Menu


«Марша догIийла шу, бераш!»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Хьехархо дуьххьара класса чуваьлча, цуьнга леррина хьовсу берийн бIаьргаш. «Мила ву хьо? Муха ву хьо? Хьох теша мегар дуй?» – иштта хила мега церан аз доцу хаттарш. Иттаннаш берийн бIаьргаша зуьйш ву хьехархо, цунах дерг толлуш. Мел хала ду и зер! Хьоьга хьоьжурш хIокху дуьненчохь уггаре а цIена, уггаре а хаза, уггаре а бехке доцу бIаьргаш ду! Хьуна хала ду церан хьажарх чекхвала. Амма оцу зерах чекх а ваьлла, бераша хьо тIеэцча, уьш хьох теша а тешна, хьо царна шайн уллерниг хетча, хьол ирс долуш хьехархо хир вуй те?
Иштта ойланаш йийцаре еш, дIадоладелира Шелан кIоштарчу Чуьйрин-Эвларчу коьртачу юкъарадешаран школин юьхьанцарчу классийн хьехархочуьнца Абдулшахидова Хьава Нуридовница сан хилла къамел. Хьава кху школехь болх беш йолу 12 шо ду. Цо, дийнахь деша а доьшуш (очно), 1994-чу шарахь чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан юьхьанцарчу дешаран педагогикин а, методикин а факультет. Дешна ма-елли, балха яхар ца нисделира Хьаван – доьзалан хьашташа а, 1997-чу шарахь хеназа хIусамда кхалхаро а новкъарло йира ша дуккха хенахь сатийсинчу балха араяла. Амма 2009-чу шарахь шен лулахь йолчу Чуьйрин-Эвларчу юкъарадешаран школе хьеха яхара къона говзанча.
– Соьга елларг кхоалгIа класс яра, – дуьйцу Хьавас. – Юьхьанца дуьйна айса Iамийна бераш ца хилча, царах йола мелла а хала дара суна. Дерриге а кху балхахь дуьххьара дара суна: бераш, хьехархочун болх, урокашна кечам бар. Цунах вола хало ду. Амма со юхаяла хууш яц, сан амалехь дац дечунна юхаялар, мало яр. Цул сов, суна уллехь болх беш доккха зеделларг долуш хьехархой бара, цара суна гIо дора. Къаьсттина доккха баркалла ала лаьа суна школин директорна Юсупова Сарет Ризвановнина а, завучана Калоева Аза Солтмуратовнина а, юьхьанцарчу классийн хьехархошна а. Церан гIо ца хиллехь, суна Iаламат хала хир дара.
– Хьава хьуьнар долуш, балхана мало ца еш говзанча ю, – дуьйцу школин директоро Сарета Ризвановнас. – Кхуьнан урокехь, самукъадолуш, дика болх бо бераша, цундела церан дика хаарш а ду. Хьехархочо болх, беза а безаш, беш хилча, кхиамаш ца хуьлийла а дац. Школехь тоьллачу хьехархойх цхьаъ ю Хьава Нуридовна.
Иштта Хьавах лаьцна дика дош ала лууш школин хьехархой а хир бу, амма тахана уьш, карантин хиларна, цIахь бу. Делахь а, директоро дина тоьшалла а къаьсттина мехала ду, хIунда аьлча, цунна массарначул а дика хаьа, болх дика беш а, кхиамаш бохуш а мила ву.
Берашца беш болу болх леррина бо Хьавас. Уьш ша хьоьхучух кхетийтархьама хьехаран методикин массо а агIо лелайо. Хьехархочунна гIоьнна дуккха а керла гIирсаш бу таханлерчу школехь. Хьаван кабинета чохь интерактивни у а, гайтаран шортта гIирсаш а, компьютер а гира суна. Урокехь ша царах боккха пайда оьцу, боху хьехархочо. Замане хьаьжжина ма ду хьехаран гIуллакх а. Цхьана хенахь, 30-40 шо хьалха, кабинета чохь проектор хилча а, баккхийбеш хуьлура хьехархой, ткъа хIинца-м массо а тайпа гIирсаш бу, ур-атталла мел генарчу лаьмнашкарчу школехь а тIехь. Технически агIор школашна деш доккха гIо ду Iедало. Бераш а ма дуй хIинца кога ирахIуьттушехь телефонаш а, компьютерш а кара а оьций, дIадуьйлалуш. Цундела хьехаран гIуллакх а керлачу хьелашкахь вайн заманан лехамашка хьаьжжина ца хилча ца долу. Иштта электронни а, гайтаран кхечу а гIирсех боккха пайда оьцу Хьавас ша урокашна кечам бечу хенахь.
Кест-кеста районехь а, республикехь а хуьлучу хьехархойн корматаллин конкурсашкахь дакъалоцу кху школера хьехархоша. Царна юкъахь Хьава а ю, къовсалуш. Иштта, 2015-чу шарахь «Шеран хьехархо» цIе йолчу конкурсехь Шелан районехь хьалхара меттиг яьккхира Хьавас, кхечу школашкара ша санна болчу хьехархошна юкъахь толам а баьккхина. Иза цуьнан белхан, корматаллин говзаллин жамI ду. Ша массо а хенахь хьанал къахьегарна баьккхина Хьавас и толам. Уьш цуьнан дахарехь кхин а хир бу, Дала мукъ лахь. Иза ша динчух тоам а бина, цхьа-ши толам баьккхича, тоьар ду аьлла, соцур йолуш яц. Цунна, массо а хенахь хьехархочун говзалла лакхайоккхуш, керланиг Iамош, белхан жамIаш кхин тIе а тодеш, берийн хаарш алсамдохуш, къахьега лаьа. Иштта го Хьавана шен белхан декхар. Цу кепара къахьега цуьнан хьуьнар а, дог-ойла а, лаам а бу. Ткъа уггаре а коьртанаиг: шен болх а, бераш а дукхадеза цунна. Цундела ма ю иза тоьлла хьехархо, кху школехь хилла ца Iаш, кIоштахь а.
Хьавас шен дешархошна, мало ца йойтуш, къахьега Iамадо. ЦIахь урокашна кечам а бой, схьабогIу уьш школе, тIаккха урокехь болх бан царна атта хуьлу. Ца кхетарг урокехь а, урокаш чекхъевлча а Iамадо хьехархочо, уьш кхетталц хьоьху царна. Кхуьнан классера бераш ийзалуш, цахуург хатта ца хIуьттуш ца хуьлу, хIунда аьлча хьехархочо дуьххьарлерчу урокашкахь дуьйна шайна юкъара дуьхьалонан доза дIадоккху, бераш кхунна тIедоьрзу, кхунах теша, хIара къаьсттина уллера хета царна. ТIаккха церан дешарх самукъадолу, царна деша лаьа, хIунда аьлча, берашна шайн кхиамаш го, хьехархочо шайн белхан дика мах хадийча, кхин а дика жоп дала а, урокана кечам бан а дог догIу церан. Хьаван урокашкахь шатайпа хьал хуьлу, болх барца цхьаьна берийн самукъадолу хIума до цо. Уьш доьлуш хуьлу, цхьа забаре хIума дийцича, наггахь берел а чIогIа ша а йоьлу хIара. Иштта хила а веза вайн заманан хьехархо – берашца цхьаьна, церан хазахетар а, халахетар а доькъуш.
– ХIора бер жима адам ду, воккхачун санна дог-ойла а, шен хене хьаьжжина хьекъал-кхетам а, гонахарчу дуьненах хаарш а долуш. Вай наггахь, ойла ца еш, берана халахоьтуьйту, цуьнан жима дог дохадо. Мел хала ду цунна шена везачуьнгара – ненера, дегара, вешера, йишера – халахетар лан. Дукха хьолахь беран бехк а боцуш, цуьнгара даьлла доккха хIума а доцуш, цунна таIзар ма до воккхачо. Ткъа цуьнга иза лан ца ло, халахетар цуьнан жимачу кийра ца тарло, дог доьхна, ша ван а ма велара хIокху дуьненчохь олий, ойла хуьлу беран. Вайн массеран а бере терго а, ларам а хила беза, иза жима дара аьлла, сийсаздан мегар дац. Дагахь латто деза иза жима адам хилар, – дуьйцу Хьавас.
Ша берашца бен а йоцуш хилалур яцара, боху хьехархочо, хIунда аьлча уьш шена хьоме ду, шенаш санна. Царна ша еза лаьа шена, уьш лакхарчу классашка а, школера дешна бевлла а дIабахча, ша царна дагайогIийла а, шена уьш тIедогIийла а лаьа шена, боху цо.
– Кху деношкахь сан цхьана дешархочо смс-хаам баийтина сан телефона тIе, шен школина а, хьуна а сагатделла аьлла. Цул доккха совгIат хир дуй хьехархочунна? Сан дешархо со ган сагатделла ву, цунна школе ван лаьа, мел доккха хIума ду иза, ойла ехьа! – йоккхае Хьава. – Иза ма ду хьехархочун балхахь уггаре а мехалниг, уггаре а диканиг – бер хьуна резахилар, цунна хьо везар!
Хьаваца къамел деш, суна дагавогIу гуьржийн хьехархо-Iилманча, академик Шалва Амонашвили. Цуьнан хьехаран а, кхетош-кхиоран а методикех тера ю Хьаван берашца болх баран методика: берийн къайлаха болу синан ницкъ гучубаккхар, иза паргIатбаккхар, бер къовладелла долчуьра дастадалийтар, иза урокехь ша ма-дарра хилийтар, цуьнан школех, хьехархойх озадалар дIадаккхар, бер кест-кеста хастор, цо мел жима динарг а тидаме эцар, цуьнан дуьненах долу хаарш шордар, массо а хиламах шен дог-ойла а, ала дош а хилийтар. ТIаккха беран кхоллараллин ницкъ гучуболу, цуьнан кхиар паргIат хуьлу, иза хIума ала кхоьруш ца Iа, иза нийса хир ду я дац ца хууш, цунах вуьззина юьхьша (личость) хуьлу. Ткъа цул мехала хIун ду хьехархочун балхахь, нагахь цо берех, шен дог-ойла а, ала дош а долуш, адамаш кхиош хилча?
Хьавас берашца бен болх чIогIа нийса бу аьлла, хета суна. Диначунна тIехь тоам бина Iаш яц хьуьнаре хьехархо, иза шен белхан говзалла тоеш, цу тIехь массо а хенахь болх беш ю. Ша семинарашкахь гуттар а дакъалоцу, ткъа шен ерриге а урокаш йиллина ю, боху цо. Милла а шен уроке ван лууш верг чуван йиш йолуш ву.
Иштта ю иза, Чуьйри-Эвларчу коьртачу юкъардешаран школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Абдулшахидова Хьава Нуридовна, дика адам, дика хьехархо. Цунна хаьа ша бен болх эрна боцийла, хIунда аьлча, цо иза леррина бо, цуьнан дика кхиамаш бу, ткъа уггаре а коьртаниг: бераш дукхадеза цунна, уьш дика хаарш долуш а, ирсе а хила лаьа цунна.
Ша школехь болх бечу хенахь дуккха а совгIаташ делла шена, боху Хьавас, школин, кIоштан куьйгалло а, юьртан, кIоштан администрацино а, тайп-тайпана юкъараллин организацеша а, амма уггаре а деза совгIат берийн а, церан дайн-нанойн а шеца йолу уьйр-марзо, церан ша дечунна баркалле хилар ду шена.
Дерзош, сайна дуккха а хьалха хезна, цхьана йоIа шен нене аьлларг дало лаьа суна. Цхьана дийнахь школера цIа а еана, жимачу йоIа аьлла, нанна мара а кхетта: «Вай, мама, тхайн хьехархо санна, хьо дукхаеза-кх суна!» Нана санна, берана дукхабезаш хьехархой алссам хуьлийла вайн школашкахь! Царах цхьаъ Чуьрийн-Эвларчу коьртачу юкъарадешаран школера Хьава Нуридовна хиларан шеко яц!

АРСАНУКАЕВ Муса
Суьрта тIехь (аьрру агIор):
Абдулшахидова Хьава

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных