Menu


Дицдинехь а хIума доцург (Я морзи чу пхьид тасар)

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Яйнарг хIун яра дага ца догIу, арахь лаьттарг сан бераллин аьхке хилар шерра дагадагIахь а. Къола хьанна динера а дагадогIу, амма цунна тIе пIелгаш а хьежор дац вай… Малх гIушлакхе баьллачу хенахь самаяьлла, уьйтIа яьллачу суна тхайн рагIу кIелахь гIовгIа-гIара хези. ДIахьаьжча, лула-кулара зударий а, кегийрхой а, бераш а ду цхьана хIуманна гуо а бина дохкуш (бераш-м сих-сиха юха а човхадора). Со декъехь йоцуш и гIуллакх дIадерза йиш-х яций аьлла, со а царна тIеяха… суна чай дала дезаш йолу денана а цу юкъахь хилча, хIета а… Тахана долуш санна, дуьхьал лаьтта и ши гIутакх – лаьттах хьокху басарш чохь Iийна, царах цIандина, гIеххьа мекхадола а ларийна ши гIутакх. Цхьана гIутакхахь морза дара (хIаъ, со гIеххьа цец а йолуш, боьхачу гIутакх чу морза денанна хууш доьттиний-те аьлла), шолгIачу гIутакхахь хи дара, хетарехь, доьдучу хоршара эцна, даьржина хи… цу хи чохь пхьид сацон гIерташ, яьккхина гIовгIа хиллера со рагIу кIел
ялийнарг а.
И таллам бина со яьлча, кхин а тамашийна дерг схьалеци ас: берашца ловза жима а, баккхийчийн могIаре хийша йоккха а йоцу, кхиъна йогIу сан дейиша а, лулара цуьнан доттагI а ю-кх дукха лерина цхьаъ тоьгуш-доруш! Хьехарш деш баккхий зударий а бу… Хеттарш дарх, суна кхоччуш жоп ца луш, «дукха къена ю хьо, Молла-Баба, дIаяда кхузара», – аьлла, эккхорна а кхераелла, айса тидам бан саций ас. Дукха хьежа дезаш а ца хиллера…баьццарчу дарих тегна коч-хеча а дуьйхина, оццу баьццарчу дарих баьккхина тIам коьрта а тиллина (корта дIасахьийзош, хала тиллийтира и тIам) хаза-тамашийна кечйина пхьид морза чохь долчу гIутакх чу а йиллина, и гIутакх карахь, хезаш ца хезаш ловцаш (я сардамаш) а бохуш, кевл аратилира шен къу лаха чIагIо йинарг… Мел леррина ладогIа гIортарх «боганаш», «хIара пхьид эккхаш», «къу» боху масех дош бен ас схьа ца лецира…
Иштта суна хааза дисира и пхьид стенга яхара а, я и иккхира, ца иккхира а. Цунах дерг денене хатта йоьлча, «ша цхьаъ леладо бохуш йоллура… сагатло цуьнан цхьацца хIума ца айдича», – аьлла, шена и хIуманаш дош ца хетий хаийтира денанас. Амма суна цунах кхачо ца хуьлура… «Москалан кIорнешка бIаьрг тухуш хилалахь, со жимма гам тоха керта йолу», – аьлла, денана бешахь къайлаяьлча, айса кех а даьхна, москалан кIорнеш тхайн урамех хьалалахкар-м дицдан а, ца дийца а мегар дара, делахь а…
Тхан урамех хьалавахча йолчу больницан кетIа «шаьш дIадахана» москалан кIорнеш схьадалон яханчу ас дийнна де-м дайира, гай иккхина, вочу хьолехь цига цхьа а валавой хьоьжуш… Дукха шераш девлла цул тIаьхьа, мел лаххара а ткъе итт шо… амма цу суьрто юх-юха ойлане йоккху… И пхьид кечйинарг баккъал а тешаш яра-те ша кечдечух? Я ша «гIоьнна» вовшахтоьхначийх ца тешаш, уьш зуьйш яра-те? Амма цхьа хIума-м ду… и къола баккъал а динчух къахеттарг со бен хиллера моьттуш-м яц со…

Петирова ПетIамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных