Menu


Сан корматалла: хьехархо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Бераллин хенахь вай массо а хуьлу сихха даккхий хила сатесна. Баккхийчеран дахар самукъане а, токхе а, ирсах дуьзна а хета вайна. Царах масал эца лууш хуьлу вай, леларца а, духарца а царах тардала гIерта. Баккхийчара бечу балхе марзо кхоллало, уьш санна, хьехархой, лоьраш, художникаш хила лаьа вайна.
Жима йолуш дуьйна хьехархо хила лууш яра Идалова Киса. Цунна Iаламат чIогIа безабеллера хьехархочун болх. Ша йоьалгIачу классехь йолуш, шайна хьеха еара оьрсийн хьехархо Воронина Валентина Ильинична, бохуш дуьйцу Кисас сан шеца хиллачу къамелехь. Цу хьехархочо оьрсийн мотт а, литература а хьоьхура ЧIишкарчу берашна.
Жимачу Кисина къаьсттина дукхаезара цуьнан урокаш. Дешаран ерриге а предметашна дика оценкаш а йолуш, школехь тоьллачу дешархойх цхьаъ яра Киса. Ша исбаьхьаллин литература дукха йоьшуш хиларна а, шен хьомечу хьехархочо Валентина Ильиничнас шен предметашка безам бахийтарна а, кхуо дагца хаьржира оьрсийн мотт а, литература а. ЙоIана хьехархо хила лиира.
Ша ворхIалгIачу классехь доьшучу хенахь шен лаам чIагIбелла баьллера, боху Кисас.
Кхуьнан да, Идалов Саид-Мохьмад, а вара школехь нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хьоьхуш, тIаьхьа школан директор а хІоьттира иза. Цо лакхарчу классашкахь хьийхира КисагIарна.
«Да чIогIа къовламе вара тхоьца, дешархошца. Цо тхуна дика хьоьхура, дерригенах а кхетош, амма хатта а хоттура, цхьаьнга а озабезам а ца беш», – дуьйцу Кисас.
Школехь болх бан Киса Чуьйрин-Эвлахь йолаелира. Кхузара юккъера школа Шелан к1оштахь тоьллачех цхьаъ яра, хьехархойн йоккха коллектив дикачу говзанчех лаьттара.
Царна юккъехь доккха похIма долуш а, шайн болх безаш а хьехархой бара. Ишттачу нахана юккъе нисъялар шена, хIинцца лакхарчу пионервожатин болх бан йолалуш йолчу къоначу йоIана, чIогIа мехала дара, боху Кисас.
Чуьйрин-Эвлахь шина шарахь болх бича, шен юьрта дIаяхара йоI. Ша дешначу школехь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хилира кхунах. Бераллин сатийсамаш кхочушхилира. Амма говзаллин лакхенашка кхача езара, ткъа цу гIуллакхна леррина долу хаарш оьшура.
Киса Нохчийн пачхьалкхан институте заочно деша йоьду 1985-чу шарахь. Цигахь кхиамца деша а доьшуш, школехь шена дукха беза болх бо цо дуккха а шерашкахь.
Шен юьртахь болх бан йолалуш, йоьалгIачу классехь оьрсийн мотт а, литература а урокаш хьехар тIедиллира кхунна.
Класс чIогIа ледара яра. Берийн хаарш вуно гIийла дара. Кисас цу классехь болх дIаболийна дукха хан ялале кхуьнан уроке школин директор веара. Берийн хаарш цахиларна ша бехке йолуш санна, юьхьIаьржа хIоьттира хIара. ТIаккха, шен ницкъ ма-кхоччу, и класс тIаьхьакхио хьаьжира къона хьехархо. Цо хIора дийнахь, урокел сов, кхин тIе а болх бора берашца. Кхуьнан къахьегар эрна ца дайра – дешархойн хаарш денна а толуш схьадогIура. Дешаран шеран хьалхара дакъа чекхдолуш, кхуьнан уроке юха а веара школин директор.
«Уьш хьалхалера бераш дуй? ХIинца-м суна уьш довза а ма ца девза! Ахь хIун дина царна?» – цецвуьйлура иза.
Школин куьйгалхочо, белхан накъосташа, дай-наноша хастор – иза кхунна мехала дара. Делахь а массо а хIуманал мехалниг – дешархоша дика хаарш гайтар дара. Муьлххачу а хьехархочун белхан гайтам бу иза – дешархойн лаккхара хаарш.
Кисас дуккха а шерашкахь болх бина ЧIишкарчу юккъерчу школехь.
Кхуьнан дешархой вайн республикехь а, Россин кхечу регионашкахь а хьанал къахьоьгуш бу. Царах дукхахберш лаккхара дешар дешна а, дахарехь дика дIанисбелла а бу.
Церан дика кхиамаш хилча, уьш шен доьзалхойн хилча санна. хазахета кхунна.
«Беран уггаре а хаза хан школехь дIайоьдуш ю. Дахаро чахчоза, халонаш ланза, цIена дегнаш долуш, сирла ойланаш, оьзда лаамаш болуш ма ду уьш. Царна школехь Iилма девзина ца Iа, дуьххьарлера дахаран урокаш а евза царна кхузахь, дика а, вуон а къасто Iема уьш, гIиллакх-оьздангалла лело Iема, Даймахке марзо кхоллало церан, нохчийн культура евза.
Школех дозуш дуккха а хIуманаш ду – кхузахь хинволчу гражданинан, патриотан, говзанчин дог-ойла кхиайо. Цунна хаарш ло, шен къоман оьзда векал хила Iамаво.
Оцу агIор школехь болчу хьехархоша хаддаза болх беш белахь, вайн тIекхуьу тIаьхье дика ца хуьлийла дац», – бохуш, шен ойланаш йовзуьйту Кисас. «Хьехархочо къам кхуьллу боху дешнаш чIогIа нийса хета суна. ХIора дешархо кхио веза хьехархочо, цунна хаарш делла ца Iаш, цунах дика адам дан а хьажа веза иза. Цундела тхуна тIехь доккха декхар ду, дай-наношна тIехь долчул а кIезиг а доцуш».
Иштта лору Кисас хьехархочун декхар, цуьнан болх дерриге а халкъана оьшуш хилар билгалдоккху.
Шен къамелехь цо довзуьйту тIекхуьу тIаьхье хьекъале а, оьзда а, Даймохк безаш а хила шена лаар. Иза шен белхан къилба а, коьрта сатийсам лору цо.
«ХIинца болх бан хала дац, – дуьйцу цо кхидIа а. – Хьехархочунна оьшург дерриге а долуш ду: методически пособеш, гайтаман гIирсаш, оргтехника, эххар а – интернет.
ХIинца хьуна оьшу муьлхха а болх интернета чохь карабо – иза доккха хIума ду, боккха аьтто бу. Шен цІахь Iашшехь, говзалла лакхаяккхарехь болх бан йиш ю хьехархочун».
Дуккха а шерашкахь школехь болх бинчу Кисин доккха зеделларг ду, къоначу говзанчашна иза дIалуш, церан хьехамча хилла схьайогIу иза.
Бераш а, шен болх а безаш хьехархо вацахь, цо школехь дан хIума дац, аьлла хета Кисина. Цу тIехь иза бакъ ю.
Ледара говзанча кхераме ву, цо бан ма-беззара болх ца беш, доккха зен до, хьехархо я лор иза велахь-м муххале а.
Киса гуттар а дикане сатесна ю, цунна дахарехь дуккха а халонаш а гина, ши тIом болуш Нохчийчуьра ара а ца яьлла иза. Оцу хенах лаьцна цо дика яздинера хьехархойн кхоллараллин конкурсехь ша дакъалоцуш чуеллачу очерка тIехь. Говза, хаза мотт болуш, хилларг ма-дарра гойтуш, дика говзар яра иза.Цундела конкурс дIахьочу жюрино лаккхара мах а хадийра цу белхан – авторна хьалхарчех меттиг а, совгIат а делира.
Иштта хьанал къахьоьгуш, балха тIехь баккхий кхиамаш бохуш схьайогIу говза хьехархо, дика адам Идалова Киса. И санна хьехархой вайн школашкахь дуккха а хилча, тIекхуьучу тIаьхьенах догйовха хир дара вай.

АРСАНУКАЕВ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных