Menu


Вай хоржу некъаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шен даго къобалъеш йолу корматалла а хаьржина, цунах воккха а веш, даггара къахьега волавелча, стаг ирсе хуьлу. Цуьнан цхьа а шеко яц. Цкъа-делахь, шена еза корматалла караерзо гIерташ, доьшуш, къахьегна цо, шолгIа-делахь, и болх беза а белла, цуьнан кIоргене а, хазалле а кхача гIиртина иза. Цунна ша хаьржина некъ массарал дика хета, цундела даггара а, хьанал а къа а хьоьгуш, корматаллин лакхенашка кхача лаьа говзанчина.
Идешнаш стеган муьлххачу а балхах, цуьнан къинхьегамах ала йиш ю вайн. Амма тахана къамел хьехархойн корматаллех дIахьур ду вай. Хууш ма-хиллара, иза уггаре ширачух а, адамаша лоручух а цхьа корматалла ю. Массо а стаг хьехархочо Iамавой, дуьненах хаарш а лой, кхетавой-кхиавой, новкъа воккхуш ву. Цхьана хьекъалчас аьлла: «Цхьа а вац сан мостагI, амма массо а суна хьехархо ву». Кхуьуш волу жима стаг я йоI массарах а Iема, диканиг, пайдениг схьаоьцу цо, ткъа вониг, зуламениг дIатотту, цунах ларвала Iема. И дерриге а царна хьоьхуш верг хьехархо ву.
Дахарех муьлхха хIума а Iамо хала ду, нагахь хьо цунах кхета лууш вацахь, цунах болу пайда я зен къасто хьуна ца лаахь. Оцунах ша Iамош болу дешархой кхетийта гIерта Шелан районерчу Дуби-Эвларчу юкъарадешаран юккъерчу школин директоран кхетош-кхиоран балхахь заместитель а, историн а, обществознанин а хьехархо а йолу Масар Ризвановна Заурбекова.
Дуби-Эвлара хIара школа 1984-чу шарахь чекхъяьккхина Масара. Цу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете исторически факультете деша а яхана иза. Цигара 1988-чу шарахь кхиамца дешна а яьлла, Дуби-Эвларчу юккъерчу школе балха еара къона йоI. ХIара езаш тIеийцира кхуьнан хиллачу хьехархоша, хIокху школехь доьшуш йолуш дуьйна а дика доьшуш а, оьзда а, гIиллакхе а хIара хиларна. Школехь доьшучу хенахь истори езаш яра Масар. Кхунна шен предмет езийла хууш, истори хьоьхуш волчу Базаев Саид-Эми Бисолтаевича кхунна гIо дора, ца кхеташ дерг хьоьхура, кхин тIе а йолу литература луш, йоIан исторех долу хаарш алсамдохура. Иштта хаьржира Масара хьехархочун корматалла а, истори а.
Дика хаарш долчу къоначу хьехархочунна балхахь яккхий халонаш яцара. Амма хаа дезаш, Iамо дезаш дуккха а хIуманаш дара. Беран психологи йовзар, цуьнан дог-ойла муха ю хаар, цунах кхетар а, тешар а – и дерриге а цхьа хан-зама яьлча бен кара ца дирзира. ХIунда аьлча хьалхарчу шерашкахь къоначу хьехархочунна, балхах воллалц а, зеделларг хиллалц а, хала ду дуьххьарлера белхан халонаш эшо. И халонаш дукха хьолахь дешархошца йолу юкъаметтигаш нийса дIахIитторца йоьзна ю.
Амма Масаран яккхий халонаш шен балхахь ца хилира. Цкъа-делахь, кхунна хьеха а, хIара дагаяла а шортта зеделларг долу кхуьнан хилла хьехархой бара, шолгIа-делахь, хIара шен юьртахь яра, ткъа кхузахь массо а вовшийн вевзаш а, гергарлонаш долуш а ву. Хьехархочун болх юьртахь уггаре а лоручех цхьаъ бу, иза нехан тергонехь ву, цунна оьшучунна тIехь гIо дийр доцуш цхьа а вац.
Шайн къоман истори берашна къаьсттина дукхаезийла а, иза йовза луийла а хууш, шена караеана литература цаьрга кхочуьйтуш, нохчийн исторех долу керланиг царна довзуьйтуш, къахьоьгу Масара. Шен къоман истори, цо дIадаханчу шерашкахь лайна халонаш, цо бина некъ муьлххачу а дешархочунна хаа беза аьлла, хеташ ю хьехархо Масар Ризвановна. Стенна оьшу иза вайн дешархошна? Дера, оьшу шен къам кIорггера довза, цуьнга ларам хила, цунах дозалла дан, ша мила ву, хьанах схьаваьлла хаийта. Шен къам а, цуьнан истори а, мотт а ца хуург ша цу къомах ву ала а хьакъ вац.
Историн хаарех доьзна дуккха а хIума ду. И предмет, дIаяханчу хенах деккъа хаарш хилла, юьсуш ма яц. Цо граждански позици кхиайо дешархочуьнгахь, дIадаханчун а, долуш долчун а мах хадо Iамаво, къоначу тIаьхьенехь патриотически дог-ойла латтайо. Оцу дерригенах шен дешархой кхето гIерта Масар Ризвановна ша хьоьхучу урокашкахь.
Кхуьнан дешархоша хIора шарахь районехь хуьлучу олимпиадашкахь дакъалоцу, цхьацца верг республикехь дIахьочу олимпиадийн тIегIане а кхочу. Берийн кхиамаша, цара цу тайпа къийсадаларшкахь хьалхара меттигаш яьхча, хьехархочун дог хьосту, ша хьегна къа эрна доцийла хаьа.
Школехь предметни кIиранаш а, викторинаш а дIахьо Масара, шен накъостий-хьехархой юкъа а балош. Ишттачу балхо дешархойн
хаарш зерал сов, церан дешаре йолу ойла самайоккху, керланиг довза а, Iамо а дог доуьйту.
Ас хотту Масаре, цуьнан хиллачу дешархойх цхьа а веаний школе болх бан? ЛадоьгIча, уьш масех хилла. Юьхьенцарчу классашкахь хьоьхуш ю, масала, Ибрагимова Хьавай, Ибаева Миланий, лакхарчу классашкара дешархошна физика луш ю Хаджимурадова Айза, берашна математика Iамош ю Балатбиева Милана, ткъа Яхьяева Iайшат а, Куриев Мансур а, шайн хьехархо Масар Ризвановна санна, истори а, обществознани а хьоьхуш ду. Иштта хьал ду кхузарчу школехь: зеделларг долчу хьехархоша шайл тIаьхьа йогIу корматаллин къона тIаьхье кхиийна. Иза уггаре мехала гIуллакх ду школин коллективехь – къона говзанчаш кхиор, церан корматаллин тIегIа, шо-шаре мел долу, лакхадаккхар. Хьанна пайда хуьлу ишттачу балхах? Массарна а хуьлу-кх.
Школехь дешархошца беш болчу кхетош-кхиоран балхаца йоьзна йолу, дезачу деношна лерина елахь а, вуьшта рогIера елахь а – ерриге а мероприятеш кечъеш, уьш дIахьош ю Масар Ризвановна. Иза кхуьнан белхан жоьпаллин а, мехала а агIо ю.
Хаьржинчу некъана реза ю ша боху хьехархочо, иза шена товш а, цунна ша реза а ца хилча, тоххара кхин болх лехна хир бара ша. Хьекъале дешнаш ду уьш. Масар тахана шена безаш болчу балхахь къахьоьгуш ю, цуьнан баккхий кхиамаш а бу. Уьш хиларан билгало ю 2019-чу шарахь цунна лаккхара а, сийлахь а «Россин Федерацин дешаран лараме белхахо» цIе ялар.
Дала тIаьхье беркате йойла!

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных