Menu


СКФО-н конкурс-фестивалехь тоьлла нохчийн меттан хьехархо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХьастагӀа, Къилбаседа ХӀирийн-Аланин Республикехь Къилбаседа Кавказан Федеральни округерчу къаьмнийн меттанийн хьехархошна юкъахь дӀаяьхьира «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» аьллачу кхайкхамца хуьлуш йолу кхоллараллин конкурс-фестиваль.
Къилбаседа Кавказан регионашна юкъахь дӀаяьхьна хиллачу ламасталлин конкурсехь Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн юкъараллин цӀарах векал хилла, дакъалоцуш яра Шелан гӀалин Дешаран туьшан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолу Умарова Саламат. ХӀокху деношкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а, министерстве хаза кхаъ кхаьчна Саламата оцу конкурсан «Хьехархо-новатор» номинацехула толам баьккхина хилар хоуьйтуш. Инстаграмерчу шайн агӀонашкахь хьехархо декъалйина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса а, ткъа иштта, министерствон Нохчийн меттан а, историн а институтан директора Умхаев Хьамзата а.
Конкурс-фестиваль кхаа муьрах лаьтташ яра. Хьалхара мур – «визитан картин» (шен республика йовзийтар), шолгӀа мур – мастер-классан (нохчийн меттан гайтаран дарс далар), кхоалгӀа мур – культурин.
Хьехархойн хаарийн, хьуьнарийн мах хадош, конкурсан жюрихь бара филологин Ӏилманийн докторш а, кандидаташ а, педагогикин хьаьрмахь дика бевза хьехархой а. Конкурсан зерех юьхькӀомаца чекхъяьллачу С.Умаровас «Хьехархо-новатор» номинацехула толам баьккхира.
Къилбаседа ХӀирийн-Аланин Республикехь хилла толам къоначу хьехархочун дахарехь дуьххьарлера кхиам цахилар билгалдаккха лаьа. Саламат дакъалоцуш хилла ю Нохчийн меттан денна лерина хиллачу республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъарчу кӀоштийн а, республикин а къийсадаларшкахь. 2019-чу шарахь оцу конкурсан «Нохчийн метан къона хьехархо» номинацехула толам баьккхира цо.
Саламат Умарова конкурсана кечъеш цуьнца къахьегна куратор ю, Нохчийн меттан а, историн а институтан Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран а, конкурсийн программаш кечъяран а туьшан Ӏилманан белхахо Говдаханова Ӏаламат.
«РогӀера конкурс 10-гӀа, юбилейни яра хӀокху шарахь. 2010-чу шарахь дуьйна дӀахьош ю «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» аьлла конкурс. Иза дӀаяхьаран Ӏалашо Къилбаседа ХӀирийн-Аланин Республикин куьйгалло шайн къоман, хӀирийн мотт дӀабовш бу аьлла кхераме хьал тӀехӀоьттича шайн мотт Ӏалашбан а, къоначарна иза марзбан а проекташ кхочушъяр ю. ХӀирий шайн меттан патриоташ хиларан тоьшалла ду иза. Дуьнен чохь хӀоьттина ун бахьанехь конкурс дӀаяхьар тӀаьхьуо нисделира кхушарахь. Товбецан (сентябрь) баттахь дуьйна а кечамаш беш яра тхойша конкурсана. Хьехархочунна чӀогӀа пайдехьа доьрзу республикин арахьа дӀахьочу конкурсашкахь дакъалацар. Кхечу хьехархойн зеделларг го, уьйраш тосу, керлачу лехамашна синайам гӀотту, кхи хӀума а ца дийцича, лулахошна вовшийн культура евза, доттагӀалла чӀагӀло», – дийцира Ӏаламата конкурсах а, толамхочух а лаьцна.
Ишттачу, дукхакъаьмнийн конкурсаш дешаран хьаьрмин къаьмнийн меттанаш дӀахьехаран системин керла некъаш дастаран дика майда ю.
«Корматаллин конкурсаша хьехархой цхьаьнатуху. Шаьш хаарш, хьуьнарш къийса баьхкина бу аьлла ца Ӏаш, вовшах дог лозуш, вовшашна оьшучохь гӀо деш хаало уьш. Шайн белхан накъосташа дӀахьош хиллачу мастер-классашкахь а жигара дакъалоцуш, шайна гуш-хезаш долчу керлачух пайдаэца хьожуш чекхбовлу хьехархой», – йоккхаерца къастийра Умарова Саламата.
Даггара ала лаьа – бехийла нохчийн мотт, дехийла нохчийн гӀиллакх! Дала тӀаьхье беркате йойла!
Суьрта тӀехь: Къилбаседа ХӀирийн-Аланин Республикехь дӀаяьхьначу конкурсан толамхо Умарова Саламат

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных