Menu


Орфографин йоккха дошам хIоттош ю

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан кхерчахь цхьаьнакхеташ ламаст ду нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам вовшахтохараллин тобанан декъашхойн. Вайн махкахь бевзаш болчу нохчийн меттан говзанчех лаьттачу белхан тобано дIахьош бу дошам вовшахтохаран болх. ХIинцале а кхочушдинарг а, дан леринарг а хIун ду а дуьйцуьйтуш тхан цхьаьнакхетар хилира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директоран заместительца Бадаева Iайшатаца.
– Iайшат, нохчийн мотт безаш а, буьйцуш а болчарна Орфографин йоккха дошам оьшуш хилар гучудаьлла дукха хан яра, ткъа и мехала болх Нохчийн мотт кхиоран институтехь бен дIахьойла а дацара. Маца дIаболийна аша и болх? Карарчу хенахь хIун хьал ду, кхиаме буй говзанчийн талламаш? Довзийтахьа Орфографин йоккха дошам вовшахтохаран бахьана хIун дара а, даделларг хIун ду а?
– ДIадаханчу 2019-чу шеран оханан а, хIутосург а (апрель-май) беттанашкахь вовшахтоьхнера нохчийн меттан нийса яздаран бакъенаш тояран белхан комиссин тоба. И болх вайн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кхочушбеш бу. Нийсаяздаран бакъенаш билгалъяхаран болх аьхка хьаьттан (август) баттахь дIаберзийра. И болх дIахьочу хенахь къаьсттина чIогIа хаалуш дара Орфографин йоккха дошам оьшуш хилар. Цхьаволчо ала тарло вай хIинццалц а ма яра А.Мациевн а, кхечу авторийн а дошамаш. Яра, амма царна тIехь, дукхахьолахь, дешан юьхьанцара кеп бен яцара. Масала, хандешан хенан кеп я цIердешан дожарийн кеп бен яцара. Цундела хIинца дошам, оцу хьесапашна тIе а тийжаш, хIоттош ю. ХIора дешан хила тарлуш йолу кепаш ялайо. Масала, деша–ешна–дешна (классан гайтам), хенан кеп ялайо (доьшу–дешна–дийшира). Цкъачунна грамматикин хьесап юьхьарлаьцна болх беш хиларна дошам къамелан дакъошка екъна дIахьош бу. Карарчу хенахь хандешнашца болх беш ю белхан тоба. Хандешнаш дIаяздина, церан кепаш билгалъяьхна довлушшехь цIердешнашна тIехь болх дIаболош бу оха.
– Орфографин дошам хIотторан белхан тобан юкъахь муьлш бу? Болх дIабахьа хьелаш, таронаш юй шун?
– Вайн республикехь нохчийн маттехула къахьоьгуш, зеделларг доккха долу говзанчаш бу тобанехь. Царна юкъахь Iилманчаш, хьехархой, журналисташ бу. Уьш бу: филологин Iилманийн докторш: Овхадов Муса, Халидов Муса, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат, филологин Iилманийн кандидаташ: Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбраьхIим, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин факультетан нохчийн кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат а, со а.
КIирнах цкъа вовшахкхета тхан тоба, ткъа оцу кIиранна чохь хIора а ша тIелаьцна болх беш хуьлу. Интерактивни у тIехь гайтаме боккху тхайн болх. Балха тIехь оха компьютерх боккха пайдаоьцу. Дошам хIотторехь оха схьаэцнарг хандош бен дацахь а, амма схьаэцна, тIехь къахьоьгуш берг боккха гIирс бу. Масех эзар агIо дIалоцуш болх бу иза. Тхуна доккха накъосталла деш Нохчийн Республикин Iилманийн академин программист Султанов Зеламха ву.
– Iайшат, ахь ма-аллара, дийцаре динарг къамелан дакъойх хандош бен дац аша, ткъа дисина дакъош теллина девлча ма йоккха дошам хила еза иза. Дошам цхьана томехь зорбане яккхалур юй хьовх?
– Болх 1-2 томе берзийна Iийр боцуш дукха бу. Шеца дIасалело а доккха тептар хир ду цунах. Цундела электронни кепе берзош, программаш кечйийр ю. Дошаман цхьадолу дакъа зорбане доккхур ду. Орфографин дошаман зорбане йолу верси яцйина хир ю.
– Хенан доза тоьхна чекхбаккха безаш дуй шу и болх?
– Нохчийн меттан нийсаязъяран бакъенаш тояран а, нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам вовшахтохаран а болх шен тидаме эцна, тхан белхан Iуналла деш ву Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис. Цо тхоьга даима а олуш дерг «Дошам хIотторехь оьшуш ерг сихалла яц, цуьнан дикалла оьшучу тIегIанехь хилар ду».
Дошам хIоттор мехала а, жоьпалле а болх буй хууш, оха дIахьочу белхан хама бан хууш ву иза. Иза доккха накъосталла а ду. ХIара 2020-гIа шо чекхдалале довла дагахь ду тхо. Дала дайтинарг дийр ду. Уггаре а коьртаниг, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вайн халкъо нохчийн меттан сий а, пусар а дан лууш хилар ду. Иза дика масал ду.
– Дала аьтто бойла шун! Историн хиламан могIарехь гIуллакх хир ду дошам хIоттийна зорбанехь гар.

Интервью дIаяьхьнарг – ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных