Menu


Къона хьехархо беркатечу новкъахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Лаьмнийн когашкахь, Iаламан хазалла къеггина дIасаяьржинчохь, юьртан уггаре а лакхарчу меттигехь Iуьллуш ю Дуби-Эвлара юкъардешаран юккъера школа. Кхузара дIахьаьжча, гонахара ярташ го: Органал дехьа ламанан басахь Олхазар-КIотар ю, лахахь Чуьрийн-Эвла а, цунна уллехь цементан а, гIишлошъяран а коьчалш арахоьцу заводаш ю. Дехьа а, сехьа а лекха лаьмнаш, царна юккъехула шен сиха хи дадийна догIу, иллешкахь дийцина башха Орга. Баккъал а хаза меттиг ю хIара! Ишттачу юьртахь хьанал вахар а, болх бар а ирсан доккха дакъа кхочуш, дика гIуллакх ду.
Кху юьртахь йина а, кхиъна а ю кхузарчу юккъерчу школехь юьхьанцарчу классашкахь хьехархочун болх беш йолу Ибрагимова Хьава. Итт шо хьалха, 2011-чу шарахь, Нохчийн пачхьалкхан педагогически институтан юьхьенцарчу классийн дешаран факультет чекхъяьккхира къоначу йоIа. Ша ехачу Дуби-Эвларчу школе балха яр 2016-чу шарахь нисделира Хьаван. Цул хьалха хIара школехь болх бина яцара, берийн бешахь масех шарахь къахьегар бен.
Шена хьалхара класс елира, бохуш дуьйцу Хьавас тхан хиллачу къамелехь. Ша чIогIа ца хIуттура бераш долчу класса чуяха а, урок дIайоло а. Муха болор бу болх? ХIун эр ду ша цаьрга? Ша йоьхна а, ца хIуттуш а хилар хуур дуй те царна? Иштта хаттарш хIуьттура къоначу хьехархочун коьртехь. Кхуьнан хьолах дика кхийтира школехь завуч а, хьалха Хьава кху школехь доьшуш йолчу хенахь кхеран классан куьйгалхо а хилла йолу Масар Ризвановна. Цо гIо дира йоIана муьлххачу а хьехархочун юьхьанца хуьлуш йолу халонаш эшо а, хьехархочун корматалла еза а, шех бIобулуш хила а.
– Масар Ризвановна бахьана долуш хилира сох хьехархо, – боху Хьавас. – Со гуттар а кхунах тера хила лууш яра. Массо а хенахь сайн хьехархочун бIоболарх, шен ницкъах хIара тешна хиларх хьоьгура со. Кхунна бераш дешарехь иракарахIитто а, керланиг довзийтарехь цаьргахь шовкъ хилийта хаьа. «Суна хуур дуй-те иштта хила?» – олий, ойла хуьлура сан.
– Уьш-м чолхе хIуманаш дацара, Хьава, – тхан къамелана юкъайолу хьехархойн кху кабинета чохь йолу Масар Ризвановна. – Жимма къахьегчхьана, муьлххачу а хьехархочуьнга дIаяхалур ю и халонаш. Амма вайн балхахь коьртаниг хIун ду? Шен болх безар, иза ларар, гуттар а керланиг довза а, корматаллин агIор кхиа а хьажар ду. Хьехархочун болх атта бац, амма беза а, сийлахь а бу.
Жим-жимма шен балхах юьйлира йоI. Ша къахьоьгучу шолгIачу шарахь кхуьнан юьхьанца долу гIалаташ ца хуьлура, кхунна берийн амалш евзара, церан хаарш тодан а, алсамдаха а Iемира. Иштта кхиамаш хила буьйлабелира хьехархочун.
– Хьава къахьоьгур долуш ю. Мало ца йо кхуо балха тIехь. Ткъа мало ца ечун аьтто а, кхиамаш а хуьлу, – боху Масар Ризвановнас.
Хьаван дика накъост ю школехь, муьлхха а хIума хатта а, дагаяла а езаш хилча, Масаре хотту цо, шен шеконаш, ца нисделларш цунна довзуьйту, цуьнан хьехаршка ладугIу. Доккха зеделларг долчу хьехархочо шена тIаьхьавогIу къона говзанча кхиор, цуьнан болх тергонехь латтор, оьшучохь гIо-накъосталла дан кийча хилар – мел мехала хIума ду иза школехь къахьоьгучарна. Къоначу говзанчашна муххале а! Цу тIехь Хьаван дика аьтто хилла.
ХIинца Хьавагахь ерг кхоалгIа класс ю. Бераш хьалхарчу классера дуьйна ду хьехархочо Iамош. Ша резайолуш кхиамаш бу шен дешархойн, боху къоначу хьехархочо. Халонаш а ю, уьш йоцуш цхьа а болх ца хуьлу. Бераша книгаш ца йоьшу, тIаккха церан мотт дика ца кхуьу. Вайна ма-хаъара, кога а дахале телефон караоьцу беро. Багахь йоллуш тIармаIа а йолуш, телефона чухьоьжуш Iа уьш. Уггаре а тамашийниг хIун ду аьлча, мотт а ца хууш долчу берана цу телефона чохь шена хазахета агIо схьаелла хаьа.
Делахь шен ницкъ кхочучу кепара берашца жигара болх бо Хьавас церан хьекъал-кхетам шорбеш, керланиг царна довзуьйтуш. Наггахь иза ловзаран кепехь а нисло. Масала, дукха хан йоцуш хьехархочо дIаяьхьира Космонавтикин денна лерина йиллина урок, «Со космонавт ву» аьлла цIе а йолуш. Ишттачу урокаша а, классал арахьа бечу кхетош-кхиоран балхо а берашна керла хаарш ло, дахарехь диканиг-вониг къасто Iамадо, халкъан гIиллакхаш довзуьйту. Иштта болх биллина беш хилча, берийн кхиар бIаьрла хуьлу, церан дешарехь кхиамаш алсамбуьйлу.
ХIора шарахь, вайн ерриге а республикехь санна, Нохчийн меттана денна лерина мероприятеш а йо кху школехь. Юьхьанцарчу классашкахь цу денна лерина тайп-тайпана конкурсаш, сценкаш, маттах долу хаарш зуьйш, къийсадаларш дIахьо шаьш, дуьйцу Хьавас. Берийн а къаьсттина самукъадолу цу тайпа мероприятешна кечам беш, царна юкъахь дакъалоцуш, ткъа шаьш толам баьккхича-м чIогIа хазахета царна. Иштта болх бечу хенахь нохчийн матте йолу уьйр-марзо чIагIъеш, берашна керланиг довзуьйтуш, къахьоьгу Хьавас.
«Дерриге а бераш дешалур долуш ду, царна хIоранна а шена къастийна терго оьшу. Уьш тайп-тайпана ма бу. Цхьаверг эхь хеташ, ийзалуш хуьлу, важа ша хасто лууш хуьлу, хIораннан шен амал ю церан. Амма хьехархочун дог-ойла дика хаьа берашна. Хьо дог ца догIуш я халахетар хилла елахь, хьох къахеташ, хьан бIаьра хьажар къинхетаме, хьан дог эца лууш хуьлу уьш. Хьо елаелла, екхаелла, забар ян а, уьш кест-кеста хастош а елахь, мел самукъане хуьлу берийн хьоьга хьажар. Хьан шайга йолу уьйр-марзо чIогIа дика хаьа царна, ур-атталла хьан озаца, ахь аьллачу дашца, хьан интонацица. Уьш кегий психологаш ма бу. Ткъа муха безар бац сел цIена, сел исбаьхьа дегнаш долу, хьох тешна болу хьайн дешархой?» – шен балхах а, дешархойх а йолу ойланаш йовзуьйту Хьавас.
Дика кхиамаш бохуш, къахьоьгуш ю къона хьехархо. Кху шарахь Шелан районехь бекарг баттахь (март) дIаяьхьначу «Шеран хьехархо» цIе йолчу конкурсехь шолгIа меттиг яьккхина Дуби-Эвларчу юкъардешаран юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархочо Ибрагимова Хьавас. Иза къоначу хьехархочун боккха кхиам бу. Амма, шеко йоцуш, теша мегар ду цуьнан цу тайпа а, цул баккхий а кхиамаш тIейогIучу хенахь алссам хирг хиларх. ХIунда аьлча Хьавас ша бечу беркате балхаца а, берашка шен йолчу уьйр-марзонца а дIахоуьйту ша даккхий хьуьнарш гайта хьакъ хилар. Дала аьтто бойла хьан, къона хьехархо!

Арсанукаев Муса,
Суьрта тIехь: хьехархо Ибрагимова Хьава (аьрро агIор) шен белхан накъосташца

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных