Menu


Хьехархочо къам кхиадо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шелан районера Жимачу АтагIара номер 2 йолу школа 1970-чу шарахь схьайиллина ю. Дукха хан дIаяьлла хIетахь дуьйна. Ткъа цу хенахь керла школа схьаеллар, цхьана юьртана хилла ца Iаш, ерриге к1оштана а, республикина а хилам бара.
Масийтта тIаьхье, дешна а яьлла, дIаяхана кхузара. Хьехархойн коллектив а хийцалуш ю – баккхийнаш дIабовлу, кегийнаш тIебогIу. Амма школин дахар цкъа а соцуш дац: бека зевне горгали, учахь я школин уьйтIахь хеза берийн зевне аьзнаш. Ткъа гуьйре школин дахарехь уггаре а хаза хан ю: аьхкенан каникулашкахь са а даьIна, даккхий а хилла, схьадогIу бераш, хьехархой шайна безаш болу болх бан буьйлало.
Школин дахарх а, хьехархойн балхах а лаьцна къамел хуьлу сан школин директорца Керимова Зарган Алиевница. Иза кху школехь 2002-чу шарахь дуьйна болх беш ю, 2012-чу шарахь школин директор хIоьттина.
ХIара школа шен ламасташ долуш ю. Лакхара дешар дешна а болуш, юьртахь ларам болу нах хилла кхузахь куьйгаллехь гуттар а. Иштта вара дуккха а шерашкахь кхузахь директор лаьттина Керимов Iела, ша пенсе ваххалц кхузахь математикин а, физикин а хьехархочун а, директоран а болх бина волу. Цо уггаре а халачу хенахь ларйира школа, хIумма а гал ца долуьйтуш, чохь а, кертахь а дерг меттах ца доккхуьйтуш.
Ткъа хIинца кхузахь, шен дегара болх схьа а эцна, къахьоьгуш Зарган ю.
- Зарган, хьо маца йолаелира школехь болх бан?
– Со 2002-чу шарахь дуьйна ю кхузахь болх беш. Цкъа хьалха юьхьанцарчу классашкахь хьеха йолаелира со.
- Хала дарий хьуна? ГIо деш цхьа а варий?
– Со кху школехь дешна ю. Берриге а хьехархой бевзаш а, уллера хеташ а бу суна. Тхан йиша Зулихан яра кхузахь юьхьанцарчу классашкахь болх бина. Вайн республикехь тIом болуш, 2000-чу шарахь юьртана тIе яккхий тоьпаш тоьхначу хенахь кхелхина иза, шу марша. Иза дика хьехархо яра, массарна а дукха езаш. Цуьнан болх дIабахьа лиира суна, цуьнан метта дIахIотта. Суна гIо деш дуккха а хьехархой а бара, сан болх цара тергонехь а латтабора. Къаьсттина суна билгалъяккха луур дара тхан тоьлла хьехархо Джабраилова Дагмара Германовна. Иза белхан доккха зеделларг долуш говзанча ю, юьхьанцарчу классашкахь болх беш йолу дуккха а хан а йолуш. Цо дика накъосталла дира суна, хьехархочун балхах доьзна дуккха а хIума Iамийра. Цул тIаьхьа ас педагоган-психологан болх а бира цхьана муьрехь.
– Цу хенахь Iела ма вара школин директор? Хьоьга озабезам борий цуо балхахь?
– Дера ца бора, ша директор а, юха к1оштан дешаран куьйгалхо а волуш, мелхо а кхечаьргачул а чIогIа соьга болх хоттура-кх.
Иза иштта дан а ду. Iела суна вевза дуккха а хан ю. Цо ша а бан ма-беззара бора болх, кхечаьрга а бойтура. Шаьш тIелаьцнарг жоьпалле хилла ца Iаш, тIаьхьало йолуш а, мехала а гIуллакх дуйла хаьара цунна, хIунда аьлча дешаран хаарш а луш, кхетош-кхио дезаш дерш хьан юьртара, лулара, хьуна хийра доцу бераш ду. Ткъа царна а, юьртахошна а хьалха ледара хила мегар дац.
Заргана ша хьехархочун болх беш йолчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан биолого-химически факультет заочно чекхъяьккхира 2004-чу шарахь. Иза а кхуьнан рогIерчу кхиамех цхьаъ бара.
Кху школехь 30 хьехархо ву болх беш. Массо а предметан говзанча ву кхузахь. Заргана куьйгалла дечу коллективан белхан цхьа гайтам хьахийча а хуур ду, хIара тоьлла школа хилар. Вайн регионехь 2015-чу шарахь дIаяьхьначу «Тоьлла школа» цIе йолчу конкурсан лауреат а хилла, Нохчийн Республикин тоьллачу 10 школина юкъаяхана Жимачу АтагIара номер 2 йолу школа. Иза вуно дика гайтам бу, школин белхан хадийна лаккхара мах а бу. Цул сов, кхин совгIаташ а ду школина делла. Уьш к1оштан администрацин куьйгалхочун а, республикин дешаран министран а, к1оштан дешаран декъан хьаькаман а цIарах долу Баркаллин кехаташ а, грамоташ а, мехала совгIаташ а ду.
ХIора шарахь к1оштан а, республикин а олимпиадашкахь дакъалоцу кху школин дешархоша. Биологи а, истори а, математика а, кхийолу предметаш ю, берийн хаарш толлуш, олимпиадашкхахь юкъайохурш. Цигахь тоьлла меттигаш йоху кхузарчу дешархоша.
Спортан секцеш а ю школехь болх беш. Цу гIуллакхна футболан а, баскетболан а, волейболан а майданаш ю школин лаьттан декъа тIехь. Цул сов, яйн атлетика лело хьелаш а ду: гена кхоссаваларан ор, кросс ян а, довда а спортан некъ. Къаьсттина дукхаеза дешархошна шахматаш. Церан секци дIахьош ву школин ветеран Керимов Iела. ВорхIалгIачу классера дешархочо Шаиповас к1оштахь шолгIа меттиг яьккхина шахматашкахула дIабаьхьначу къийсамашкахь.
Латаран тайп-тайпанчу кепашкахь а дакъалоцу школин спортсменаша. Иштта 11-чу классехь доьшуш волчу Джамбулатов Мохьмада к1оштахь хьалхара меттиг яьккхина охьатохарх латарехь.
Иштта дешарехь а, спортехь а бIаьрла кхимаш бохуш схьабогIу кху школин дешархой.
Ткъа хьехархойн коллективах аьлча, дешаран предметийн методцхьаьнакхетарш ю хьехархойн балхана гIо деш. Балхахь зеделларг а, шайн предметаш хьехарехь керла юкъадаьлларг а вовшашна довзуьйтуш, йиллина урокаш луш, къоначу хьехархошна тIехь Iуналла деш, белхан хьелаш тодеш, дешархойн хаарш лакхадахарехь дерриг а ницкъ кхочург деш ю хьехархойн и тобанаш. Цара беш болу болх Iаламат мехала бу, хIунда аьлча хIора говзанча тобанна юкъахь ву, тергонехь ву, шена а ваьлла, болх бан гIерташ вац. Ткъа бертахь къахьегча, кхиамаш а алсам хуьлу.
Директорна Зарган Алиевнина билгалъяккха лиира юьхьанцарчу классийн хьехархойн методцхьаьнакхетар а, цуьнан куьйгалхо Джабраилова Дагмара а. Цу тобанан болх къаьсттина дика вовшахтоьхна, дика дIахьош а бу кху коллективехь.
Школин предметийн кабинеташ чохь оьшуш болу гIоьналлин, технически гIирсаш болуш бу. Вайн заманан электронни оборудовани ю кхузахь, компьюторшна тIера интерактивни аннашна а, кхечу гайтаран гIирсашна а тIекхаччалц. Ишттачу школехь болх бан хала дац хьехархочунна, хIунда аьлча цунна оьшург дерриг а долуш ду.
– Зарган, дешархойн дай-наношца, юьртахошца юкъаметтигаш муха ю шун?
- Дика ю тхан юкъаметигаш. Дай-наной кест-кеста хуьлу школехь, берийн дешар муха ду хьажа богIий, оьшучунна тхуна гIо дан а кийча бу уьш. ХIора баттахь аьлла, мовладаш а доьшуьйту оха юьртарчу баккхийчаьрга. Иштта тхайн балха тIера а, школина тIера а ницкъ кхочучу кепара сагIа доккху.
Иштта ю вайн заманхо, хьуьнаре директор Керимова Зарган Алиевна. Шен балхахь баккхий кхиамаш а бохуш, ша куьйгалла дечу коллективехь а, дешархошна юкъахь а ларам а болуш, хьанал къахьоьгуш ю хIара нохчийн йоI.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных