Menu


Мичара схьа бу зуламан орам?

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Муьлхха а юкъаралла шен тIекхуьучу тIаьхьенан ойла еш а, цуьнан хиндолчун гIайгIабеш а, халкъан иэсехь долу диканиг цо схьаэцаре сатесна а хуьлу. Къоман мотт а, культура а, истори а, гIиллакхаш а, ламасташ а кегийчарна Iамош а, цара уьш, тIе а лаьцна, лардан лууш а хуьлу баккхийнаш. ХIунда аьлча къоман хиндерг тIекхуьучу тIаьхьенца доьзна ду, цунах дозуш а ду.
Цундела мел леринчу тергонехь хила еза и тIаьхье, вайн кегийнаш! Дукха хан яц Казань-гIалахь 175-чу гимназехь ирча бохам хилла. И дешаран заведени масех шо хьалха чекхъяьккхинчу жимачу стага, дийнан делккъехь ван а веана, доккха зулам дина цигахь. И къиза болх хIунда хилла? ХIун бахьана ду цуьнан? Кхетам болуш, хьекъална талхаза хиллий-те и зуламхо? Иштта хаттарш кхоллало, цу гIуллакхна тIаьхьакхиа воьлча.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, герз диттина волу кIант дикка галваьлла хиллачух тера ду. Дерриге а чохь са долу хIума хIаллакдийр ду ша, бохуш, хаамаш язбеш хилла цо интернетан сеташ чохь. ЛартIехь волчо-м ишттаниг яздийр а ма дац. Доьзалехь а деца-ненаца юкъаметтиг телхина хилла цуьнан, да-нана чохь новкъадолуш. Эххар а уьш а, кхуьнан ваша а кхечу хIусаме дIабахана.
Ша гимназера ваьлча, колледже деша вахана хилла. Дешарца ларош билгалваьлла иза цигахь. Амма стохка цIеххьана хийцавелла: занятеш дIа а тесна, деша ца воьдуш цIахь сецна. Кху шеран оханан (апрель) беттан 26-чу дийнахь колледжера дIавоккху иза, деша ца леларна. Цул тIаьхьа туьканара топ а, цуьнца шортта патармаш а оьцу. Уьш эца бакъо вуно атта йоккху цо. Психиатро, хIара могуш ву олий, справка ло, кхечара а оьшуш долу кехаташ кечдо. Муха нисло иштта гIуллакх? Ма атта кхаьчна хинволу нахбойъург герзана тIе. Хилларг хилла даьлча-м тIаьхьа ма дуй. ХIинца, бехкенаш лоьхуш, къахьега деза бакъонашларъяран а, талламан а органийн. Ткъа бехкениг, уггаре а хьалха, ша зуламхо ву.
Хууш ма-хиллара, интернето боккха тIеIаткъам бо нахана, къаьсттина кегийчарна. Вайна дагадогIу масех шо хьалха «сийна кит» цIе йолчу интернет-сайто кхиина догIу дуккха а бераш хIаллакдар. И саннарг хIинца а долуш ду, дIадаьлла дац вайна юкъара. Тайп-тайпана кепаш лоьхуш, хьалха санна даррехь и болх ца беш, кегийчарна тIеIаткъам бо интернета чуьра зуламхоша. Кегийнаш Iехо, церан кхетам талхо дика хаьа царна. Вониг, телхинарг, адам цадезар марздо цара хьекъална кIоргенза, кхетамна гIорасиз болчу кхиазхошна.
Советски Союз йоьхна, дIаяьлча Малхбузера идеологи вайна чуеара, дуьхьалара чIинг дIа а яьлла, чухецаелла Iовраш санна. Цуьнца диканиг а, вониг а дара, вайна цадевзарг, цагинарг аслам а долуш. Оцу хьелашкахь хаамийн гIирсаш, кино а, телевидени а вай кхето а, Iамо а юьйлаелира. Уггаре а хьалха церан «продукци» кегийчарна лерина яра. Уьш бара, тахана а болуш бу цара тергоне эцнарш. Кинохь малхбузерчу идеологоша ондачу, цхьана а стагах возуш воцчу, шен лаамехь волчу стеган васт ду гойтуш, мел чолхечу хьолехь а цунах толамхо хуьлу. Ткъа кегийчарна хьанна луур дац муьлххачу а хьолехь толамхо хила?
Иза цхьа масал бен дац, церан культурина а, идеологина а юкъара вай далийна, амма уьш шортта хир дара, вай дийца даьхча. «Суперменан» васт чIогIа даьржина ду малхбузен керлачу культурехь. Ткъа хIинца кегийчарна иза марздеш ду цара. Цундела гучубовлуш-м бац те хIокху заманан «суперменаш»?
Делан къинхетамца, вайн республикехь хьал цу кепара дац. Вай кегийнаш ларлуш бу вочух, дастамчух, шайна а, гергарчарна а тIе эхь доуьйтучух. Иза, цкъа-делахь, вайн республикин Iедало кегийчаьрца кхетош-кхиоран болх нийса дIахьош хилар а, шолгIа-делахь, динан гIуллакххоша халкъаца биллина болх беш хилар а, кхозлагIа-делахь, ерриге а юкъаралло шен тIекхуьу тIаьхье оьзда а, дайн гIиллакхашкахь а кхиош хилар а ду. Тахана вай даккхийде кегийнаш, бусалба дин а, Къуръан а Iамош, АллахIана Iамалъеш хиларх. Уьш, нохчийн гIиллакхаш, ламасташ лардеш, схьабогIуш хиларх. Вайн халкъан кхане дика хирг хиларх теша йиш ю вайн. Амма гуттар а сема хила деза, мостагI а ма вацвижина Iуьллуш. Цо кегийчарна хIуъа а марздийр ду. Ткъа уьш, кегийнаш, ларбар, нийсачу новкъа бахар вайн коьрта декхар ду.

КЕЛАБ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных