Menu


Кхиаман къайле

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

– Хьан кхиаман къайле стенгахь ю? – гIуллакх дика дIадоьдучу цхьана стаге хаьттина журналиста. – И деха къамел хиларх кхета со, амма доцца аьлча?
– Доцца ала а мегар ду….шина дашца.
– Ши дош? Муьлхарш?
– Нийса сацамаш.
– Ткъа и нийса сацамаш тIе муха оьцу ахь?
– Кхузахь цхьа дош тоьуш ду.
– Муьлхарг?
– Зеделларг!
– Ткъа… и зеделларг муха хуьлу?
Вела а велла, жоп делла стага:
– Кхузахь а ши дош ду.
– Муьлха ши дош?
– ГIалате сацамаш.
Гочдинарг – Петирова ПетIамат