Menu


Ширачу нохчийн меттан къона хьехархо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Дуккха а майра кIентий а, оьзда мехкарий а бевллачу Iалхан-ГIалахь йина, кхиъна а ю Соьлжа-ГIаларчу Лингвистически школехь нохчийн мотт хьоьхуш йолу къона хьехархо Довлатан Мовли кIентан Iалин йоI Лимани.
Нохчийн доьзалшкахь цIийнан дукъ тIелаца кIант везаш-эшар а, ден-ненан догъэца йоI езаш-эшар а дика девза вайна. Доьзалехь жимахъерг хиларна делахь а, я дерригенна а дуьхе кхиа лууш, самукъане бер хиларна делахь а, дуьнене дуьххьара тидам боккхуш, шен Iаьржа бIаьргаш Лиманис схьабилличхьана а езар алсам долуш кхиъна иза. Вуьшта, йоIана генара тидам бан аьтто болуш зама-м яцара иза дуьне довза йолаелларг – «Конституцин раж» цIе тиллина, къам дийна-даржийна, харц-бакъо ца къасталуш, хийламмо къаьхьа къурд бина къиза зама яра.

Шен ирсана, йоIана ца девзира и хIуманаш. РегIан дукъахь йоккха топ етта йолаелча, я Мулкал-Мовтах тарлой, кеманан гIовгIа хезча: «Корера боба дIаяла, бабин Лимани йижийта», – дененан кIедачу озо, гIовгIа ца хезачу ларми чохь, гIийла техкачу аганахь мерзачу набарна йижаеш, ткъа тийначу Iуьйранна: «Хаза гIенаш гирий мамий йоIана?», – ненан хазачу озо, ховхачу куьйгашца гIаттаеш, кхиъначу цунна генахь йисира кху дуьненан къизаллин ачонаш. Бакъду, оцу «рожан» шолгIачу декъан хиламаш дика дагабогIу йоIана, амма цо уьш, «Бабин тIорказа чохь гена дIалачкъийна, ткъа цунна тоьхна догIа доьза дайна!».
Шен доьзалехь санна, дика адамаш девзаш кхиъна Лимани. Царах хьалхарниг яра кхуьнан дуьххьарлера хьехархо – Баматгериева Iайнаъ. Дуьххьарлера элп дилла Iемича хилла хазахетар йоIана шир ца долуьйтуш, дешаран Iилмане безам кхоьллира цо. Оцу тIегIанахь нисбелира кхунна лакхарчу классашкара хьехархой а – Курбанов Iусман а, Хажаева Луиза а, иштта кхиберш а. Ткъа нохчийн меттан говзанча волчу Эдильгериев Хьасанан дарсашкахь, шен ненан матте бакъ безам кхоллабелира йоьIан. Тахана даггарчу лерамца, доккхачу баркаллица дагалоьцу Лиманис шен хьехархой.
Дешарна тIехь кхиамаш болуш, цкъа аьлларг сиха дIалоцуш, цIена, сирла аз долу йоI билгалъелира юьртарчу культурин ЦIийнан белхахошна. Цара шайн юккъе озийра иза, бераллехь дуьйна а зарзарах дека йоIан зевне аз оьшучу меттахь нисъелла иза, «Нохчийчоь – Кавказан хазалла», «Нохчийн сийлахь йоI», «Мехкан оьзда йоI» цIе йолчу къовсадаларшкахь дакъалоцуш а, даиман толамхойн могIарехь а яра, цундела тешна яра Лимани, шега хьоьжуш эшар-иллийн лакхенаш хиларх.
ТIекхечира 2011-гIа шо, чекхъелира школа, дукъал тIехьа йисира бералла, харжа бийзира дахаран коьрта некъ. Юьхьанца йоьхна яра йоI, лаамаш дукха хиларна, царах муьлхарг бераллин хазачу дагалецамашкахь битина, бакъболу коьрта цхьаъ харжа беза цахаарна. Делахь а йоIан цIийца йолчу нохчалло толам баьккхира. «Мотт бийца доьзалехь Iеминехь а, цуьнан хазаллин кIоргалле хьехархоша кхачийна со, – дагалоьцу Лиманис. – Доьзалехь мотт хаза бийцарца довзуьйтура тхуна къоман гIиллакхаш, оьздангаллин некъаш. Бераллехь а, даккхий хилча а ден-ненан, кертарчу баккхийчийн тергамехь дара тхо даима а, тхан ваша а, тхо кхо йиша а – неIар тIехь мача муха охьайилла еза, кхача баа муха охьахаа веза, воккхачуьнца хIун гIиллакх хIоттон деза, ткъа хьоршам тохар-м цхьа дийнна Iилма дара – дуьхьал куьг лаца деза, гIовгIа кIезиг яккха хьажа веза, стагана юьхь дуьхьал ца воьрзуш, букъ берзо беза, «альхьам» ала деза! Жималлехь дош ца хеттехь а, хIинца иза баккъал а гIиллакх-оьздангаллин Iил-
ма хилар тешна ю со. Ткъа бераллехь доьзалехь Iамийна а ма ца дисина иза, школехь доьшуш, нохчийн меттан, литературин урокашкахь а тIе ма чIагIдина, культурин ЦIийнахь кхочушдо гIуллакхаш а царах доьзна ма хилла! Иштта нисъелира со суо ларалур ю аьлла хетачу метте – амма болх беш йолу 5-гIа шо делахь а, тахана а Iемаш ю со хьехархо хила, и лераме а, доккха а дош хIинца а генахь хета суна сайх ала».
Дика дешарца, хьехархойн колледж чекхъяьккхина, школехь хьеха йолаеллехь а, тахана а Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан 3-чу курсехь доьшуш ю Лимани, цундела а хета хир ду цунна ша бакъйолу хьехархо яц аьлла. Амма:
– «Хиндолу хьоза бенахь дека» баьхначу вайн дайшна а дайна, дуьххьара дуьйна а шех бIаьрг бузийтина, бакъ хьехархо хирг хиларан корматалла гайтина Лиманис, – дийцира Лингвистически школин дешаран балхахула директоран заместитель йолчу Алиева Зинас. – Иза доьзна ду цо дукха лерина урокана кечамбарца а, дукха лерина урок яларца а. Иза тхан седа бу! Со йокхае цунах ала тхайн дика дош долуш а, иза евзаш а. Зеделлачух доьзна доцуш, берашна дагахь дуьсур долчу агIор урокан тема яста хаьа цунна. Иза кIезиг дац, школехь хьеха йолаелла дуьззина диъ шо бен доцучу къоначу хьехархочунна. Шеко йоцуш, иштта дIайодахь, башха хиндерг долу хьехархо хир ю Лиманих. Тхуна иза даггара лаьа.
Белхан кIира доладеллачу оршот дийнахь нисделира тхо Лиманин уроке. 24 дешархо волчу 2-чу «А» классехь рогIера тема яра йостуш. Стигал басахь хорма йолу хьехархо а, оцу басахь духар долу дешархой а нохчийн меттан элпийн «хIорде кхача хинкеманца» некъ беш бара. Уроке баьхкина хийра нах хиларх мисхал а йоьхна я галъяьлла йоцуш, хаттарш говза хIиттош теллира хьехархочо цIера болх, кхочуш бира цIена яздаран болх, Iаматца болх барца урокан керлачу темина тIедалийра бераш:
Цхьана уллехь Iохкуш ду,
Доьлхуш, декаш «а», «и», «у».
«Б» ду букар хьаьвзина,
ГIортор йоцуш, дожийна.
Бераш, элпаш ларалаш,
Хаза яздан Iамалаш! – иштта байт ешарца, бераш сиха кхийтира, шаьш урокехь «Мукъа аьзнаш а, элпаш а» тема Iамориг хиларх. Керла тема ястаран керл-керла гIулч йоккхуш, уьн тIехь дешархошка йозанца а, барта а болх бойтуш, дIаяхьира хьехархочо урок. Ун тIе яздина аь, а, б, д, и, л, п, у, к, о, в элпаш шина тобане нисдира бераша. Ткъа иштта хIунда нисдина, аьллачу хаттарна жоп делира: аь,а, и,у,о – мукъа аьзнаш ду, уьш оза а ло, лакха а ло, ткъа б, д, л, п, к, в – мукъаза ду, уьш оза а ца ло, лакха а ца ло. Цул тIаьхьа бакъон тIехь болх баро бераш тешийра, шаьш нийсачу новкъахь хиларх. Iилма Iамор оьшуш гIуллакх делахь а, хьехархочунна хаара, Iилма Iаморна санна, садаIарна а бераш тIера дуйла, цундела «СадаIаран минот» цо аларца бераш ирахь латташ дара. Малончех Сайд-Iалих белааьшна а болуш, меженаш меттаха а йохуш, байт йийшира цара:
Школехь бийки горгали,
Самавала Сайд-Iали,
ХьалагIатта школе гIо,
ТIаьхьавуьсуш лаьтта хьо.
«Йозанан болх» декъехь кхочушдира 34-гIа шардар, буха сиз хьакха деза мукъа аьзнаш карор атта гIуллакх хийтира дешархошна.
– 1амат т1ехилаел, шардарна т1е п1елг биллал, т1ера схьаяздеш тидаме хилал, г1алаташ дича эхь дуй? – минотана мукъа ца дуьтура хьехархочо бераш, дешаран бен кхин ойла хила таро яцара церан. Ткъа рогIера 35-гIа шардар кхочушдира барта. Цуьнан гIоьнца бераша кхин цкъа а билгалдира мукъачу элпаша дешдакъа кхуллуш хилар.
«Рефлекси» декъехь хIит-
тийначу хаттаршна жоьпаш даларехь, бераша тIечIагIдира шаьш керлачу темех кхетта хилар. Кхузахь морфологически теллира предложени: Лаьа, гуттар чIогIа суна, сайн Даймохк а, къам а ирсе ган – берашна дика девзара предложенин юкъара мукъа а, мукъаза а аьзнаш.
«ЖамI дарехь» хьехархочо берийн хаарийн мах хадийра, иштта тидаме ийцира, 2-чу классан дешархой Гаспарян Георгий а, Синчинова Ксения а нохчийн маттаца гергарло долуш а, дика тIаьхьа кхуьуш а хилар. Дуьххьара дагадеънарг, ткъа церан да-нана, царна нохчийн мотт ца оьшу, уьш мукъа бита аьлла а ца баьхкина? – дара. Сан дагара хиъча санна, тIееъначу йоIа элира: Ас-м ингалсан мотт а Iамабо!
– Мел башха гIуллакх ду иза! –хастон хьакъ яра йоI а, цуьнан да-нана а.
Цхьана урокехь а хилла, хьехархочун белхан зеделлачух мах хадор кхачаме ца хила а мега, амма Лиманин куьйгалхочо билгала ма-даккхара: «Хиндолу хьоза бенахь дека!». Вуьшта, хьехархочун Лиманин леларца, озанца: «Бераш, хьовсал, бераш, ладогIал» шатайпана даггара аларца, хIора а бер тидамехь латторца, кхетош-кхиорна къаьсттина тидам латторна, хIоранга а ала шенна лерина дош карорца, тешаво, иза къегина хиндерг долу ширачу нохчийн меттан къона хьехархо хиларх. КIеззигчух хуьлу доккханиг, жим-жима гуллуш гулло алсамниг, шеко йоцуш, хIора урокехь иштта къахьегарца кхочур ю Лимани шен дешархоша шайн къоман мотт безаш Iаморе, безаш бийцаре, и Iамор ирс хетаре, и бийцар дозалла хетаре. Лаьа, цуьнан дахарехь а, балха тIехь а ирс-аьтто хуьлийла.

САРАЛИЕВА Табарк

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных