Menu


Иллех илли даккхал говза яц-кха...

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн мотт! Сан ненан а, ден а, сан ворх1е ден а мотт! Дуккха а дийцина хьох лаьцна, дуккха а хьо хестош иллеш а декийна. Хьан лазам буьйцуш мохь-орца а даьккхина, хьох къахеташ узам а хазийна. Хьан хазаллин, к1оргаллин доза цахилар а дийцина. Еккъа со цхьаъ йисиний-те хьох илли даккхаза, хьох йоккхаер дуьненна а д1акхайкхоза. Хьуна хастаман илли даккхаза… Амма Иллех илли даккхал говзалла яц-кха соьгахь!
Ас х1ун ала хьох, ас х1ун ала хьоь, Нохчийн мотт! Масла1ате къамел дай вайшимма? Масла1ате къамел… Хийла сайн цатам суо-сайца литта х1оьттича, ахь соьга деш ма-хиллара, масла1ате къамел… Ненан къинхетам санна аьхна ма хилла хьо суна даима а, ден дозалла санна синъайаме а…
Хьан куьг а лаьцна ма йоьссина со аганара, хьан озаца ма девзина суна дуьне а.
Ма дукха хилла-кх хьох дагайийлар, ма дукха хилла-кх хьох цецйийлар а! Ахь бен кхин цхьамма а лур боцу тешам а, ахь бен кхин цхьамма а хьоьхур доцу гечдар а хьоьгара ма 1емина… Дин а, 1адат а, г1иллакх а хьоьгахула девзина. Эхь-бехк боху дош а хьоьгахь зеделла…
Вай кхоьллинчу Даллий, суний бен хаза йиш йоцуш, айса сайца деш долу къамел а хьан озаца дина. Хьан аз ду сайн бехкана къера хила со 1амийнарг, оьг1азло яшийнарг, б1аьрхиш дакъийнарг… цу б1аьрхиш
юккъехула со елийнарг а…
Хьан озаца дара кхетамо схьалоцуш дуьххьара Делан ц1е йоккхуш хазар... Цул т1аьхьа устазийн хьехамаш а, назманаш а - хьан 1аьнарца дара… Т1аккха киншкашца гергарло тасаделча ма дукха доттаг1ий гулбира ахь! Даиманна а дагахь латта бисина уьш, церан масалш, хьекъале къамелаш… Уьш бара халкъан иллийн, дийцарийн, туьйранийн, исбаьххьаллин киншкийн турпалхой.
Т1аккха, жимма дахар довза доьлча даста долийра кицанийн, забарийн маь1наш…Цул т1аьхьа байташца гергарло… Масане хези и сих кхеташ, ц1ий кхехкош, ойлане вохуш, юха б1аьрхи доккхуш, дог мокхазал а ч1аг1ден дешнаш… Уьш хьан дешнаш ма дара, нохчийн мотт…
Хьан дешнаш, хьан хат1, хьан са… Цундела, нохчийн мотт, хьо соьгара хастамаш оьшуш ма ца хета суна-м.
Мелхо а, со ю-кх хьоьгара г1о оьшуш, хьох тийсалуш, хьох хадахь г1орасиз юьсур йолуш… Ахь хьоьстуш схьаялош ма ю со… Ахь адам хила 1амош ма ю…
Нохчийн мотт, дукха ду-кх хьан беркатах дийца, хьан сийлаллех кхайкхон…
Хьох дан дозалла доцуш а ма яц со, б1аьрг хиларна кхоьру-кх… хьо дош ца хетачийн хьаг1 яхарна а кхоьру!
Хьан лазамаш ца гуш, хьан чевнаш ца лозуш а ма яц со… Уьш хьуна яз ца ян ца юьйцу-кх… хьан даь1наш ца к1аргдан… дарбанна хьоьга хьан дикаллех а дуьйцуш…
Хьуна масла1ат лоьху-кх, цкъа мацах, дукха я к1еззиг шераш хьалха, сан некъаш кегалуш, «хиллачийн, хиндолчийн дозанехь цхьалха цхьаъ йисича» сан ненан озаца ахь суна дина масла1ат санна.
Дагадог1ий хьуна х1етахь ахь аьлларг? «Уггар хьалха хьайна хьуо мила ю хаа, ткъа кхид1а дерриг а чот яц…» И ду-кх сан хьоьга ала а!
Ткъа хьуна пебетташ волчо бийриг шена эшам бу, байттамал ала-м хьан орца оьшур ду цунна…
Нохчийн мотт! Декъала ву-кх хьоьца уьйр теснарг! Декъала ву-кх ахь уьйр лаьцнарг!

Петирова Пет1амат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных