Menu


ХIуманна вицвалар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Кибернетикин да лоруш волу Норберт Винер хIуманна чIогIа вицлуш хиларца гIараваьлла хилла. Цуьна доьзал керлачу хIусаме схьакхелхича, хIусамнанас шайн адрес яздина кехатан цуьрг йиллина цуьнан буьмаьштик чу – цунна вуно шера хаьара хIусамдена цIа богIу некъ бицлур буйла.
Оццу дийнахь балхахь цIеххьана цхьа керла ойла шена коьрте хьаьвзича, буьмаьштига чуьар кехат схьа а эцна, цIеначу агIор масех формула а язйина, тIаккха уьш нийса цахиларх кхетча, и кехат дIакхоьсси-
на Норберта.
Шек а воцуш, суьйранна балхара араваьлла и, шайн хьалхалерчу адресца цIа вахана. Амма дIакхаьчча кхетта и ша гIалатваьлла хиларх. Ураме а ваьлла, дIасахьоьжуш хилла и…
ТIаккха цIеххьана цхьаъ дагадеана, дехьо лаьттачу жимачу йоIана тIе а вахана, элира цо:
– Бехк ма биллалахь, со дагавогIуш хила а тарло хьуна. Профессор Винер ву со. Тхан доьзал кхузара дIабахана. Тхо стенгахь Iаш ду хаьий хьуна?
ЙоIа цуьнга леррина ла а доьгIна, жоп делира:
– ХIаъ, папа! Хьуна и дицлур хиларх тешна яра мама…
Гочдинарг – Петирова Пет1амат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных