Menu


Къоначу хьехархочун кхиамаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Россин кхечу регионашкахь, яккхийчу гIаланашкахь дешна болу нохчийн кегий нах, шайн цигахь цхьа аьтто а хилла, болх а, некъ а нисбелла, меттиг хилча, дукха хьолахь цу гIаланашкахь совцу. Амма шен цIахь къахьега а, халкъана пайден хила а луург цIавоьрзу, шен говзанчин а, адамаллин а декхар дай баьхначу махкахь ваха а, болх бан а хетарна.
Иштта Красноярскехь Сибиран федеральни университетан исторически факультет чекх а яьккхина, Нохчийчу цIа веара Исламгириев Сулейман Султанович. Иза ЧIишкахь юккъера школа чекхъяьккхина вара Сибрех деша воьдучу хенахь.
Юьхьанца Соьлжа-ГIалахь номер 8 йолчу юккъерачу школехь болх бо къоначу хьехархочо. Цо берашна хьоьху истори а, обществознани а. Ша генарчу гIалахь университетехь схьаэцна хаарш берашна довзуьйтуш, церан кхетам кхиош, къахьоьгу кIанта. Кху школехь балхахь волуш, дуьххьарлера кхиамаш а боху цо. Лаккхарчу говзаллица къахьегарна а, кхуо хьоьхучу дешархойн дика хаарш хиларна а 2018-чу шарахь Россин Федерацин дешаран министран цIарах Сийлаллин грамота ло Сулейманна. Ткъа цул сов, школин куьйгаллин цIарах масех совгIат а ло къоначу хьехархочунна. Белхан хьалхара гIулчаш бен яцахь а, бIаьрла кхиамаш бохуш схьавогIура иза. Шен дика дешархой бара Соьлжа-ГIаларчу школехь, дуьйцу Сулеймана. Уьш дешарехь кхиамаш бохуш а, махкахь а, дуьненчохь а долчу политикин а, социальни дахаран а хьелех кхета гIерташ а бара. Ша воккхавоьра уьш сирла кхетам болуш а, хIуманна тIекхиа гIерташ а хиларх. Иштта шен хиллачу дешархойх шена билгалваккха луур дара Садулаев Леча. Цу школин тоьлла дешархо вара иза. И санна кегий нах вайн хилахь, халкъан кхане беркате хиларан шеко яц,
дуьйцу Сулеймана.
Шуьйтан районан Лаха-Варандарчу юккъерчу школехь болх беш ву Сулейман 2018-чу шарахь дуьйна. Кхузахь а истори а, обществознани а хьоьхуш ву иза.
– Муха хета хьуна юьртарчу школехь долу хьал? Дешархой ларош буй дешарца? – хотту ас хьехархочуьнга.
– Хьал, гIаларчу школе хьаьжча, мелла а къаьсташ ду, амма йоккха башхо яц. Дешархой а къахьоьгуш бу. Ахь шайна хьалха цхьа Iалашо а хIоттийна, оьрсийн маттахь аьлча, «мотивация» а йина, уьш иркарахIиттийча, церан дешар мелла а гIолехь хуьлу. Амма кхузахь цхьа йоккха хало ю: юьртарчу берашна оьрсийн мотт ледара хаьа. Цу халоно церан дешарна яккхий новкъарлонаш йо. Историн а, къаьст-
тина обществознанин а мотт дешархошна кхета хала бу, хIунда аьлча царна цкъа а хазаза терминаш а, чолхе дешнийн цхьаьнакхетарш а ду учебникаш тIехь. Царах кхетархьама исбаьхьаллин литература ешна ца Iаш, юкъараллин-политически чулацам болу книгаш а еша еза, телевиденехь а, радиохь а дIахьош йолчу передачашка хьовса а, ладогIа а деза. Ишттий бен церан хаарш лакхадахар а, кхетам кхиар хир дац. И болх цаьрга байта оьшу-кх и мотиваци.
Сулейман хIора дешархочуьнца леррина болх бан хьожу. Церан кхетам а, хаарш а цхьана тIегIанехь дац. Цхьаверг хIума дика схьалоцуш а, цунна сиха тIаьхьакхуьуш а хуьлу, ткъа вукхуна дуккха а дийца а, иза кхето везаш а хуьлу. Иштта ша ца кхоош, къахьоьгу къоначу хьехархочо, ша хьехначу дешархойн лаккхара хаарш хилийтархьама. Къаьсттина дукха болх бо цо школа чекхйоккхучаьрца, уьш ЕГЭ экзаменна кечбечу хенахь. Царах цхьаберш лаккхарчу дешаран заведене деша боьлхуш, историн а, обществознанин а лаккхара баллаш хила езаш бу, цундела цаьрца болх бар алссам хуьлу.
– Стохка, дешаран шо чекхдолуш, экзаменашкахь шен дешархочо Яхьяева Асета 85 балл яьккхира обществознанина, ткъа Сулейманов Муслима оццу предметана 78 балл яьккхира. Уьш дика кхиамаш бу. И ши дешархо Нохчийн пачхьалкхан университете а, Нохчийн пачхьалкхан педагогически университете а деша дахана. Ткъа иштта кхиболу тхан дешархой а бахна кхечу дешаран заведенешка деша.
Гуш ду хьехархочун воккхавер шен дешархойн дика кхиамаш хилча, иза-м иштта хила а ма дезий, дешархойн кхиам хьехархочун къахьегарца боьзна бу. Хьехархочо хьегна къа эрна дайча, боккха дагахьбаллам ма бу.
Сулеймана хIора шарахь хуьлучу районан олимпиадашкахь дакъалацийта кечбо шен дешархой. Дукха хьолахь цара хьалхара меттигаш а йоху цигахь, жигара дакъа а лоцу ишттачу къийсадаларшкахь. Дешархошна хаарш даларал сов, цаьрца лаккхарчу тIегIана тIехь кхетош-кхиоран болх а бо къоначу хьехархочо. Цо урокехь а, школал арахьа а ша цаьрца бечу балхахь леринчу тергонехь латтадо дайн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ царна довзийтар. Къоман турпалхойх а, церан хьуьнарех а, царах вай дозалла дан дезарх а, уьш вайн иэсехь латто безарх а лаьцна дешархошна
дуьйцу Сулеймана. Нохчийн халкъан истори Iаламат шира а, токхе а ю, иза юьззинчу кепара хIинца а теллина яц. Цу тIехь бан безаш дуккха а болх бу, иза тIекхуьучу тIаьхьенаша бан беза, леррина а, тIаьхьа ца тоьттуш а. Хьалхалерчу заманашкахь вайн истори Iамо а, талла а аьтто ца хиллехь, тахана вайн паргIатонаш ю цу агIор. Муьлххачу пачхьалкхан архивашкахь болх бан а, вайн къомах дерг лаха а йиш ю нохчийн. Тахана болуш болчу а, кхана хин болчу а историкийн аьтто бу вайн халкъан баххаш талла а, даста а. ХIунда аьлча иза къомана оьшуш ду, цуьнан кхидIа а долчу дахарехь а, кхиарехь а ца хилча йиш йоцуш гIуллакх ду. Шен истори ца хуу къам доха герга ду. Иштта хьехарш до Сулеймана шен дешархошна.
Кху шарахь дIаяьхьначу цхьана конкурсехь дакъалецира Сулеймана, хьехархочо-историко санна. Иза Даймехкан Сийлахь-Боккхачу тIеман хиламашна лерина, ерриге а Россин Федерацехь дIахьош йолу «Толаман диктант» яра. Вайн регионехь толам баккхарна диплом делира историн хьехархочунна Исламгириев Сулейманна Султановична. Хьехархочун толамех цхьаъ бара иза, ткъа уьш цуьнан дуккха а бу, тIейогIучу заманахь кхин а шортта хир а бу, Дала мукъ лахь!
Ша къахьоьгучу школехь шен накъостийн-хьехархойн а, дешархойн а боккха ларам болуш ву къона хьехархо Сулейман Султанович. Иза гуттар а лехамехь ву, балхахь керл-керла хьехаран некъаш лоьхуш, дешархойн хаарш алсамдаха а, цаьргахь диканиг, оьзданиг кхио а гIерташ.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных