Menu


Ши доттагI

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа шина доттагIчун дар-дацар а хилла, цхьамма тIара тоьхна шолгIачунна. Цо Iовжийнчу доттагIчо, вист а ца хуьлуш, гIамар тIе яздина:
– Тахана сан уггаре а тоьллачу доттагIчо тIара туьйхи суна.
Цхьаьна некъ беш дIавоьдуш, хи тIе кхаьчна и шиъ. ДоттагIчуьнара тIара кхеттарг хи чу воьдуш хилла, амма доттагIчо хьалаваьккхина и. Ша жимма меттавеъча, цо тIулга тIе яздина:
– Тахана сан уггаре а тоьллачу доттагIчо кIелхьараваьккхи со.
Цкъа тIара а тоьхна, юха хIара кIелхьараваьккхинчу доттагIчо хаьттина:
– Ас хьайна бина бохам гIамар тIе язбира ахь, хIинца тIулга тIехь йоза ди ахь. ХIунда?
ДоттагIчо жоп делла:
– Вайна цхьамма бина бохам гIамар тIе язбан беза вай, мехашка и йоза дIадайъийта. Амма вайна цхьамма бина дика болх тIулга тIе язбан беза, цхьана а махе и йоза дIа ца шардайта…