Menu


ТIемаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Воккхастаг хилла некъа йисте хиъна, некъехьа дIахьоьжуш Iаш. Цунна гина вогIу жимастаг, шеца цхьаьна бер а долуш. Некъахочо, саца а сецна, кIанте воккхачу стагана хи а, бепиг а далийтина.
– Хьо хIун деш Iа, воккхастаг? – хаьттина некъахочо.
– Хьоьга хьоьжуш Iа-кх! –жоп дела воккхачу стага. – И бер хьоьх тешна дитина ма ду, дуй!?
– Ду! – цецваларца жоп делла некъахочо.
– ТIаккха хьайца хьекъал хьолахь:
Нагахь санна, стаге хьайна дитт догIийта лаахь, стоьмийн дитт догIийталахь.
Нагахь санна, дин совгIатна луш белахь, тоьлларг лолахь.
Нагахь санна, хьайх тешна бер дитинехь, дIалучу хенахь тIема дала хууш хилийталахь.
– Ткъа муха далийталур ду соьга иза тIема, суна сайна а тIема вала хууш ца хилча? – аьлла цецваьллачу некъахочо.
– ТIаккха ма дита и бер хьайх
теший, юхадерзаде ша долчунна! – аьлла воккхачу стага, стигала а хьаьжна.
ДIадаьлла масех шо.
Воккхастаг, ша хьалха Iийначохь, стигал хьала а хьоьжуш, Iаш хилла. ЦIеххьана цунна гина стигалахь ши адам: хьалха вогIу кIант а, цунна тIаьхьа цуьнан хьехархо а. Шайна воккхастаг гича, лаьтта воьссина и шиъ.
– Воккхастаг, дагадогIий хьуна, айхьа соьга кIант дIалучу хенахь тIемавалалуш хилийталахь аьлла? Суна карийна хьуна иза тIема ваккха агIо. Гой хьуна кхуьнан тIемаш?! – аьлла хьехархочо меллаша куьг Iоьттина кIентан тIемех.
Амма воккхачу стага, хьехархочун тIемех куьг Iоьттина, аьлла:
– Со-м хьан тIемех воккхаве….
Амонашвили Шалва
Гочдинарг – Исакова Бирлант

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных