Menu


Дешархочунна хьехам

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шен дешархочуьнца цхьаьна кха тIехула схьавогIуш хилла цхьа шайх. Мачаш го цаьршинна, кха тIехь Iохкуш. Балха веанчу цхьамма йитина хир ю, ша болх бина ваьлча, дIахьур хир ю олий, дагадогIу цаьршинна.
ЦIеххьана цхьаъ дагадеанчу дешархочо шайхе олу:
– Мачаш дIа а лачкъийна, уьш яйна моттийта, ахархо хьовзон, забар ян воллу со. Хьуна хIун аьлла хета? Мачаш дIаяьхьа веача, цунна уьш ца карийча, цо хIун до хьожур ву вайшиъ.
Шайха хьехар до шен дешархочунна:
– Хьуо санна долчу адамна сингаттам баккха мегар дац. Хьо таро йолчу нехан ву. Хьайна самукъаненна ахь цхьа хIума дан мегар ду. Цу мачаш чу ахча а диллий, дIа а лачкъий, цо хIун до хьажа.
Хьехархочо аьлларг тов кIантана. Шина а мачи чу ахча а дуьллий, дIалечкъа и, мачийн да схьавеача, цо хIун до хаа лууш.
Жимма хан яьлча, схьавогIу мачийн да. Уьш кога юьйхича, чохь цхьа хIума хаалой, схьаяьхна хьаьжча, ахча карадо цунна. ШолгIачу мачи чохь а карадо иштта ахча. Цу балхах цецваьлла, дIасахьаьжча, цхьа а ган а ца го. ТIаккха гор а хIуттий, велха а воьлхуш, стигала хьала а хьоьжуш, Делаца къамеле волу и:
– Хастам бу-кх Хьуна, Дела! ХIусамнана могаш йоцуш, цунна дарбанна дан хIума доцуш, мецачу берашна юучунна таро йоцуш, холчохь волчу суна орцахвели-кх Хьо! ХIаллакьхуьлучуьра кIел-
хьарадехи-кх Ахь тхо!
Дикка Iа ахархо иштта Далла хастам беш. Дешархочунна чIогIа дагах кхета и сурт. Ши бIаьрг хих бузу цуьнан.
Шайха хотту:
– Иштта хазахетар дика дац хьуна, и миска хьовзорхьама мачаш дIалеч-
къочул а?
Дешархочо жоп ло:
– Цкъа а бицлур боцу хьехам хили суна кхунах. ХIинца кхийти-кх со «хьо дIалуш хилахь, схьаоьцуш волчул а ирсе хир ву хьо» бохучун маьIнех.
Шайха элира:
– Хаалахь, хIума ялар масех кепара ду хьуна:
Хьайга гечдалучу хенахь гечдар а, сагIа далар ду хьуна.
Хьайн вешина къайлах диканца доIа дар а сагIа далар ду хьуна.
Хьйн вешигара гIалат далахь, цунна бехказло а лехна, цунах йолу вон ойла дIаяккхар а сагIа далар ду хьуна.
Хьайн ваша генахь волуш, цуьнан сий лардар а сагIа далар ду хьуна.

Iаьрбийн маттера гочдинарг – Тимералиев Ахьмад

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных