Menu


Мах хадон сих ма ло

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

«Галдаьлла, хи буха доьдуш дара хIордакема. ХIара стаг а, зуда а мохаца дуьйсинчу жимачу гIикха тIе кхачаделира, амма мел халахеташ делахь а, цхьаъ хаа бен меттиг яцара цу тIехь. Стаг ша гIикха тIе хьалавелира, зуда хIорда юккъехь а йитина. Ша хи буха яхале зудчо шен дахарехь тIаьххьара лаам элира стаге», – иштта дIайолийра хьехархочо кхушеран литературин хьалхара урок.
– Шуна хIун аьлла хета? – хаьттира цо шена хьалха хевшина Iачу берашка. – ХIун элира зудчо стаге?
Дукхахболчу дешархоша шайна хетарг элира: «Суна хьо бIаьрга ван ца веза!», «Ма бIаьрзе хилла со!», цхьа и тайппа кхин а.
Вовшашца къийсалуш цхьацца аларш элира дийнна классо, цхьа кIант вара хиъна Iаш, тап-аьлла.
– Хьуна хIун аьлла хета, хIун аьллера цо? – цунна тIеяхара хьехархо.
– Суна хетарехь, цо аьлла хир ду: «Вайн беран дола делахь!»
– Хьуна хууш дара и дийцар? – цецъелира хьехархо.
– ХIан-хIа, изза элира тхан нанас ша лечу хенахь сан дега, – жоп делира дешархочо.
Хьехархо дIайирзира. Шен бIаьргех девлла хиш цхьанна а ца гайта гIоьртира и.
– Нийса боху, – жоп делира цо.
ХIордакема хи буха дахара. Стага ша хьалакхиийра йоI. Дуккха а шераш девлча, да дIакхелхича, цуьнан хIуманаш кегош йоIана цуьнан дахаран хиламаш тIеязбеш долу тептар карийра. Цу тIера цо дийшира: «Лен цамгар кхетта яра и тхо цу леламе доьлхуш. Хан кIеззиг йисинера. Дела, цуьнан метта хIорда буха ваха ма чIогIа лиънера суна, амма йоьIан дуьхьа и дойла ца хилира сан. Цу хIорда юккъехь и йита дийзира сан».
Класс тап-аьлла Iара.
Берийн бIаьргаш чохь гуш дара, и хилам царна чIогIа дагах кхеттий, тахана дуьххьара кхеттера уьш дуьххьара хьан кхоллаелла ойла Iехаме хиларх.
Цундела, цкъа а мегар дац адамийн леларх тIехула мах хадон, вайна царах дукха хIума ца хууш хила мега.

Гочдинарг – Алхазов Iабдул-Малик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных