Menu


Шен дешан да хилар – къонахчун амал

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Къонахчун амалехь ца хилча ца долуш хIума ду – шен дош лардар. Дешан да хилар бохург дош шалха цадалар, иза кхочушдар бохург ду. Цкъа делла дош юхаэца йиш яц къонахчун, хIунда аьлча, дош ца лардинчу стеган къонахалла шеконе йолу тIаккха, цунах болу тешам жимло, цуьнга болу ларам а байло. Цундела ду къонахчунна ша делла дош лардар сел сийлахь а, деза а. Мел хала шена делахь а, дош кхочуш ца дича ца волу бакъволу къонах.
Халонаш тIехIиттича, шен даша тIера стаг волуш велахь, иза къонах вац. Ишттачу стагаца юкъаметтиг хила нахана луур дац..
Тахана къаьсттина дукха нисло стага шен дош дохош, цу тIера юхаволуш меттиг. Хала хеташ делахь а, вайн заманахь хуьлуш хIуманаш ду уьш. Масала, дика лелаш воцчу жимачу стага дош ло шен гергарчарна, ша кхин айпе хIуманаш лелор дац олий. Амма иблисан хазачу зурманах Iеха а лой, юха а вочу новкъа тIе волу иза. Ткъа цу некъан чаккхе дика ца хуьлу – цо галваьлларг жоьжахатин цIерга кхачаво. Иштта тIаьхьало хуьлу делла дош лар ца дича.
Дош даларан а ду шен некъаш. Хьайга далур доцу гIуллакх, дийр ду аьлла, тIелацар сонта хIума ду. Ницкъ цакхочург дийр ду алар стеган хьекъал цакхачар я иза шех тIех сов бIобулуш хилар ду, шен бакъдолу хьал а ца хууш. Сихвелла делла дош а, сихаллехь дина гIуллакх а тIаьхьало йолуш ца хуьлу. Ишттачу хIумано стаг юьхьIаьржачу хIоттаво. Цуьнгара яьлла цхьайолу ледарло велла дIаваллалц, эхьан томмагIа хуьлий, тIехь юьсу, нагахь дош дохийна я дечу хIуманан ойла ца еш цо иза ялийтинехь. Муьлхха а ледарло ларамза, хьан синкхетам ца кхочуш яла а тарло. И санна долчунна-м, хьан бехк боций хиъча, уллерачара гечдо. Ишттаниг хьахош а, дуьйцуш а ца хуьлу – берриге а и ледарло сиха йицъялийта гIерташ хуьлу. Оцу хIуманна тIехь а гучудолу нохчийн оьзда гIиллакх – стеган бехк бацахь, цунна гечдар а, цунна тамехь доцу хIума хьеха ца дар а.
Вайн дайша чIогIа лардина халкъан гIиллакхаш, шайн схьадовлар а, лелор а оьздачу буха тIехь хилла долу. Дош далар а, иза лардар а ма ду нохчийн гIиллакхашна юккъехь коьртачех цхьаъ. Цу гIиллакхо хадош ма бу къонахчун мах. Хало а Iаьвшина, шен дош лардинарг гуттар а хилла сийлахь халкъалахь.
Вайна юкъахь олуш ду, гIиллакх, оьздангалла, яхь, дешан да хилар ворххIе а дегара схьадогIуш ду. Иштта дан а ду иза. Дера, шайн оьзда, яхь йолуш дай хиллачара церан цIе йожор ма яц, нагахь шаьш жимма а церан сий а деш, уьш лара а лоруш, царах дозалла а деш Iаш белахь. Вайн дайша шайн хаза, оьзда, гIиллакхехь леларца дахарехь дIадаха некъ битина вайна. Вайн декхар хIун ду? Церан сий лардар, церан цIе ца йожор, церан иэсана хьакъ хилар. Мел хала хIума дац вайгара оьшуш дерг: оьзда лелар, гIиллакхах ца вохар, хьо хьанах схьаваьлла, мила ву хаар, ледарло яларх ларвалар.
Нахана юкъахь дош дIа а лелаш, ларам а болуш деда я да шен доьзалехь волчу жимачу стагана мел атта ду дахарехь. Цаьргара масал схьаэцчахьана ма ваьлла иза. Цуьнан дай наха лоруш хилча, хIара ша а лорур ву цара, дайн сий а ца дойуш, церан цIе а ларъеш, схьавогIуш велахь. Кхуьнан дашах а тешар бу, хIунда аьлча, хIара оьздачу нахах схьаваьлла ву, шайн дош дош долчу къонахех. Дайша некъ битина кхунна, иза дIакхехьа стаг хIара хилчхьана. ТIекхуьучу тIаьхьенаша къаьсттина тидаме эца дезаш хIума ду иза: дайн сий лардар, церан сийлахь цIе ца йожор. Иштта цу тIехь лаьтташ ма ю вайн нохчийн вад, цунах хуьлуш ма бу нохчалла боху кхетам а.
Вай ца гIерта вешан къам массарал а тоьлуш ду ала. Дала адамаш цхьабосса кхоьллина, беснашца бен башхо йоцуш.
Цхьа къам вукхул тоьлуш ду алар нийса хир дац. Делахь а, меттанашца, Iер-дахарца, дахаран хьелашца, ламасташца, исторехь нисбеллачу хиламашца вай вовшех къаьсташ ду. Амма адамашна юккъехь лелаш долу, Дала делла гIиллакхаш массо а къаьмнийн цхьаьнадогIуш ду: вовшийн дезар, ларар, къинхетам хилар, гIо-накъосталла дан
кийча хилар.
Вайн къомана юкъахь гуттар а лелла долу ламасташ, гIиллакхаш лардар вайн коьрта декхар ду, хIунда аьлча, царна тIехь лаьттина ду вайн халкъан дахар..

АРСАНУКАЕВ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных