Menu


Тоьллачу хьехархочух дийцар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа философаш хилла шайн хьехархойх лаьцна дуьйцуш.
– Уггаре а тоьлла хьехархо – хьекъале верг ву аьлла хета суна, – аьлла цхьамма. – Уггаре а мехала хаарш сайн хьехархочуьнгара девзина суна.
– Сан уггаре а тоьлла хьехархо – хьекъале киншка хилла. Адамаша гул мел динчу хьекъалан жовхIарш ду киншкаш тIехь, – аьлла шолгIачо.
– Iаламо Iамийна суна хIуманан кIоргене кхача, – билгалдина кхолгIачо.
– Суна дукха хIума Iемина сайн хьехархошкара, кхин а сов Iемина сайн накъосташкара, амма уггаре а дукха Iемина сайн дешархошкара, – къамела юкъавеана хьекъалча.
– Муьлххачу дешархочунна а кIеззиг хаьа шен хьехархочунначул а, – дуьхьало йина философаша.
– Цхьана дешархочо хаьттира соьга: «Ирс хIун ю?» – дийца волавелла хьекъалча. – Ас цунна жоп делира: «Хьан да-нана дийна хилар ду ирс». «Да-нана беран ирс ду, амма адам даима а бер хилла ма ца лаьтта», – тIе ца тайра дешархо. «Ирс – иза могашалла ю», – элира ас. «Могашалла хIаваъ санна хIума ю. Айхьа паргIат садоьIучу хенахь, цуьнан тидам а ца бо», – ойлане элира дешархочо.
«Iаламца уьйр тасарехь дуй-те ирс?» – хаьттира ас юха а.
«Iаламах хьо дIаийначу мIаьргонехь хаало хьуна ирс, амма иштта миноташ наггахь бен ца нисло», – элира дешархочо.
– Дерриге а сайн дахарехь цу хаттаршна жоп лоьхуш ву со, – чекхдаьккхира хьекъалчас шен дийцар.
– Сайн хьехархо волчу ваха деза со, ирс хIун ю хатта, – хьалагIаьттира хьалхара философ.
– Баккъал а, мехала хаттар ду и. Хьекъалечу киншкаш тIехь цунна жоп лаха деза, – элира шолгIачо.
– Iаламан тийналлехь ойла йийр ю ас цу хаттаран, – элира кхолгIачо.
– Ас ала ма элира, уггаре а тоьлла хьехархо – иза дешархо ву, – велакъежира хьекъалча.

Гочдинарг – Петирова ПетIамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных