Menu


Интернето новкъарло ца йо мотт Iамо луучунна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо билгалъяьхначу коьртачу Iалашонех цхьа декхар ду ненан мотт Iалашбар а, иза кхиор а. Цу декъехь болх бар – пачхьалкхан а, юкъараллин а коьртачу декхарх ду тIаьхьарчу шерашкахь. Мотт кхиор а, Iалашбар а хьалхадаьккхина ду. Амма вай дицдан ца деза, нохчий меттан хиндерг, уггаре а хьалха, вайх дозуш хилар. Вай и Iалашбарехь, мотт – халкъан культурин а, историн а бух хиларх вай кхетарехь ю цуьнан кхане. Ненан мотт ларбар вайн декхар ду! ТIекхуьучу чкъурана нохчийн мотт марзбарехь хIун некъаш дика хир дара аьлла, нохчийн меттан хьехархойх дагадевлира тхо.
Даудов Гилани, Соьлжа-гIалахь заьIап бераш Iамош йолчу Пачхьалкхан бюджетни юкъарадешаран «Центр образованин» нохчийн меттан а, литературин хьехархо:
– ХIора къомана бийца мотт белла Дала. Иза Делера доккха ниIмат ду. Мотт – историн цхьа дакъа ду. Нохчийн къоман кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац», – олуш. Мотт дIабаьлча къам дIадолу бохург ду и. Оцу кицано гойту адамийн дахарехь матто йоккха меттиг дIалоцуш хилар. Мотт ларбан безаш бу синкхача санна. Яхь хила еза мотт ларбан а, бийца а. Дика дешарца, Iилма лахарца лелош товш яра яхь а. Нохчийн мотт хьалдолуш хиларца бевзаш бу дуьненчохь. Ненан мотт – иза дахаран хазна ю. Нохчийн маттах лаьцна воккхачу Iилманчас, Кавказан этнографа, академика Петр Карловича Услара ша язбинчу Iилманан балха тIехь кху кепара яздина: «Нохчийн мотт чIогIа къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен гIоьнца адаман ойланан уггаре кIоргера агIонаш а йийцалур йолуш, чIогIа хьалдолуш бу».
Юха а аьлла кхечу оьрсийн яздархочо Л.Н. Толстойс: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Хууш ма-хиллара, вайн меттан лаккхара мах хадийна кхечу къаьмнийн меттан векалша а.
Меттан шорталлин доза дан а дац.
Халахеташ делахь а, тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн маттана генабовлуш бу хIинца тIекхуьуш болу вайн кегийрхой. И кхачамбацар де-дийне тIекхеташ хилар а хаалуш ду. Книгаш ешарца чIогIа ледара бу кегийрхой. Книгашца долу гергарло кхоччуш херадаьккхина ду шайх. И хIун ду-те? Стен новкъарло йо-те? И хаттарш хIуьтту. Кегийрхошна юкъахь нохчийн маттахь арадолучу журналан а, газетан а арайолу лоьмар ларъеш кIезиг хир бу. Керахь йолчу телефонаша бинчу тIеIаткъамо юхабаьхна-кх уьш аьлла а хета. Цу чохь ду церан шадолу хIума. Вайна ма-хаъара, ткъе хьалхара бIешо ду, керлачу технологешца пайдаоьцуш дехаш ду адамаш а, берриге болх а цу чохь бу хIинца, кху заманахь ца хилча йиш йоцуш гIирс бу иза. Дешарна а, мотт Iаморна а, книгаш цаешарна а, къона чкъор юхагIертарна а интернет бехке еш берш хуьлу. Берриге а бехк интернетан а бац. Шех пайдаэца хуучунна пайдаболуш а, ца хуучунна зулам долуш а хIума а ю и, цундела пайденна лелийчахьана цо боккха пайдабохьу дешаран декъехь а, вуьшта аьлча, дерриге а дахарна а. Амма, книгаш ешарна боккха эшам бина цо аьлла хета.
Кхиазхошна мотт цахаарехь цхьа кхачамбацар билгалдаккха луур дара суна, вайн къоман телевиденин каналехь кхиазхошна лерина аьлла, хьажа, нохчийн маттахь арайолуш, гойтуш мультфильмаш яц, иза боккха эшам бу таханалерчу дийнахь. Уьш гойтуш цахиларо а гойту, кхечу меттанаша нохчийн меттан меттиг дIалоцуш хилар. Кхиазхошна, берийн бошмашкахь дуьйна нохчийн мотт Iаморна тIе тидам бахийтича Iаламат дика хир дара. Олуш ма-хиллара: «Жимчохь дуьйна бан беза серех хIоз». «Жимчохь Iемина хIума, тIулга тIе яздина йоза ду». Юха школе бахча, школехь йолчу программина атта тIаьхьакхуьур бара уьш. Вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара: «Нохчийн маттахь ойла ян Iемар дара царна». Шен маттахь ойла еш волчо буьйцу шен ненан мотт.
Бакъду цхьа хIума, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьош йолчу «Урок.95» проекто доккха гIо до нохчийн мотт Iамо луучунна, вайн махкахь а, дозанал арахь хиларх а.
Иштта билгалдаккха лаьа кхин цхьа хIума, республикерчу ерриге а школашкахь нохчийн меттан сахьташ а жимдина ду, хIора школехь а тайп-тайпана сахьтийн барам болуш, хьехаран сахьташ кIезиг хилча, хьехархочо урокехь дан леринарг кхочуш ца дало. Цунна тIе тидам бахийтина, церан барам цхьатерра нисбича дика хир дара.
Нохчийн яздархочун Дудаев Iабдин дешнаш дагадахкийта лаьа: «Схьаэца, хIай нохчо, дешаран къолам, йозанца бакъор вай бодане орам». Яздархочо ма-аллара, дешаран къоламца толаме кхача Iалашо лаца езара хIора дешархочо а. Цкъа а тIаьхьа а ца вуьссу дешарна.
ТIаьххьара ала лаьа Эвлаяа Соип-моллас меттанаш хаарх лаьцна аьлла дешнаш: «Iаьрбийн мотт Iамабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, гIиллакхан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш – шайх хила доллург хIун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт Iамабелаш – бахаман мотт бу шуна иза».
Деша, Iамаде, хаарийн бIов юттур ю вай цхьаьна!

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных