӀейожош ерг кхоъ бен яц: хезачохь массанхьа а [й] аз «й» элпаца билгалдар (долахь цӀерш а, оьрсийн маттехула тӀеэцна дешнаш а юкъардовлу оцу бакъонна); мукъаззий, мукъий элпаша билгалден аьзнаш ца эйта хIоттош йолу къасторан хьаьрк массанхьа а хIоттор; рогӀаллин терахьдешнаш кхуллуш, церан хӀоттамера мукъа аз горгдалар.
Шеконца [оьв], [ой] хезачохь хьалха санна «ев» яздеш кеп йитира, вайн меттан йозанехь чӀагӀделла ламаст лардеш, хӀунда аьлча оцу кепо кхуллуш цхьа галморзахаллаш я шалхонаш яц. Иштта проекто тӀе ца дожадо дифтонгаш язъяр. Дифтонгаш йозанехь билгалъяхаро дуккха а хӀума нисдийр дара орфографехь а, орфоэпехь а, амма нохчийн меттан йозанах пайдаоьцуш волчу юкъарчу вахархочунна йозанан хатӀ хийцадаларо кхолла тарлучу халонех ларбелла проектан авторш. Делахь а, дифтонг билгалъяккхаро йоза аттачу доккху аьлла хетачохь и язъян некъ буьту керлачу бакъонаша.
Орфографи тӀехь бан беза болх оцу принципашца боьзна боцург а бара. Масала, цхьадолу дешнийн хоьттина, къаьстина я дефисца яздар ду нохчийн маттахь тексташца болх бечеран хаттарш кхуллуш. Иштта цӀердешнийн цхьайолу дожарийн кепашкахь нисло галморзахаллаш (масала: ламиш я ламеш, предложених я предложенех, республикин я республикан и. д. кх. а). Цхьана хорше дерзийна дац хандешнийн цхьайолу кепех, цхьадолу цӀерметдешнийн, терахьдешнийн нийсаяздарах, причастийн кепех хаттарш. Оцу хаттаршна кхоччуш жоьпаш дала хьаьвсина Ӏилманчаш шайн балха тӀехь.
Проектан авторша билгалдаьккхира, орфографи тӀехь болх бечеран, коьрта Ӏалашо хӀинццалц хилла кхачамбацарш ма-хуьллу лахдар а, нохчийн маттахь йоза-дешар мелла аттачу даккхар а хилар. Иштта, цара хаийтира, керлачу бакъонаш тӀехь йозанан хатӀ хийццал баккхий хийцамаш бина цахилар а. Цу тӀехь бина болх – иза коьртачу декъана хӀинццалц билгалдаккхаза хилларг къастор, тайп-тайпана дошамашна, Ӏаматашна тӀехь тайп-тайпана лелош долу хӀуманаш цхьана хорше дерзор ду.
Иштта цу балхана куьйгалла деш волчу Байсултанов Идриса билгалдаьккхира, орфографехь бен хийцамаш цхьана дийнахь беш цахилар, тӀаьххьарчу Ӏалашоне кхача дешаран учрежденешкахь а, издательствошкахь а болх дӀабахьа безаш хилар а.
Кхеташонехь барт хилира, цхьана батта чохь культурин а, дешаран а, хаамийн гӀирсийн а белхахошка бина болх бийцаре а байтина, церан хаттаршна жоьпаш луш, цхьаьнакхетар дӀа а даьхьна, тӀебогӀучу баттахь нохчийн орфографин керла редакци тӀеэца.

Айшат БАДАЕВА