Menu


Хьехархо хила атта дац

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шелан районехь ширачех цхьаъ ю Чуьрийн-Эвлара коьрта юккъера школа. Кху школин коллектив йоккха яц, амма хьанал а, бертахь а болх барца кхечарна юкъахь билгалъяьлла ю иза. Берашца бен хьехаран а, кхетош-кхиоран болх а кхиамца кхочушбо кху школин хьехархоша. Цундела кхеран дукхахболу дешархой дика хаарш долуш а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла леррина лелош а бу.
Школин директора Юсупова Сарета Ризвановнас кху школина куьйгалла до дуккха а хан ю. Коллективан балхаца а, берийн дешарца а доьзна дерг дерриге а тергонехь латтадо цо. Цу балха тIехь цуьнан дика накъост хилла схьайогIу дешаран декъехула директоран заместитель йолу Колоева Аза Солтмуратовна. Цунах лаьцна хир ду сан къамел.
Аза кху школехь къахьоьгуш ю 1996-чу шарахь дуьйна. Оцу шарахь Нохчийн пачхьалкхан педагогически институтан юьхьаенцарчу классашкахь хьехаран факультет тIех дика дешарца чекх а яьккхина, хьехархочун балха еара иза. Кхаа шарахь юьхьанцарчу классашкахь болх бира йоIа. Елалелла, екхаелла йолу Аза сиха дIаийра хьехархойн тобанах. Леррина къахьоьгуш, берийн дешарца доьзна цхьа а хIума ледара ца дуьтуш, массаьрца ийна а, бертахь а йолу къона хьехархо езаш тIеийцира хьехархоша а, дешархоша а. Школехь оьрсийн мотт а, литература а хьеха говзанча эшарна, и предметаш хьеха яхийтира Аза 1999-чу шарахь. ЙоI дика ларайора керлачу балхаца. Урокашна леррина кечам беш, берийн деша дог доуьйтуш, керланиг царна довзуьйтуш, церан хаарш тодеш, къахьоьгура къоначу хьехархочо. Ша куьйгалла дечу классан дика дола дора Азас. Дай-наной чIогIа реза бара шайн берийн хьехархочунна, кест-кеста школе богIуш, кхуьнца уьйраш латтайора цара.
Тхан хиллачу къамелехь Азас
дуьйцу:
– Со Чуьрийн-Эвлахь кхиъна ю, кхузахь юккъера школа а яьккхина ас 1990-чу шарахь. ХIетахь юьртахь юккъера цхьа школий, бархIшеран кхин цхьаъий бен яцара. Со дика деша гIертара, сан кхиамаш болуш, тхан дений-нанний хазахетара. Хьехархочун болх безаш яра со жима йолуш дуьйна а. Лакхарчу классашкахь йолуш, со юьхьенцарчу классашка хьеха йохуьйтура, хьехархо воцуш меттиг хилча. Суна чIогIа хазахетара, сайх бераш а тешийна, со царна хьалха хIотта класса чуяхийтича.
Тхан классан куьйгалхо яра Гетиева Малкан Салмановна. Цо тхуна оьрсийн мотт а, литература а хьоьхура. Цуьнан урокаш къаьстина дукхаезара суна. Литературе марзо цу хенахь кхоллаелира сан.
Азас дуьйцу шен балхах а, накъостех а, дешархойх а лаьцна. ТIеман хенахь хIара хIинца шаьш болх бечу школехь хьоьхуш яра. Хьал кхераме дара, шайна цхьацца кехаташ туьйсура тIемалой ду шаьш бохучу наха, шаьш кхерийна а, тилийна а цIахь совца лууш бара уьш, дуьйцу Азас.
– Бераш школе диллина схьалелерий? – хотту ас Азе.
– Дера, лелара, цхьаъ цIахь а ца вуьсуш. Мел чIогIа лаьара царна деша. Цкъа школин кертахь эккхаш йолу хIума карийнера тхан хIетахь хиллачу директорна. Иза сиха цигара дIаяккхийтира цо, юьртахь лаьттачу эскархошна юкъара сапераш а балабайтина. Цул тIаьхьа и саннарг кхин ца хааделира, амма тхуна кхерамаш туьйсучуьра тIемалой ца севцира шолгIа тIом дIабаллалц.
Цу хенахь цхьанхьа а токан серло яцара. Буьйсанна мехкадаьттан стогар а латабой, дешархойн тетрадаш толлура ас, сайн балхана кечам а бора. Ишттачу хьолехь сан накъостий-хьехархой а бара.
ХIетахь школехь а, цIахь а компьютерш а хир ю, болх бан оьшуш долу дерриге а хьелаш а хир ду аьлча, цхьа а тешар вацара. Амма халонаш а, шайн чаккхе тIекхаьчча, дIайовлу, дахар а толо, аттачу долу. Коьртаниг шен болх безар, иза ларар, деш дерг даггара кхочушдар ду аьлла, хета суна.
Нохчийчохь тIеман хьал а долуш, хала мур хиллехь а, кхузара цхьанхьа а дIа ца яхара Аза, шен дIаяха аьтто хиллашехь. Халонаш массаьрца а цхьаьна лайра цо, школа а, дешархой а дIа ца тесира.
Директоран заместитель хIоттайо Аза 2012-чу шарахь. Ша дагахь а яцара, куьйгаллин балха гIур ю аьлла, дуьйцу цо. Жоьпаллин хиларал сов, хала а ма ду нахана тIехь куьйгалла дан, зеделларг ца хилча муххале а. Амма иза ларош схьайогIуш ю. Колектив йоккха яц, хIора хьехархо гуш а, вевзаш а ву. Дуккха а шерашкахь болх бечарна шайн гIуллакх вуно дика хаьа, царна хIумма а хьеха оьшуш дац. Ткъа къоначу хьехархошна, хIинц-хIинца корматалла караерзо буьйлабеллачарна Азас накъосталла до, царна шен балхахь зеделларг довзуьйту, белхан «къайленашна» тIаьхьакхуьуйту, гIалатех уьш ларбо.
Шена школера а, Районора а накъосташа дика гIо дира завучан болх бан ша йолаелча, дуьйцу Азас. Цу хенахь Шелан Районохь хьаькаман заместителан даржехь вара Абкаров Малик Абдурахманович. Шен болх дика хууш а, оьзда а, гIиллакхе а стаг вара иза. Шайна, кестолгIа школийн директорийн заместительш хIиттинчарна, къаьсттина доккха накъосталла хуьлура цуьнгара. Балхахь шайна оьшург, хаа деза дешаран массо а документ, дешаран министерствера а, Iедалера а сацамаш, законаш довзуьйтура Малик Абдурахмановича.
Тахана шайн школин директор йолчу Юсупова Сарет Ризвановница а дика юкъаметтигаш ю шен, дуьйцу кхин дIа а Азас. Коллективан болх а, классашкахь дешаран а, низаман а хьал а дийцаре до шаьшшиммо кест-кеста.
Сан дехар хуьлу Азе, тоьллачу хьехархойн цIерш яха олий. Ша хьалха ма-аллара, коллектив йоккха яц, массо а балхаца дика ларош ву. Амма царна юкъара цхьаберш билгалбохур бу ша, олу цо. Шайн школехь дукха хенахь дуьйна болх беш ву математика хьоьхуш волу Халидов Iумар Шахидович. Шортта зеделларг а долуш, шен болх дика хууш говзанча ву иза.
Иштта шена цIе яккха луур ду Исраилова Зарема Магомедовнин. Иза директоран заместитель ю дешархой кхетош-кхиоран декъехь, цул сов, истори а, обществознани а, географи а хьоьхуш а ю. Зарема дика къахьоьгуш а, дика кхиамаш болуш а ю шен балхахь.
Юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш ю Исламова Жарадат Солиевна. Цо Iамийна бераш дика хаарш долуш а, гIиллакхца къаьсташ а хуьлу.
Дуккха а хан ю Азас кху школехь къахьоьгу. Дуьххьара хIара Iемаш, корматаллин къайленашна тIекхиа гIерташ хиллехь, хIинца балхахь доккха зеделларг а долуш, говзанча ю, къоначу хьехархойн хьехамча а, массеран а дика накъост а йолуш. Массо а хенахь хьанал а, кхиамца а болх барна дуккха а совгIаташ делла Азина. Царна юкъахь Дешаран министран цIарах Сийлаллин Грамота а, Шелан Дешаран урхаллера грамоташ а, ша болх бечу школин директоран а, ткъа иштта Шелан районан куьйгалхочун а, юьртан админстрацин а цIарах а Сийлалаллин Грамоташ елла цунна.
Хьехархочун болх сийлахь а, лараме а, ца хилча йиш йоцуш а бу, къаьсттина иза дика говзанча а, похIме а, балхана чу са диллина а велахь.
Аза Солтмуратовна иштта хьехархо ю аьлла, тешна ву со.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных