Menu


Ненан меттан йовхо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Карарчу шеран 9-чу августехь «ИН-форматио» тобано Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацица а, НР-н Юкъараллин Палатица а цхьаьна дIабаьхьира нохчийн маттахь эссе язъяран IV-гIа къовсам. И къовсам дIабахьаран Iалашо яра нохчийн мотт Iалашбар а, кхиор а.
Цигахь дакъалаца йиш яра I4 шарера 20 шаре бовллалц болчу кегийрхойн. Оха шун тидаме йохку толаман меттигаш яьхнечаран эссеш.

Далаева Iайлет (1-ра меттиг)
ХIун дуьтур ду ас сайл тIаьхьа кху дуьненахь?
ХIора адам Дала Ша кхуллуш, дуьненахь яккха цхьа хан елла, даха рицкъа а делла, кхоьллина. Хиндерг хаа йиш йолуш, Шена Iамал а, Iибадат а дан хьакъверг АллахI бен вац. Делахь а, хIора адамна белла харжам бу, ша дуьненахь муха вехар ву. Вайна ца хаьа Iожалло мичахь лоцур ду вай. Цундела хIорамма а ойла ян еза, ша муха вехаш ву, муха кхелхаш ву аьлла.
Дала схьаделлачу ниIматех уггаре а мехалниг мотт бу, мохк бу, къам ду. Царах цхьаъ ца хилча, вукхеран хилар а эрна ду. Суна-м сайн декхар хета мотт а, мохк а, къам а лардар. Акхаройх адам схьакъастош дерг берг ма бу мотт. Ткъа шена тIаьхьа оьзда кегийрхойн чкъор дита хьекъал хиларехь адаме кхочуш кхин цхьа а хIума яц кху лаьттан букъа тIехь. Хан-хене мел йолу нахана йицло шайн дуьненахь хила еза ладаме Iалашо. И бахьана долуш дIадовлуш ду лаьтта вайн дайша Iаламат экама, лерина лелийна хаза гIиллакхаш, Iадаташ, амалш. Докъара юкъахь байна маха санна, йовш лаьтта вайн тIаьхье: мотт бицлуш лаьтта, мохк дIатесна, къам дицдина.
Суна-м Делах а эхь ма хета, дуьнен тIехь сайл тIахьа мехала хIума а ца дуьтуш, цунна дуьхьала яха. Ас даима ойла йо: доьзалхо дуьнен тIе воккхуш ерг, цул тIаьхьа йисинчу хенахь оцу доьзалхочуьнца кхетош-кхиоран болх беш ерг, цунна адамашлахь юкъаметтиг латтон хьекъал луш ерг нана хилча, и яйна тIаьхье стенгара йолу-те? Адам довза, царах кхета а со йоьлча, карийра суна цу жоьпана хаттар – адамаша шаьш шайна тIаьхьа хIун дуьтур ду аьлла, ойла цаяр хиллера и. Уггаре тоьлла хIума, шел тIаьхьа дита дезаш долу, оьзда кхиийна доьзал бу. Цундела мел болу ницкъ, тидам, гIора а цу тIе дахийта деза вай. Даьхни а, бахам а, алапа а дIадолу хьо лахьти чу виллича, хьуна тIе шийла латта хьаькхча. Марчонан кисанаш а дац, эхарта бахьа кечбеш тIоьрмиг а бац. ХIоранна а ша йина дика Iамал, мискачунна делла сагIа, нийса кхиийна тIаьхье бен карор яц Къемат-дийнахь. Суна сайн син а, дегIан а декхар хета, вайн ненан мотт ларбар, Iалашбар, цунна тIе цIармата хIумма а ца кхоллийтар, вайн къонахийн цIий хуьйдина, дайх бисина мохк мостагIех, жоьлгех ларбар, вайн шовданел цIена, сирла гIиллакхаш тIе уьшалан хатт ца лацабалийтар. Мел дукха нанойн кIентий бахана Далла дуьхьала шайн яхь, сий ца дохка. Оцу наноша а лиъна хир ма ду, муьлххачу а адамна санна, шен доьзалхочух шена накъост хилийта. Амма цу къонахаша паргIато, маршо шайн дахарал сийлахь лерина. Ишттачу къонахийн нанойн къилара девр ма дац вай, тIекхуьуш долу чкъор пайде ца кхиадахь!
Сан-м яхь ю цу наношца а, цу къонахашца-кIенташца а. Муха ехар ю-те церан майралла йицйина, цара баьккхина толам сийлахь а ца лоруш?
Цундела, ас и бохь лекха лаьмнаш теш а хIиттош, чIагIо йо: сайл тIаьхьа оьзда доьзал бита а, кхечарна Iамо а, дIахьеха а Iилма дита а, сайн ницкъ кхочучу барамехь АллахIан нийсачу некъа тIехь со да мел йолу хIума дита а. Ас дIахоуьйтур ду сайн тIаьхьенна, со нохчийн маттаца деган мерзашца йоьзна юй, гIиллакхал, Iадатал мехала сайн кху дуьненахь хIумма а доцийла. ТIаккха, кхин цхьаьнгара а эца ца дезаш, сох эца масал дуьсур ду царна.

Масаева Макка (2-гIа меттиг)
ХIун дуьтур ду ас сайл тIаьхьа кху дуьненахь?
ХIун дуьтур ду ас сайл тIаьхьа кху дахарехь? Цу хаттарна жоп лоьхуш, со ойланаша генна дIайуьгу…
ХIун дика дуьсур ду сох? Муьлха буьтур бу сайх пайда?.. Цу тайпа хаттарш кхолладелла сан коьртехь цкъа цхьана дийнахь нохчийн меттан урокехь хиина Iаш йолуш. И урок, шен болх безаш, самукъадаларца тхуна и хьоьхуш волу нохчийн меттан тоьлла хьехархо вара. Цуьнга ла мел дийгIи а, нохчийн матте болу безам марсабуьйлура тхан. Чохь моза бека а хезар долуш, лерина ладугIура оха цуьнга. Ткъа со… Цу дийнахь, ойланаш жимма лаамера а евлла, коре а хьоьжуш Iара. Жима йолуш дуьйна чархаца гергарло таса лууш яра со. Даима а суо тоьлла тегархо а гора…
Делахь а, оцу цхьана дийна дикачу агIор харцийра сан берриге лаамаш. Халкъан хьехархо Исраилов Ахьмадан Iабдул-Хьамид. И тхайн юьртахо волуш а доккха дозалла а хетара тхуна. Iабдул-Хьамида даима буьйцура тхуна шен ненан матте болу безам. Амма цу дийна къаьсттина чIогIа дагахкхийтира суна цуьнан дешнаш. Нохчийн мотт сийсаз ца беш, цуьнан сий ца дойъуьйтуш, лаккхарчу тIегIан тIехь латтош, и ларбан, тIекхуьучу чкъурана масалш хила декхарийлахь дерш тхо дуйла хаийтира цо. Иштта дан а ду иза. Массара а кIадешца гергарло тесча, хIун хир дара нохчийн маттах?.. Оцу минотехь и ларбаран декхар сайна тIехь а дуйла кхийтира со. Иза сайн даг чохь къобал а дира ас. Нохчийн мотт дIатаса йиш яц… ТIаккха мила хир ву нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш довзийта дIахIуттур верг?.. Сурт хIоьттира суна: суо Iуьйренца, дуьххьара гIоттучу маьлхан зIаьнаршца, даг чохь нигат а дина, сайна хуург берашна дIахьеха а, нохчийн матте безам кхолла а, и нохчийн мотт хьоьхуш йолу со езийта а хьаьдда школе йоьдуш.
Оцу ойланашца чекхъелира цу дийнахь сан нохчийн меттан урок. Ткъа сан кхоллабелла лаам хийца ца белира.
Тахана со Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультуте деша дIахIотта ойла йолуш ю. Иза сан хьалхара гIулч лара мегар ду – нохчийн мотт, уггаре а хьалха, сайн сица ларбан яьккхина йолу. Делахь а, юха ойланаша дIаюьгу со… Цкъа мацах Кадыров Iабдул-Хьамидан кIант Ахьмад-Хьаьжа нохчийн къомах дог а лезна, орцахваьлла ца хиллехьара, хIара таханлера аьттонаш хир барий-те?.. Сирачу басехь хилла йолу вайн Нохчийчоь машаречу басе ерзийна ца хиллехьара, хир барий-те кху дийнан аьтто?.. Бацара аьлла хета суна.
ХIокху беттан 23-чу терахьехь 70 шо кхочур дара цуьнан, делахь а вайца вацахь а, адамийн дегнашкахь яха йисина цуьнан цIе. Иштта хьехархойн пусар дина, церан сий а айъина, шен яккха дика цIе юьтуш дIавахара Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан).
Ткъа сох бер буй-те цхьа а пайда?.. Со гур юй-те ишттачу сирлачу вастехь сан дешархошна… Сайн ницкъ ма-кхоччу хила хьожур-м ю, хIунда аьлча ненан мотт сан сица бу. И буьтур бу ас сайл тIаьхьа а!
Шел тIаьхьа, синтар доьгIна а, цхьа дика дита деза, цу синтарх-м дитт а хилла, цуьнан IиндагIехь садаьIинчо баркалла ала а ма тарло…

Какаев Джабраил  (3-гIа меттиг)
ХIун дуьтур ду ас сайл тIаьхьа кху дуьненахь?
ХIора адам цхьа Iалашо кхочушъян догIу кху дуьненчу. Уггаре а хьалха, Далла Iибадат дар ду цунна тIехь. И Iибадат деш, адамо дуккха а некъаш леладо, цо шел тIаьхьа дуккха а хIума дуьту: дика я вон, дукха я кIеззиг, ял я къинош.
Ас хIун дуьтур ду сайл тIаьхьа? Хьанна, муха дагаоьхур ву-те со? И хаттарш коьрта хила деза хIора адаман. Цу хаттарца и адам дехаш дацахь, цуьнан коьрта Iалашо шел тIаьхьа дуккха а диканаш, дика йоккхуш цIе йитар дацахь, цуьнан вахар эрна ду. ХIун ду-те шел тIаьхьа адамо дита дезарг? Сайна хетарг ала хьожур ву со.
Вайна хезна-кх къаноша дуьйцуш: цхьа воккхастаг хилла боху валарчу вахана, меттахь Iуьллуш. Шен кхаа кIанте тIе а кхайкхина, аьлла боху цо: «Сайн хан тIекхаьчна моьттуш ву со, шуьга ала дезаш цхьа хIума дара сан. Шуна ма-хаъара, со кхин вехаш а ца хилла, даьхнийн да а ца хилла, сайл тIаьхьа шуна бита бахам бац сан, амма шу сагIа доьхуш ца леллал, жимма ялта а, латта а ду шуна. Уггаре а коьрта сан шуьга ала дерг: ас шуна сайн яхь, гIиллакх-оьздангалла, вайн дайн Iадаташ, сий, дика цIе юьту. Коьртаниг и ду шуна».
Кху дийцарехь вайна го вайл тIаьхьадиса дезачух коьртаниг.
ХIун дуьтур ду ас сайл тIаьхьа бохучу хаттарна жоп лоьхуш, вайн махкарчу дикачу нехан дахаре хьежа волавелира со. Вайн къоман дуккха а хилла дика нах, Iелимнах, яздархой.
Бераллехь дуьйна церан масалшка ладийгIина волчу суна а лаьа вайн махкана пайде хила, сайл тIаьхьа дика гIуллакхаш дита, кху лаьттахь со ваьхна хиларан тоьшалла – къомана пайде хиларца дита.

Зорбане кечйинарг – Тунтуева Танзила

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных