Menu


Нохчийн мотт синтезан системе берзош бу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Даккхийчу ниIматех ду Iилма а, йоза а, дешар а. Царна тIекхиа оьшуш берг мотт бу. Вайна ма-гарра вайн заманахь говзаллаш компьютершка, роботашка, нейронашка йирзина. Масала, цомгаш хуьлу вай, больнице дахча дагна кардиограмма йоккхуьйту. Цхьа а адам кхетар дуй-те олий хеташ долу тамашийна сизаш хьекхна кехат схьало вайга. Кардиограммин мотт вайна ца хаьа, амма цунах дика кхета кардиолог, терапевт. Вай буьйцу мотт а, меттан аьзнаш а ду меттан хьаьркашка дерзалуш. Мотт нейронан йозане баккхар ду-кх кхечу дешнашца аьлча.
Нохчийн мотт синтезан системе берзийна аьлча а бакъ хетар дацара хьалха, амма и кхиам хилла, АллахIан гIоьнца и болх кхочушбина Нохчийн Республикин Iилманийн академин пайде (прикладни) семиотикин отделан Iилманан белхахочо, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетан прикладни хаамийн технологийн институтан «Информатика и вычислительная техника» кафедрин лакхарчу хьехархочо Израилова Элисас шен белхан накъосташца цхьаьна. Нохчийн мотт синтезан системе берзо гIерташ цара къахьоьгу 3 шо дара. Мотт синтезан системе берзор хIун ду? Стенна оьшуш ду иза? Оцу дерригенах лаьцна дийца аьтто хилира Израилова Элисин тхоьца хиллачу къамелехь.

Элисас билгалдаьккхира: «Дукха хан яра оха оцу синтезна тIехь къахьоьгу. Нохчийн мотт технологица хилийта, нохчийн меттан дошам терахьийн системе ерзийта, цунна электронни кепаш оьшура. Дерриге а дуьне, къаьсттина вайн заманан кегийрхой, компьютершна тIебирзина хиларна, нохчийн мотт а, йоза а компьютеран матте дерзо деза вай, Iилманан программина тIаьхьа цадисархьама.
Зорбанан йоза доьшурш кIезиг бу, ткъа мотт компьютер чохь хилча, нохчийн мотт ингалсан я японин мотт санна кхуьуш хила беза аьлла хийтира суна. Вай хьахийначу къаьмнаша шайн меттанаш (ингалсан, франкахойн) компьютере берзош бу 1950-чу шерашкахь дуьйна. «Искусственни интеллект» бохург дукхадезаделира суна. Цунна тIебоьду некъ буйла хаьара тхайн сатийсам кхочушбан аьтто бен берг. Нейронни сеташ ю компьютера чохь. Математикин алгоритм ю иза. Цуьнан шатайпаналла муха ю? Иза бер санна Iамалуш ю.
Къамелан технологица нохчийн маттаца болх бина цхьа а вацара хIинццалц. Хала дара тхуна. Цундела бух бацара, тIетевжийла яцара. Интернет яра. Кхечара, ингалсахоша, корейцаша шайн меттанаш талларх лаьцна мел бина белхаш Iамабора, боьшура оха. Къамелан синтезан методаш дукха хиллера. Царах нейронни система яра массара а пайдаоьцуш ерг. Вайн меттан къоначу Iилманчица Бадаева Iайшатаца болх бан йолаелира со. Текст дIайийшира 15 минотехь (ткъа дIаешна хила езарг пхи сахьт дара). Цунах гIуллакх ца хилла,кийча йолу аудиокнигаш лехна, царах пайдаэца дуьйладелира тхо. Нохчийн литературин классикийн говзарш яра оха зерашна схьакъастийнарш.
Нохчийн меттан фонетикин башхаллаш тидаме оьцуьйтуш болх бу бан безаш (дош доца я деха алийтар). Иштта, уггаре а коьрта болх бина – Фонетикин транскриптор программа язйина яьлла. Оха кечйинчу 5 сахьтан аудиозаписехь 3 эзар ах эзар предложени хилира. Уьш фонетикин транскрипторан программица цхьана минотехь латинийн транскрипце ерзийра.
Японин Iилманчаша ма-ярра йира оха иза. Вайн нохчийн маттахь тохар (ударени) даима а цхьана меттехь ду, масала, оьрсийн маттахь хийцало цуьнан меттиг. Талламан болх кхидIа чолхе мел болу а техникин таронаш яккхий йолу компьютер оьшура.
Оцу хенахь мехкадаьттан университетан керла ректор хIоттаво Минцаев Мохьмад. Цо схьайоьллу технопарк санна йолу «Hipark». Мехала компьютерш, техника оьцу цо. Иштта, Академехь болийначу Iилманан балхана оьшуш йолчу компьютерна тIекхочу тхо. Оцу компьютерна 5 сахьтана йолу тексташ Iамайо. 500 000 операци йира оцу текстийн фонемаш компьютерна Iамош.
ХIора фонеман шен хьаьрк (шен сурт) ду. Иза дагахь латтадо компьютеро. Юха и хIора хьаьрк озе ерзайо оцу системо. Видеокарта мелла а ницкъ боккха болуш хила дезара. Компьютеро дIа а ца йойуш, цуьнга 27 сохьтехь болх байтира. Цул тIаьхьа суьйранна ялх сахьт долуш (Нохчийн меттан де тIекхача 2 де долуш ду иза) дуьххьарлера текст дIаелира ас. ГIалаташ дара, амма дIайоьшура текст. Хазахетаран доза дацара. Нохчийн мотт синтезан системе берзийча цуьнга дуьххьара алийтинарг «АлхьамдулиллахI. Далла хастам бу» дара. Боккха кхиам, доккха хазахетар дара иза! Цкъа а, цхьамма а цадинарг дара Дала тхоьга дайтинарг. Со цхьаъ хилла ца Iа оцу толаме кхаьчнарг. Оцу декъехь Iилманан академехь болх беш ю къона Iилманча, филолог Бадаева Iайшат, программисташ Султанов Зеламха, Бекаев Мовсар, Академин прикладни семиотикин заведующи Умархаджиев Салавди».
Элисас дийцинчух физика Iилма девзаш верг а, компьютеран таронаш хууш верг а дика кхетар ву. Вуьшта аьлча, нохчийн мотт синтезан системе берзийна бохург иза «нохчийн мотт ноташка берзийна» бохург ду. Ноташ хьалха ехкича дуьненахь муьлххачу маьIIехь йолчу оркестро симфони дIаолу, иштта, мотт синтезе берзийча компьютеро дIайоьшур ю тексташ а, книгаш а.
Израилова Элиса дуьххьарлера нохчий зуда-программист ю нохчийн мотт синтезан системе берзийнарг. Иза иштта нисдалар а тамашийна хета аьлча, Элисас элира: «Дуьненчохь дуьххьарлера программист а хилла зуда. Иза ингалсан литературин классикин, поэтан Лорд Байронан йоI Лавлейс Ада хилла».
Нохчийн меттан синтезан системах дерг довза аьтто бу х1окху электронни ссылкица https//soundcloud/com/user-33608246.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап