- Категория: Нохчийн Мотт
- Просмотров: 116
Керлачу школехь беркате болх бийраш
Муьлххачу а говзанчина шен болх уггаре лараме а, оьшуш а хета. Цу тIехь вай цунна бехк буьллур бац, хIунда аьлча цуьнан бакъо ю шен болх бийца а, хесто а, уггар дика а, лараме а хета. Амма вай билгалдаккха деза цхьа хIума: говзанчех говзанча вийриг а, иза Iамош верг а хьехархо ву. Цундела хьехархочун болх лаккхарчу тIегIанехь лаьтташ бу. Вай массо а цо, Iама а вой, новкъа воккхуш ма ву.
Вай-м дац хIара болх коьрта бу, важа лахара бу ала гIерташ, берриге а белхаш оьшуш а, мехала а бу, нагахь уьш нахана пайде белахь.
Къамел хьехархочун балхах лаьцна хир ду, хIунда аьлча цо, хаарш а делла, Iамийнарг бен ца хуьлу лор а, инженер а, космонавт а, Iилманча а, кхиверг а. Муьлххачу а корматаллин бухахь хьехархочо делла хаарш ду, школехь схьаэцна Iилманан баххаш ду.
Иштта цхьана хьехархочух лаьцна газет дешархошна дийца лаьа суна. Шуьйтан кIоштара Дочу-Борзерчу юкъардешаран юккъерчу школехь болх беш ю Байбетирова Зайнап Абдул-Вахидовна. Иза кху школехь дешаран-кхиоран декъехь директоран заместитель ю. Кху юьртарчу школехь юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш хилла Зайнап 1987-чу шарахь дуьйна.
Амма хIара школехь болх бан ша йина а, кхиъна а йолчу Дуби-Эвлахь йолаелла.
– Тхайн юьртахь юккъера школа 1982-чу шарахь чекхъяьккхинчул тIаьхьа со Гуьмсерачу педучилище деша яхара. Школа яьккхина хиларна, со 3-чу курсе дIаийцира. Шина шарахь цигахь дешна яьлча, Дуби-Эвларчу юккъерчу школехь юьхьанцарчу классашкахь хьеха йолаелира со. Сайн хиллачу хьехархошца болх бар нисделира сан. Царна юкъахь мелла а эхь хеташ а, ийзалуш а хуьлура со. Ханна жима хиларна а, балхахь зеделларг цахиларна а суна хала дара хьалхарчу хенахь. Амма сан накъосташа, баккхийчу хьехархоша, со тесна ца йитира. Къаьсттина суна балхахь дика гIо дира дуккха а шерашкахь тхан школехь юьхьанцарчу классашкахь болх бинчу Азиева Алла Султановнас а, завучан болх беш хиллачу Зинаида Григорьевнас а, Атабаева Яхас а, кхечара а.
Иштта болабелира Зайнапан школера болх. Цул тIаьхьа къоначу хьехархочо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан юьхьанцарчу классашкахь хьехаран факультет чекхйоккху 1989-чу шарахь, шен балхара юкъара а ца йолуш. ТIаккха цунах лаккхара дешар дешна а, балхахь зеделларг долуш а говзанча хуьлу.
Шен болх безаш хилла ю Зайнап даим. Иштта кхолламан бахьанашна Дочу-Борзехь шен Iер-дахар нисделча, кхузарчу школе балха йоьду хIара. Кестта къона хьехархо куьйгаллин балха йохуьйту: хьехаран-кхиоран декъехь директоран заместитель. Дочу-Борзерчу школехь 2004-чу шарахь дуьйна цу даржехь ю Зайнап Абдул-Вахидовна.
– ХIинца вай чохь долу хIара школа кху шарахь схьайиллина ю, – дуьйцу Зайнапа. – Школа Iаламат йоккха а, хаза а, сирла а, дешаран гIуллакхна оьшург дерриге а долуш а ю. Кху чохь деша берашна самукъане а, паргIат а ду. Тхан хьехархойн коллектив а, дай-наной а, дешархой а чIогIа сатесна бара юьртахь керла школа яре. Хьалхалерниг тишъеллера, берашна охьаховша меттигаш йоцуш, баланаш а хьоьгура оха. Делан къинхетамца, вайн республикин куьйгалло гIо лацарца тхуна хIара школа йи. Кхузахь хьехархошна болх бан а, берашна деша а мел синтеме, мел дика ду.
Юьртана лакха йистехь, Iаламат хазачу меттехь, гобаьккхина лаьтташ лаьмнаш долчохь ю хIара школа. «Баккъал а, ма дика меттиг хаьржина хIара школа йиначара! Ма хазачохь лаьтта хIара!» – ойла кхоллало сан, кхуза чувогIучу хенахь школе хьоьжуш со лаьттина дела.
– Дешархой дукха буй шун? – хотту ас Зайнапе.
– Дешаран 20 классехь 456 дешархо ву тхан. Классийн чоьнаш яккхий а, сирла а ю. Спортзал а, дешаран пхьалгIанаш а, арахь физкультурин урокаш дIаяхьа спортан майданаш а ю. Берашна деша берриге а аьттонаш бу кху школехь. Керлачу, вайнзаманахьлерачу проектаца йина ма ю хIара, – жоп ло завуча.
Гуш ду цуьнан йоккхаер а, школехь сел яккхий таронаш хиларна хазахеташ хилар а.
– Зайнап, берийн дешар муха ду шун школехь? – хотту ас.
– Дешарца болу гайтамаш дика бу тхан. Масала, дIадахана дешаран шо, бераш 99 процентана дешарца ларош, чекхдаьккхира оха. Иза кIоштахь лаккхарчу гайтамех цхьаъ бу.
Тхойшиннан къамел дешаран а, берийн кхиамех а долчу хорша доьрзу. Дешаран олимпиадашкахь гуттар а дакъалоцу кху школерчу дешархоша. Стохка оьрсийн, нохчийн меттанийн а, литературийн а, математикин а, историн а, обществоведенин а олимпиадашкахь Шуьйтан кIоштахь жигара дакъалецира Дочу-Борзерчу школин дешархоша, 7 призови меттиг яьккхира цара цу къийсадаларшкахь. Иза дика гайтам бу, уггаре а хьалха хьехархойн белхан маххадор ду иза. Ткъа хьехархой кху школехь дика къахьоьгуш бу. Масала, юьхьенцарчу классийн хьехархочо Арсанукаева Малика Усмановнас, «Шеран хьехархо» аьлла, цIе яьккхина Шуьйтан кIоштахь. Иза цуьнан шен хилла ца Iаш, ерриге а коллективан кхиам бу, дозалла а ду. Иштта «Къона хьехархо» аьллачу конкурсехь кIоштехь 2-гIа меттиг яьккхина кху школин юьхьанцарчу классийн хьехархочо Арсемикова Аминат Идрисовнас.
Къоначу хьехархойн балхана къаьсттина боккха тидам тIебохуьйту шаьш, боху Зайнапа. Шена дагадогIу, ша болх бан йолалуш, мел чIогIа оьшура зеделларг долчу, белхан воккхачу накъостан гIо. Цундела шайн къоначу хьехархошна леррина накъосталла деш, белхан халонаш эшо царна Iамош, схьадогIу шаьш, дуьйцу завуча.
– Шун школехь дешна болчех цхьа а вуй кху коллективе болх бан веана? – ду сан рогIера хаттар.
– Дера, ву, масех говзанча ву, вайн республикин университеташкахь дешна, лаккхара дешар чекх а даьккхина, схьавеана. Тхо царах даккхийде. Сан дешархо хилла ю тахана кху школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йолу Эдигова Макка Хаваж-Баудиновна. Иштта тхоьца болх беш ву физкультура луш волу тхан дешархо хилла Ташаев Аюб Аптиевич.
Кху шарахь школа чекхъяьккхинчарах шиъ вахана хьехархочун говзалла Iамо Нохчийн пачхьалкхан педуниверситете.
Хьалха школехь къахьоьгучу хьехархоша олура: «Хьехархо, кхиае хьакъ йолу тIаьхье!» Баккхий хьехархой пенсе боьлху, царах верриге а ца вуьсу школехь кхидIа а болх беш, цундела мехала ду хьехархойн керла чкъор кхиор, цунах тоьлла хьехархой бар. Ткъа иза шайн хилла дешархой, тахана хьеха баьхкина къона говзанчаш, дика бевзаш болчу баккхийчу хьехархоша санна дика хьан дийр ду?
Дочу-Борзерчу школехь хьехархойн къона тIаьхье кхиош ю, цу тIехь кхиамца беш болх бу.
Атта дац юьртарчу хьехархочунна. Шен корматаллин хаарел сов, дуккха а хIума хаа дезаш ву иза, культурин а, юкъараллин а дахарехь масал гайта дезаш ву хьехархо ша вехачу юьртахь. ГIалаташ дийлийта бакъо яц цуьнан, хIунда аьлча цуьнан дерриге а дахар дай-наношна а, дешархошна а, юьртарчу нахана а хьалха дIадоьдуш ду. Иза шен юьртахь вайн махкахь а, дуьненчохь а хуьлуш долу керланиг довзийта а, цуьнан мах хадо а хууш хила веза. Хьехархо масална ма валаво юьртахоша, ца хуург цуьнга хатта олий.
Арсанукаев Муса