Menu


Дерриге дIадолу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Новкъа вогIучу совдегарна лай гира болх беш. Цунна хи малийна, къамел дина, цуьнах къахетта хIара воллуш лено элира:
– Дерриге дIадолу, хIара а дер ду…
Цхьа-ши шо даьлча юха а цу метте кхечира хIара, хьаькам хилла Iаш карийра кхунна и лай. Вукхунна хIара вевзира, ша волчу а кхайкхина, къамел дира.
– Муха кхаьчна хьо кху дарже? – цецвелира совдегар цу хийцамех.
Хьалха лай хилла волчо совдегарна деши-дети а делла, хьалхалерра элира:
– Дерриге дIадолу, хIара а дер ду…
Кхин масийтта шо даьлча, кхечаьрца цхьаьна паччахьна совгIаташ эцна вахара хIара, шайн дика хиллачу меха тIера, кхуьнан хьалхалера доттагI вара и паччахь. ХIара цунна тIекхаьчча, юха а хьалхалерра элира цо кхуьнга:
– Дерриге дIадолу, хIара а дер ду…
Юха и вала а велла, цуьнан коша тIехIотта вахара хIара, чуьрта тIехь дара: «Дерриге дIадолу».
«ХIара-м дIадер дац», – ойла йира совдегара.
Цул тIаьхьа къанвелла, цу метте кхечира совдегар. Кешнашка вахара хIара, каш ца карийра. ДогIучу хе дукха хан йоццуш дIадаьхьна хиллера и. ТIаккха элира совдегара: «Баккъал а, дерриге дIадолу».

Гочдинарг – Алхазов Iабдул-Малик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных