Menu


Захирин къайле

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Къеггина баьццарчу дитташа гобинчу ломан 1оман хьаьъначу хига а хьоьжуш, дукха к1орге д1ахьулбина, дукха хьоме хеташ болчу бераллин дагалецамаша йийсаре лаьцна лаьттара Захира…
Цуьнан берралла ирсе яра. Къона, хаза, даима деладелла-декхаелла да-нана, гIали юккъехь лаьтта хьеша-дена аьхна цIа, ломарчу юьртахь Iаш йолу денана йолчу эхар, йовхачу шурин а, довхачу хьокхамийн а чам, лаьмнийн баьццара басеш а, къегина кхетта малх а. Бабин исбаьхьа туьйранаш а, уьш нохчийн маттахь цхьа ша-тайпа декар а.
ТIаккха тIом беара…
Ненаца а, дененаца а цхьана Нохчийчуьра дIаяхара Захира. Божарий тIамна кIел севцира. Шан наной, зударий, бераш кIелхьарадаха хьаьвсира уьш. Цул тIаьхьа кхин ца гира шен да Захирина. Дукха чIогIа цунна тIера хиллачу йоIа шен дагахь къамелаш дора цуьнца, и къамелаш даима а нохчийн маттахь а хуьлура. Шайн доьзал Даймахкана генахь Iаш хиллехь а, ненан мотт ца бицбинера йоIа. Чохь даима буьйцург нохчийн мотт бара, цул сов, бабас даима а цхьацца хаза хIуманаш а дуьйцура, шен бераллера а, нохчийн дахарера а. Ненан маттахь декачу цу дешнаша синтем лора, цIенна генахь доцуш санна, йовхо а, марзо а лора. Ша миччахь хилча а, цу дийцарша генарчу ширалле юьгуш хетара йоIана. Бабас даима а олура: «Хьайн орамаш ма дицделахь, сан йоI! Хьан орамаш хилахь, тIемаш а хир ду хьуна».
Дукха хьалха заманашкахь хилларг даста лаарна, историн кIорге кховда лаар хир дара Захира археологин факультете ялийнарг. Университетан шолгIа курс кхиамца чекх а яьккхина, шен хьалхарчу экспидице яхара и.
Кхеран тобанехь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бара. И чIогIа башха а дара, хIунда аьлча, хIорш хIора сарахь цIера гонаха а гуллой, шайн халкъийн дIадаханчух дуьйцуш Iара. Хинболчу археолагаша дакъа лаца дезара ахкаршкахь. Ткъа хIинца кху Севан Iоман йистехь Iаш йолчу Захирина шен Даймохк дагатеснера.
– Зихара! Сихха схьайолахьа! – шабарш хезира цунна.
ЙоI юхайирзича, цхьа къайле лечкъош санна, кеп а хIиттош, куьг лестош кхуьнан ши доттагI Гагик, Настий дара.
Сихха хьала а иккхина, цаьршинна тIеедира Захира.
– ХIара хIун къайле ю? Шабарш хIунда до? ХIун хилла?
– Сихха схьайолахьа! Гагикна лаьтта буха воьду меттиг карийна! Амма и цхьаьнга а ала йиш яц, вайна хьалха ган деза дерриге а! – шабарш дора Настяс, цуьнан бIаьргаш синтем байна къегара.
– Ерриге а тоба кхайкхича дика хир дацара? – элира Захирас.
– Хан йойъур яц вай! Ах бераш юург еш ду. Бисинарш белхан жамIаш деш бу. Ткъа вай сихха хьовса а хьаьвсина, юхадогIур ду. Фонарикаш а схьаэцна оха. Цигахь цхьа тамаша хир болуш санна, хета суна! – аьлла, Захирига фонарик кховдийра Гагика.
Ткъех минотехь некъ бира цара. Аре.
– Кхузахь! – элира Гагика.
Жимачу торхан херонехула цхьаъ вукхунна тIаьххье чубисса буьйлира доттагIий: цкъа хьалха кIант, цунна тIаьхьа Настя, тIаккха – Захира.
– Фонарикаш латайо вай!
– Гагик, ахь зарядка йоцу фонарикаш эцна? – фонарик латон а гIерташ элира Настяс.
– ХIан-хIа, керла ю уьш!
Кхаа фонариках цхьа а леташ яцара. Араяла дагахь дIахьаьвзина Захира цхьана гуш йоцчу тулгIено лаьтта буха кхоьссира.
Я Гагик а, я Настя а улле а ца гIорталора. Кхерабелира хIорш чIогIа. БIаьргаш жим-жимма буьйлира боданах. Оццу хенахь цхьанхьара лаьтта бухахула кIайн, буькъа кIур хьалабелира. Цу мIаьргонехь Настиний, Захириний, Гагикний хьалха хIоьттира кIайн коч юьйхина, къоьжачу месашца ах чекх са а гуш йолу зуда. Лоххачу озаца цхьаъ дийца я мукъам бан йолаелира и.
– Мехкарий, цхьа дош мукъане а къаьстий шуна цо дуьйцучух? Даррехь, эрмалойн мотт бу-кх цо буьйцург! – шабарш дира Гагика.
Настяс корта ластийра, ткъа Захира дукха лерина хьоьжура цу зудче. Цецъяларца кхийтира и цо мел олу дош шена девзаш хиларх.
Зудчо дуьйцура хIорш ширачу Урартун пачхьалкхе воьдучу кевнехь хилар, и ков лардечу синоша кхаьрга шаьш ма хьеде бохуш хилар а, кхарна вон болх лууш уьш цахилар а. Урартун коьртачу паччахьа ширачу заманера керлачу замане даийта кост кечдина хилар а дийцира цо. И кост каракхачархьама, Iома йистехь йолчу ширчу гIали уллера дIа къилбаседехьа ши бIе гIулч а ягарйан еза элира. Захирас ша резахилар хоуьйтуш, корта таIийра. Зуда елакъежира, цул тIаьхьа цхьа чIогIа тата делира…
– Захира! Захира! И хIун дара?
Захирас бIаьргаш схьабиллира. Севан Iома йистехь хиъна Iара и. Iадийна лаьттачу Настига а, Гагике а хьаьжира и.
– Дара…хIун? Хетарехь, суна наб озийна…
– ХIан-хIа! Вай кхоъ хьеха чохь дара! И гIан дацара! Хьуна дага ца догIу и? Цу зудчо дуьйцучух кхийтирий хьо? – хаттарш охьаIанийра доттагIаша.
– ХIаъ, кхийтира. Сан бераллин маттах тера дара и дешнаш. ДоттагIий, вай туьпа юхадахийта, цаьрга баккха мехала кхаъ бу сан.
ШолгIачу Iуьйранна белаш а, ахкарш дан оьшу кхиболу гIирсаш а эцна, хинболчу археологийн тоба ширачу гIали уллера дIа ши бIе гIулч ягаръян йолаелира. Ма чIогIа цецбевллера студенташ а, экспедицин куьйгалхой а ахкарш дечу хенахь шайна шира гIирсаш карийча. И хIуманаш Севан Iома йистехь масех эзар шо хьалха баьхначу наха лелийна яра!
КIадбелла, амма баккхийбеш болу археологаш цIара улле гулбелира сарахь. Дийнахь шаьш лелийнарг дуьйцуш Iара уьш.
– Захира, ахь хIун мотт бийцина бераллехь, хьо оцу зудчух оццул дика кхеттал? – хаа лиира Гагикна.
– Нохчийн мотт! Нохчи ма ю со! Амма хIара гIуллакх чIогIа тамашийна ду, вай Эрмалойн махкахь ма ду. Кхузахь муха баьхна сан шира дай?
– Теша хала делахь а, бакъдерг ду и, Захира! – элира экспедицин куьй-
галхочо. – Урарту пачхьалкх чIогIа нуьцкъала а, хьал долуш а хилла. Амма вайна хIинца а билггал хууш дац и муха кхоллаелла а, дIа хIунда яьлла а. Къайле и ю… Амма хууш ду Урартун бахархоша бийцина мотт нохчийн маттах вуно тера хилар. Хьайн нена мотт дуьненахь уггаре а ширачу меттанех буй хаьий хьуна? Урарту санна, нуьцкъала а, хьал олуш а ю ала мегар ду-кх хьо а. Мотт хааро таро ма ло дIадаханчун къайле яста, адаман орамех дуккха а хIума хаа. Орамаш кIорга долчохь, тIемаш а ма хуьлу нуьцкъала! ТIаккха церан хиндерг а ду юьхькIоме…

МАТАГОВА Малика

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных