Menu


Хьехархочун коьрта декхар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шелан кIоштан Жимачу АтагIара номер 1 йолу юкъара дешаран юккъера школа ширачех цхьаъ ю кху юьртахь а, кIоштахь а. Хьехархойн дуккха а коллективаш а, церан куьйгалхой а хийцабелла кхузахь нохчийн халкъ махках даьккхинчуьра цIадирзинчул тIаьхьа.
Шен халкъана а, махкана а пайде дуккха а нах бевлла хIара школа яьккхинчу дешархойх. Шайн юьртан а, вайн республикин а сий айдина цара хьанал къахьегарца, дика кхиамаш бохуш, нохчийн гIиллакх-оьздангалла гойтуш, кегийчарна шайгара масал эца дуккха а бахьанаш дохуш.
Баккхийчерен Iедал ду дIаяьлла зама хестош, шайн хьуьнарш дуьйцуш, кегийчарах бехкаш дохуш. Схьахетарехь, массо а халкъийн юкъара амал ю иза – шайн зама хестор, цуьнан дика агIонаш йийцар, керлачу ханна а, цуьнца доьзначу хьелашна а реза цахилар. Амма хIора заманан шен дика агIонаш ма ю, царах уггаре а коьртаниг – де дийне мел дели, дахар толуш, аттачу хьоле долуш хилар ду. Таханлерчу дийнахь вайн берашна тамашийна хета, оха тхайн наношна Органна тIера хи а кхоьхьура, чохь цIе лато дечиг а доккхура, бежнашна докъар а лора, кертара гIуллакхаш а дора аьлча. Царна ца гина и хан, цундела иза инзаре шира а, акха а хета царна. «Компьютерш а, телефонаш а, мобильни связь а йоцуш, шу муха Iийна?» – хотту цара. Iийна-кх, гуттар а хьалхалерчу заманашкахь нах-м токан серло а, радио а, телевидени а йоцуш а Iийна. Амма вайн кегийчарна оьцунах кхета хала ду, церан кхин кхетам а, хаарш а, дуьненехьежар а ду. Уьш кхин тIаьхье ю.
Ткъа муха ю и тIаьхье? Муха ду церан дешар, Iер-дахар, вовшашца а, юкъараллица а йолу юкъаметтигаш? Ишттачу хаттаршна жоьпаш карорхьама со Жимачу АтагIара номер 1 йолчу юккъерачу школе воьду.
Сан таханлера къамелахо кху школехь дешаран а, кхетош-кхиоран а декъехь директоран заместитель йолу Абдулазимова Раиса Сайдахметовна ю. Раиса кхузахь 1995-чу шарахь дуьйна болх беш ю.
– Вайн халкъана тIе бала боьссинчу халачу муьрехь кху школе балха яр нисделира сан. Со цул цхьа шо хьалха Нохчийн пачхьалкхан пединститутан физикин а, математикин а факультет чекхъяьккхина яра. Цхьана шарахь Чуьйрин-Эвларчу юккъерачу школехь физика хьийхира ас. Ткъа 1995-чу шарахь дуьйна физикин а, математикин а хьехархочун болх бан йолаелира кхузарчу школехь. Вайн махкахь тIеман хьал дара, нахехь йоккха гIело яра, амма бераш цIахь ца совцадора цара, цаьрга дешийта лууш, хьал хала делахь а. Цу хенахь доьшуш хиллачу берийн яххьаш цкъа а ца йицло суна. Уьш самукъадолуш дацара, церан дог декхадала а, паргIатдала а меттиг бацара. Массеран а бохург санна, кхоьлина а, гIайгIане а дара церан бIаьргаш. Амма царна деша лаьара – хьалха, машаре хан йолчул а чIогIа. Цу халачу хенахь нохчийн хьехархоша, кхечу говзанчашца а шайгара доьналла а, хьуьнар а, кхерамна бIоцакъажор а гайтира. Шаьш халкъаца цхьаьна хилар тIечIагIдира цара. Иза граждански доьналла хилар дара.
– Раиса, хьалхарчу шерашкахь муьлххачу а къоначу хьехархочун балхаца йоьзна халонаш хуьлу. Хьо муха ларайора цаьрца? – хотту ас хьехархочуьнга.
– Дера, халонаш а ма хуьлура. Вузехь хаарш ло, ткъа билггала йолу корматалла школехь Iема. Муьлххачу а балхахь зеделларг оьшу, ткъа къоначу говзанчийн иза цхьа хан яьлча бен ца хуьлу. Цундела юьхьенца мелла а хала дара суна. Амма юххехь говза а, шортта зеделларг долуш а болу баккхий хьехархой бара. Суна дицлур дац кху школехь хьалха дуккха а шерашкахь болх бина а, гуттар а математика хьехна а волчу Исаев Амжета Ахмадовича сайна гIо дар. Иза доккха похIма долуш хьехархо ву. Цо дуккха а керла хIума довзийтира суна предмет хьехаран методикех лаьцна. Иштта берашца йолу юкъаметтигаш муха нисъян а, дIакхехьа а еза хьийхира суна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йолчу Абубакарова Сацитас а, кхечу хьехархоша а. Сан массаьрца а дика уьйраш тасаелира оха цхьаьна бертахь болх бечу шерашкахь.
Шен предмет езаш а, дика хууш йолчу Раисина берашна а иза езийта а, хаийта а лаьара. Хууш ма-хиллара, «технически» предметийн урокашкахь бераша болх ледара бо. Нагахь юьхьенцарчу классашкахь цаьрца хьехархочо леррина къа ца хьегнехь, хаарийн дика бух ца биллинехь, лакхарчу классашкахь цу предметех кхета царна хала ду. Цкъа-делахь, хIора шарахь бохург санна, чолхе хуьлуш, керланиг тIекхеташ, схьайогIуш ю математика а, физика а, хими а. Ткъа хьехархочун хан яц берашна цахуург, хьалхарчу классашкахь хааза диснарг карладоккхуш, хан яйъа. ШолгIа-делахь, хьехархочуьнан программа кхочушъян деза, ткъа цунна тIехь хьалхалераниг карладаккха лерина хан яц. Иштта хуьлу хьехаран гIуллакх. Делахь а шен ницкъ кхочург дан хьожура Раиса. Цо урокашкахь тайп-тайпана методически кепаш лелайора, берашца болх жигарабаккхархьама, церан предметах долу хаарш тодархьама. Районехь дIахьочу семинарашкахь а, кхечу мероприятешкахь а дакъалоцура хьехархочо. Ша болх бечу школехь кест-кеста йиллина урокаш а лора, кхин тIе йолу занятеш йора. Цу кепара берийн кхетам самабаккха а, царна и предметаш езийта а, шайн хаарех церан самукъадалийта гIертара къона хьехархо. Иштта дIаяхара хан. Раисех балхахь зеделларг долу хьехархо хилира.
Балхахь дика кхиамаш а хиларна, жоьпалле а, тIедехкинчу декхаршца дика ларош а хиларна, дешаран а, кхетош-кхиоран а декъехь директоран заместителан дарже хIоттайо Раиса 2015-чу шарахь. ХIинца кхуьнан болх жоьпаллин кхин а лакхарчу тIегIане баьллера. Шен балхах жоп делла ца Iаш, дийнна коллективах жоп дала атта дац. Амма халонаш эшо Iемина йолу Раиса дика ларош схьайогIу шен балхаца.
– Раиса, хьехархочун коьрта декхар хIун ду аьлла, хета хьуна? – олий, хотту ас.
– Суна хетарехь, хьехархо дешархошна ша хьоьхучу Iилманах хаарш делла Iан ца веза, цо шен ницкъ ма-кхоччу халкъана, махкана пайде волу гражданин кхио веза. И ду аьлла хета суна муьлххачу а хьехархочун коьрта декхар.
Хьехархо бакълоь. Мел даладелла хаарш долуш вай школера арахоьцу дешархо хиларх, амма цуьнан шен халкъаца уьйр яцахь, шен халкъах дог лозуш и вацахь, цуьнан дуьхьа къахьега лууш иза вацахь, хьехархойн коллективо бина болх кхачаме бац.
ХIора шарахь Пачхьалкхан юкъара экзаменаш дIа а луш, дешархой арахоьцу Жимачу АтагIарчу номер 1 йолчу школин коллективо. Шайн дешархоша уьш дика дIало, боху Раисас, тIаьхьарчу шерашкахь цаьрца ца ларош берш бац шайн. Иза коллективан дика кхиам бу. Кху шарахь а 26 дешархо ву школа чекхйоккхуш. Экзаменашна кечамаш хIинцале болийна кхузахь. Хьехархоша цаьрца беш болу болх лерринчу тергоне эцна директоран заместитело. Шайна, хьехархошна, къаьсттина хазахета берех цхьаъ кхечу регионе деша вахча, цигахь дешарца ларош иза чекхваьлча. Вайн республикин вузашкахь а, колледжашкахь а бу дуккха а шайн школа яьккхина дешархой, боху Раисас. Уьш дукхахберш дика доьшуш а бу, кест-кеста школе богIуш а, хьехархошка бистхуьлуш а бу.
Схьахетарехь, Раисина карийна шен дахаран нийса некъ. Цо а, цуьнан накъосташа а беш болу оьзда а, вайн дешархошна хилла ца Iаш, ерриге а юкъараллина а оьшу болх тахана сийлахь а, беза а бу. Хьехархочун болх гуттар а хилла вайн наха лоруш, хIунда аьлча дешна стаг уггаре а хьалха вайна массарна а пайденна хир ма ву. Хуьлийла иза хьехархо, лор я инженер – милла велахь а, башхо яц, иза шен халкъана оьшуш говзанча ма ву. Ткъа и говзанчаш дахаран новкъа бохуш, царна хаарш луш, уьш оьзда а, гIиллакхе а кхио гIерташ бу вайн сийлахь хьехархой. Дала сийдойла Раисин а, и санна болчу массо а хьехархойн а!

КЕЛАБ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных