Menu


Хьехархочух дош

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Иза тамашийна дика стаг вара. Бакъволу хьехархо. Тешаме накъост. Уллера гергара стаг. Шен доьзална дика да. Дуккха а дика гIуллакхаш юьртахошна а, бевза-безарчарна а дина волу юкъараллахо.
Сан хьехархо вара иза – Исраилов Мохьмад Шамсудинович. Иза тхуна ворхIалгIачу классехь тхо долуш дуьйна истори хьехна вара.
Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIал-
гIайн пачхьалкхан пединститутун филологически факультете деша воьдуш, экзаменаш луш вара со 1970-чу шарахь. Хьалхарчу кхаа экзаменах кхиамца чекх а ваьлла, тIаьххьарниг – истори – дIаяла вахара со. Школехь Мохьмада хьехна исторех долу хаарш суна дика дагахь лаьттара, цул сов, сайна гергахь дика кечам бина а вара со. Ас билета тIерачу массо а хаттарна кхоччуш жоьпаш делира.
Леррина соьга хьоьжуш йолчу хьехархочо-зудчо хаьттира:
– Жима стаг, хьуна истори хьан хьехна?
– ХIара пединститут чекхъяьккхина волчу тхан хьехархочо Исраилов Мохьмада Шамсудиновича хьехна, – жоп делира ас.
– Халахеташ делахь а, и цIе йолу студент суна дага ца вогIу. Амма цхьа хIума эр ду ас: хьан дика хьехархо хилла хьуна! Истори дика хаьа хьуна, коьрта долчу декъана хьан хьехархочун хаарш дика хиларца а, цунна хьеха хаарца а доьзна ду иза. Ас, хаза а хеташ, пхиъ дуьллу хьуна, хьайн хьехархочунна баркалла алалахь, – элира соьгара экзамен дIаэцначу оцу зудчо.
Суна чIогIа хазахийтира, хIунда аьлча цо хастийнарг, цкъа-делахь, сан дешича вара, шолгIа-делахь, ас лоруш волу хьехархо а, тхан классан куьйгалхо а вара. Иштта сайн дика хьехархой хиллий хиира суна. Хьалхарниг нохчийн мотт а, литература а хьехна волу, кхин а цхьа сан дешича вара - Къасим Баудинович Арсанукаев, ткъа шолгIаниг Мохьмад вара.
Ткъа шина дешичас сел дика хьехна а, Iамийна а хилча, ледара хила йиш ма яцара сан. Суна хаьара, цушинне а, ас экзаменаш дика дIаелллий хиъча, хазахетар дуйла.
Цу хенахь, дIадаханчу бIеше-
ран 60-70-гIий шерашкахь дара иза, хьехархочун болх юьртахь къаьсттина лараме бара. Казахстанехула, ГIиргIизехула цIера баьхна леллачу нохчашна шайн берашка дика дешийта лаьара. Дешаран мах мел беза бу хиънера царна. «Дешна воцу стаг бодане ву, цунна хIумма а ца хаьа, иза хьаъа а левийр ву», – олура баккхийчара шайн деша аьтто ца хилла дела. Ткъа хаарш луш берш хьехархой бара, царах доьзна дуккха а хIума дара. Цу хенахь хIинца санна шуьйра баьржина хаамийн гIирсаш бацара. Хаарийн хьоста цхьаъ дара – книжка. Хьехархоша тхоьга книгаш еша олура, мотт дика а, токхе а хир бу шун, хаарш шуьйра хир ду, дуьне девзар ду шуна, олий. Ткъа дуьне довза а, керланиг хаа а хьанна ца лаьара!
Мохьмада ша пединституте деша вахарх лаьцна дийцира тхуна тхо ворхIалгIачу я бархIалгIачу (хIинца дика дага ца догIу суна) классехь долчу хенахь.
Эскарехь кхаа шарахь гIуллакх а дина, хIара цIавеанчу хенахь вузашкахь деша вахаран экзаменаш юьйлалуш яра. Мохьмад шен эскархочун духарца ваха а вахана (цIахь берш кхунна костюм а, коч-мача а эца ца кхиънера), кехаташ чу а делла, экзаменаш дIаяла волавелира.
– Хьажахь, салти, ахь-м эрна хан ца яйина эскарехь волчу хенахь, хаарш дика ду хьан, – аьллера кхуьнга экзаменаш схьаоьцучу хьехархоша.
Иштта дан а дара иза. Казахстанехь школехь дика дешна а, эскарехь волуш хаарш карладаьх-
на а волчу жимачу стага вуно дика дIаелира экзаменаш.
ТIаьххьара ши курс йисча, заочни декъе а ваьлла, институт кхиамца чекъяьккхира Мохьмада. Сан важа дешича Къасим а, хIара Мохьмад а тхан юьртахь лаккхара дешар дешначарах дуьххьарлерачарах вара.
Мохьмад массо а хенахь школехь истори а, обществоведени а хьехна ву. Шен предметаш цунна вуно дика хаьара, цул сов, дуьненчохь политикин а, экономикин а, ткъа иштта спортан а, культурин а декъехь болу хиламаш тергонехь латтабора цо, газеташ доьшуш, радиога ладугIуш, телевизоре хьожуш.
Лакхарчу классашкахь долуш, урокашкахь кест-кеста тхоьга хоттура цо дуьненчохь кесталгIа хиллачу хIуманах лоций. Цунах лаьцна тхуна хIун хета, хIун тIаьхьало хир ю оцу гIуллакхан, олий. Тхуна дика ца хаьара хIетахь, цо хIунда хоьтту школин предметаца ца догIурш. Амма иза тхоьга ойла йойтуш, хуьлуш долчун анализ ян Iамош вара. Ахь урокехь тема мел дика дIайийцарх, хьуна карти тIехь болх бан ца хаахь, лакхара оценка Мохьмада ца юьллура. Цундела цуьнан урок дIайолаялале уьнна тIехь кхозучу карти тIехь, мичахь хIун ю хьоьжуш, таллам бора оха. Бакъдерг дийцича, карта тхуна дукхахболчарна вуно дика девзара, цу тIехь темица йоьзна а, ца йоьзна а муьлхха а меттиг схьагайта а хаьара.
Наггахь беламе минот а хуьлура цуьнан урокехь. Дешарна ледара волчу дешархочо, Мохьмада карти тIехь Бразили схьагайта аьлча, шегара указка Индокитайхула хьежо йоккхуш меттиг хуьлура.
Мохьмада хоттура:
– Дамаев (масала, иза и велахь), хьуна Пеле вуьйцу хезний?
– Хезна, Магомед Шамсудинович. Футболист ву-кх иза.
– Нийса боху. Муьлх-муьлха а футболист вац, дуьненчохь цIеяххана, тоьлла футболист ву. Иза мичара ву а, мичахь Iаш ву а хаьий хьуна?
– ХIа, … хаа-м хаьара суна…вицвелла-кх. ХIа! Бразилера ву-кх, – жоп ло дешархочо.
– Оццул гIараваьлла волу спортсмен вехаш йолу пачхьалкх карти тIехь гайта а ца хаьа-кх хьуна. Эхь дац иза, Дамаев?
Дешархо юьхьIаьржа ву, цо хIинцачул тIаьхьа карта дика Iамор ду, цуьнан шеко яц. Иштта масалш дуккха а хуьлура Мохьмадан урокашкахь.
Цунна оьрсийн мотт вуно дика хаьара, цхьа а акцент а йоцуш, цIена буьйцура цо иза. Тхоьгара оьрсийн дош аларехь гIалат даьлча, нисвора цо, ала муха деза хьоьхура. Амма лахарчу классашкахь, къаьсттина 5-6-гIий классашкахь, берашна оьрсийн мотт дика ца хаарна, нохчийн маттахь а юьйцура цо керла тема. Коьртаниг хаарш царна довзийтар, цаьрга уьш схьаэцийтар лорура цо.
Жима стаг волчу хенахь, эскарехь а, доьшуш волуш а, спорт лелийна вара Мохьмад. Юккъерачу дегIехь а, буто а, онда а волу иза езачу атлетикехь баккхий кхиамаш баьхна вара. Цо тхуна, кегийчарна, гуттар а хьехар дора, спортаца гергарло леладе бохуш.
Школехь шовзкъе пхеа-ялх шарахь болх бина волу иза, цкъа а, цомгуш ву аьлла, цIахь Iийна вацара. Жимма а сиркхо хьакхаялар тергоне ца оьцура цо.
Ткъе итт шарахь сов Чуьйрин-Эвларчу бархIшеран школехь завучан болх бира Мохьмада. Иза Iаламат жоьпалле вара шен балхахь. Ша дан дезарг цкъа а, мало йина, кханенга дIа ца тоттура цо. «Тахана динарг кхана карор ду, мало ян мегар дац», – олура цо хьехархошка, цара ледарло ялийтича дан дезачу гIуллакха тIехь.
Цо болх бечу школе муьлхха а комисси еача, оьшуш долу кехаташ гуттар а кийча хуьлура Мохьмадан, планаш я отчеташ, протоколаш я талларан белхаш – муьлхха а кехат иза хиларх. ХIокхунна болх дика барна премеш а, баркаллин кехаташ а лора Дешаран министерствон а, районан дешаран декъан а, меттигерчу а, районан а администрацийн цIарах.
Мохьмад воккха къинхьегамхо вара. ХIора денна гIаш вогIура иза балха, цIера схьа гена делахь а, мелла а гIаш некъбар могашаллина пайде хеташ.
Советан заманахь дуьйна ламаз деш, Далла Iамалъеш вара иза. Цу хенахь хьехархо ламаз деш вуйла хиъча, цуьнга школехь болх цхьана дийнан делккъалц а бойтур бацара. Амма ша жимчохь юьхьарлаьцначу новкъара дIа ца велира иза шен Iожалла тIекхаччалц.
ТIаьхьарчу шерашкахь, вайн республикехь тIом балале, аьхкенан мукъачу хенахь накхармозий леладора Мохьмада, царах вуно самукъа а долуш. И болх цунах цхьа пайда эцархьама ца бора цо, дуьххьалдIа могашаллина бора. Арахь, Iаламехь, лаьмнашкахь хан йоккхуш, хазахетара цунна. Ша историк хиларе терра, цхьацца хIума талла а хьожура иза, шира херцорашкахь дисинчу пенаш тIера йозанашка а, хьаьркашка а хьоьжуш, церан билгалонаш толлуш, царах лаьцна яздеш, воллура иза мукъачу хенахь.
Мохьмада гуттар а дозалла дора шен дешархойх, церан дешарехь а, дахарехь а кхиамаш хилча, хазахетара цунна. Ша волчу хьал-де хатта веача, самукъадолий хуьлура.
Ойланашца, духарца, леларца оьзда стаг вара Мохьмад. ЧIогIа собаре, гIиллакхе, гIийла-мискачух къахеташ, шен ницкъ кхочучу кепара нахана гIо дан гIерташ хуьлура иза.
2008-чу шарахь цIеххьана дагаца иккхинчу цамгарх кхелхира иза. Дукха нахана чIогIа халахийтира, Мохьмад дIаваьлча. Тхо, цуьнан дешархой, хIинца даккхий хилла, балхах, некъах хаьддарш а бу тхуна юкъахь. Амма вовшахкхеттта меттиг хилча, Мохьмад а, кхиболу тхешан хьехархой а хьахабо оха.
Стаг дIавоьду, амма нехан иэсехь цо дина дика гIуллакх, догIучохь аьлла дош, гIийлачунна дина гIо дуьсу. Иштта нехан иэсехь висина ву оьзда стаг, хьехархо Исраилов Мохьмад.

АРСАНУКАЕВ Муса,
Нохчийн Республикин
хьакъволу журналист

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных