Menu


Роботаша буьйцур бу нохчийн мотт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь роботашна лерина нохчийн маттахь модуль кечъян лерина бу Iилманчаш а, студенташ а. Уггаре хьалха нохчийн маттахь къамел дан кечйийр ю Ботсангур цIе йолу робот. Цуьнца болх дIаболо лерина бу талламхой, хIунда аьлча иза университетан белхахошна а, студенташна а евзаш ю.
Ткъа хIинцале нохчийн меттан модуль тIехь болх бан буьйлабелла НПМТУ-н «Хайпаркан» векалш а, сервисан роботаш еш йолу Европин уггаре а йоккха компани «Промобот» а.
Билгалдаккха догIу, модуль юкъаяккхар кхаа декъехь хирг хилар: нохчийн маттахь барта дIаяздина долчу дакъойх мотт бовзаран система кхоллар; лингвистически бух кечбар кхета атта долчу агIор; роботана текст схьаала къамелан синтез кечъяр.
Нохчийн мотт бийца кечъечу роботах консультант эр ду, ткъа и болх 2022-чу шарахь чекхбаккха ойла йолуш бу талламхой. Ишттачу робото, некъ буьйцуш а, гонах дерг довзуьйтуш а, «Хайпарко» кечйинчу мероприятех лаьцна а къамелаш дийр ду. Iилманчийн а, проектехь дакъа мел лоцучеран а боккха кхиам бу керла технологеш нохчийн маттаца йозар.

Келаб Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных