Menu


Африкехь бина болх. Дагалецамаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Сентябрь баттахь тIуьна, йочане мур чекхбалаза хуьлу Малхбузен Африкехь. Океанан йистехь Iуьллучу Гвинея-Бисаухь къаьсттина чIогIа хаало тIуналла. Сел чIогIа Iаьткъинчу малхе а дIа ца яккхало иза. ХIокху хенахь догIанаш кест-кеста ца оьху, делахь а догIуш дерг инзарваллал чIогIа хуьлу.
Цхьана дийнахь тхаьш дехаш долчу корпусан арки кIелахь хевшина Iара тхо цхьацца дуьйцуш. Тхан тидам хилале, стигал кхоьлина дIахIоьттира, Iаьржачу мархаша дIа а лаьцна. ГIеххьа мох а белира. ЦIеххьана, стигал ятIош санна, чIогIа тата а доккхуш, стелахаьштиг туьйхира. ДогIанан даккхий тIадамаш охьаэга дуьйладелира. Цкъа хьалха гIеххьа дан доладелла догIа, дуьхьалара хIума дIаяьккхича санна, шуьйра а, стомма а чухчари хилла чухецаделира.
Гонахара шадолу хIума къайладаьллера, схьагуш дерг догIанан хи бен доцуш. Хинан дуькъалла тхан цIенна ши метр уллехь лаьтта доккха дитт ца къаьстара. Иза инзаре болх бара! Суна дуьххьара гуш дара и тайпа сурт. Цхьаммо дийцича а, атта тешар волуш хIума а дацара хIара. Дерриг а дуьне хи а хилла дIадаьлла моьттура – оццул чIогIа догIура догIа. ХIокхунах олу и «тропически догIа».
Адам гIаш я машенахь дIасадахалур аьлча, бакъ хир дацара. Цхьатерра охьадогIучу догIанан гIовгIа яра гонах хезаш. КIел куьг лаьцча, стиглара хи мело дара.
Эха сахьтехь деанчул тIаьхьа догIа лагIделира. Эххар иза дIатийра...
Делкъанна, малх лакхабаьлча, дIасалела адам а лагIло, массо а IиндагI лоьхуш хуьлу. Оцу хенахь масех сахьтана дахар дIатоь: дIакъовлу туьканаш, белхан учрежденеш, тайп-тайпана офисаш. Базаршкахь йохкархой а, эцархой а къайлабовлу, къинхетам боцчу малхах дIаловчкъий. ГIалин урамашкахь наггахь бен йоьду машен а ца го, берийн гIовгIанаш а дIатоь. Иштта дукха хан йоццуш ног етташ, кхехкаш, детталуш хилла дахар лагIделла, малделла, набарна тевжина го. Хаац, бIешерашкахь дуьйна схьадеана, кху Африкин лаьтта тIехь Iаламо шен къепе дIахIоттийна, цхьана роже далийна дахар хир дара-кх иза.
Эххар а тхан белхан хан дIайолаелира. Со шина меттехь хьеха дезаш вара – гIалин йистехь йолчу школехь берашна а, тIемахIордан базехь салташна а. Ас царна Iамош берг оьрсийн мотт бара, ткъа юкъахь буьйцург португальски бара. И мотт Африке дIадахале Ленинградехь 10 баттахь Iамийнера оха леррина йолчу курсашкахь.
«Кхузахь болх дIа муха гIур бу-те? Дешархоша тIе муха оьцур ву-те?» – боху синтемза ойланаш гIуьттура сан коьртехь.
Амма дерриг а дика дIадоладелира. Оьшу дешаран гIирсаш а болуш бара, хьеха а суна хаьара, цундела башха яккхий халонаш яцара сан балхахь. Ткъа бераш, схьагарехь, массанхьа а цхьатера ду, кIайн, Iаьржа я можа чкъор долуш хиларх.
Сан дешархой чIогIа схьаийна бара, массо а хIуманан духе кхиа гIертара уьш. Юьхьенца чIогIа къахьийгира ас Нохчийчоь мичахь ю а, нохчийн Iер-дахар, гIиллакхаш муха ду а дуьйцуш. Географица гергарло дика ца хиларал сов, Африкерчу сан дешархошна хала дара шайн дагахь вайн махках сурт хIотто: лаьмнех, хьаннех, хих. Дика ца кхетара уьш кхузахь Iа а хуьлу, ло а догIу аьлча. Иза царна телевизор чохь бен ца гинера. Ас сайца яьхьна вайн махках лаьцна альбом а, цхьацца суьрташ а дара, цара дика гIо дора урокехь.
Вуьшта, берийн чIогIа самукъадолура эшарех. Уроке магнитофон а еана, оьрсийн тайп-тайпанчу мукъамашка ладоьгIуш, эшарш Iамош болх бича, доккха ловзар хуьлура царна.
Гвинея-Бисаухь школашкахь дешаран шо кхаа декъе декъало, хIора декъах треместр олу. Массо а классашкахь треместран талламан белхаш язбо. Дешаран шо чекхдолуш, экзаменаш ло хIора предметана. Хьехархоша, цхьана а тайпана озабезамаш ца беш, леррина толлу дешархойн хаарш. Нагахь цхьаъ я масех экзамен дешархочуьнга дIа ца ялалахь, уьш кхин цкъа а дIало тIедогIучу шарахь, дийнна шарахь церан предмет юха Iама а еш. Лакхарчу классашкахь дешархоша шайн лаамца цхьадолу Iилманаш алсамо Iамадо. ХIора классехь (лакхарчу классашкахь) Iамош долу Iилманаш а, царна лерина хан а тайп-тайпана хила а тарло.
Дешар мах боцуш ду, амма лаахь а, ца лаахь а деша бохуш, цхьа а хьийза ца во Iедало.
Гвинейцийн доьзалш баккхий бу, 8-10 кхин сов а бер хуьлу церан. Делахь а, шаьш мел хала дахкахь а, берашка, къаьсттина кегийчаьрга, дешийта гIерта дай-наной. Бераш кхиорехь, муьлххачу а цивилизованни халкъо цаьргара масал эца а мегар долуш, хаза ламасташ ду гвинейцийн.
Тайп-тайпана этнически тобанаш ю гвинейцийн: мандинга, фульбе, сусу, орула, иштта кхин а. ХIора тобанан шен мотт а бу, амма юкъахь буьйцуш берг креольски мотт бу. Иза, меттигера а, португальски а меттанаш иэделла, хилла мотт бу. Делахь а, хуучара хала мотт бац боху иза Iамо а, кхета а. Пачхьалкхан мотт португальски бу Гвинея-Бисаухь. Дукхахболчу гвинейцашна, йоза-дешар хуучарна къаьсттина, дика хаьа и мотт.
Вовшийн муьлхачу этнически тобанера ду дика хаьа меттигерчу бахархошна: духарца а, маттаца а, юьхь-сибатца а.
Вовшашца хьошалла лелош самукъадолу гвинейцийн. Хийрачу махкара нахаца а гIиллакхе, цаьрга ларам болуш а бу уьш. Дуьхьал кхетча маршалла леррина хотту цара. Иза дика а, деха а мел хаьтти, шеца къамел деш верг ларар ду церан.
Гвинейцаша шайн аренашкахь кхиош, лелош дерг, коьрта долчу декъана, дуга ду. Денна бохург санна, цара дууш ду иза. Нагахь иза жижигца я чIераца кечдина делахь, хIусамехь деза де ду ала мегар ду.
Амма стоьмийн къоьлла яц кхузахь. Шеран муьлххачу хенахь а кхуьуш ю бананаш, папайя, кокосаш. Апрелехь, майхь кхуьу манго, ананасаш, кажу, апельсинаш. Массо а стоьмаш, мерза хиларал сов, шатайпа чам а, хьожа а йолуш хуьлу. Дукхахдолу стоьмаш акха кхуьу. Ткъа цIеношна уллехь, керташкахь, кхиайо, масала, бананаш, папайя. Дукха хьолахь табанкин корашна хьалха дIаюгIий хуьлу папайя. Стоьмаш массо а меттехь духкуш ду кхузахь: базаршкахь, туьканашкахь, урамновкъахь, ур-аттал квартирийн неIаршка а кхоьхьу. Дукха Iуьйранна луларчу ярташкара я гIалин йистера стоьмех доьттина боганаш я тускарш кортош тIехь а долуш, схьабогIуш го зударий а, бераш а. Ши куьг мукъа доллушехь, коьрта тIехь хьо гвинейцаша мохь. Иза церан къоман культурин цхьа башхо ю.
Дуьххьара Бисаун базара кхаьчначунна цхьа шатайпа спектакль хета кхузара хьал. Бес-бесарчу сурсаташа а, тайп-тайпанчу хIуманаша а къарзйина хуьлу базар. ХIора йохкархо шегахь йолу хIума массерачул дика а, хаза а ю бохуш, чIагIонаш еш хуьлу. Мах буьйцуш, къовсуш чIогIа самукъадолу гвинейцийн.
Базаршкара дахар шатайпа хатI а, сурт а долуш хIума ду кхузахь. Цхьаберш шайн доьзалшца чертех йинчу лаппагIанаш чохь кIиранашкахь а, беттанашкахь а Iа кху базаран кертахь, йохка-эцар а лелош.
Къола деш гучуваьллачунна луьра таIзар до гвинейцаша. Цундела хIума лачкъор башха даьржина дац кхузахь.
Iер-дахар чолхе ду кху пачхьалкхерчу нехан. Ярташкарчу бахархошна Iедало лело латта ло, амма и дIаден а, цу тIехь ялта кхио а техника а, гIирс а бац церан. Ткъа куьйгашца дукха хIума кхиалур дац. Цундела шайна даъал ялта а доьй, цунах тоам бо ахархоша. Тайп-тайпана артелаш а, кооперативаш а ю ярташкахь, масала, плантацешкахь стоьмаш а кхиош, уьш пачхьалкхана дIалуш. Церан кIеззиг техника а, цхьацца оьшу коьчалш а ю. Амма ерриг а пачхьалкхехь вуно кIезиг ю и тайпа артелаш.
Ледара хьал ду гIаларчу бахархошкахь а. Белхан меттигаш дукха яц – болх массарна а ца кхочу. Кегий нах банк йолчохь я яккхийчу туьканашна уллехь валюта оьцуш, духкуш лела, са йоккхуш.
Амма, олуш ма-хиллара, шуьйра гIулч йоккхуш йогIу капитализм кху къоначу пачхьалкхехь. Цуьнан баххаш хIора денна бохург санна кIарглуш, чIагIлуш схьадогIуш ду кхузахь. Дуккха а пачхьалкхаш а ю кху махкахь шайн йохк-эцаран векалаллаш схьайоьллуш а, кхуза шайн ахча чудохьуш а, гвинейцашца юкъаметтигаш чIагIъеш а. Кху къечу а, жимачу а пачхьалкхан кхиарехь тIаьхьалонна дIадолийна дуккха а керла хIуманаш ду: гIишлошъяр, юьртабахаман сурсаташ вайн заманан технологица кхиор, керла предприятеш схьаеллар, къона говзанчаш кечбар. Хьалха Советски Союзе санна, деша бахка шовкъ йолуш кегийрхой дукха бац хIинца Гвинея-Бисаухь. Дукхахболчарна Европе а, Iамерике а баха лаьа. Цигахь дешна говзанчаш лакхара лору кхузахь, белхан меттиг а, хьелаш а, алапа а дика хуьлу церан.
Ткъе итт шо хьалха Гвинея-Бисаухь хьехархочун болх беш айса яьккхина хан беркате, нахана пайдехь яра аьлла тешна а, дегайовхо йолуш а ву со таханлерчу дийнахь.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных