Menu


Атта бац хьехархочун болх

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Дахарехь вай тайп-тайпана корматаллаш хоржу. Шен даго къобалъеш ерг тIеоьцу хIораммо а, цуьнца доьзна хуьлу стеган ирс а, беркат а, кхиамаш а, дика а, вон а – ур-аттал ша кхоллам а. Иштта корматаллин башхонех а, цуьнца доьзначух а дийцархьама яздина хIара могIанаш.
Хьехархочо дуьйцу:
«Ас дуккха а шерашкахь болх бина школехь. Атта болх бац хьехархочо беш берг. Халонаш дуккха а нисло берашца къахьоьгуш волчуьнан. Хаарш даларал совнаха, кхетош-кхио а ма деза уьш. Ткъа церан хIораннан шен амал а, дог-ойла а, кхетам а бу. ХIоранца бийца мотт хила беза.
Хьалхарчу шерашкахь къаьсттина хала дара суна. Урокехь бераш вон лелча, новкъадогIура, тIаккха ас царна дов дора, наггахь къаьсттина чIогIа а деш. Сан халонаш евзаш волчу, школехь дуккха а шерашкахь болх бинчу Салман Махмудовича соьга олура:
– Мансур, хьо оьгIазвахна вара моьтту суна дIаяханчу урокехь. Луларчу кабинета чуьра хьан аз хезира суна. ХIун хиллера хьан урокехь?
– Салман Махмудович, цара соьга ла ма ца дугIу, мел лерина со уьш кхето хьаьжча а.
– Мансур, и халонаш муьл-
ххачу а хьехархочун хуьлуш ю хьуна, собаре хила. Айхьа урок муха дIахьо хьажа. Бераш дика кхетий те ахь дуьйцучух? Уьш кхето хьажал хьо-м.
Цунна баркалла а олий, IадIара со. Салман Махмудович сан а хьехархо хилла вара, ас кху школехь доьшучу хенахь. Тхуна нохчийн мотт а, литература а хьоьхура цо. Цуьнан урокаш дукхаезара тхуна. Берашца ийна а, кIеда-мерза а вара иза, ша хьоьхучу хIора дешархочун цIе хаьара цунна.
Цуьнан хьехарш суна пайден хилира, берашка кхечу кепара хьежа волавелира со. Ас церан терго мел йо а, цаьрца со дика мел хуьлу а, тхан юкъаметтигаш толуш, урокашна цара дика кечам беш схьадогIура тхо.
Болх беш масех шо даьлча, со берех кхеташ а, церан дог-ойла евзаш а ву аьлла, хетара суна.
Иза дIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь дара. Ас куьйгалла дечу ворхIалгIачу классехь цхьа кIант вара. Цуьнан да-нана дацара, денанас кхобуш вара иза. ТIеюху бедар беркъа елахь а, амма цIена хуьлура цуьнан. Вон а лелла, цкъа а шена дов дайтина а вацара иза. Амма цкъа а велавелла, векхавелла ца гора суна иза, гуттар а сингаттаме, цхьаьнцца а уьйр йоцуш хуьлура и кIант. Дика доьшуш а, чIогIа дика кхетам болуш а вара и сан дешархо. Цхьана мурехь ши-кхо де делира иза школе ца вогIуш. Ас берашка хаьттира, Дакаев школе хIунда ца вогIу аьлла. Денана цомгуш йолуш, цIахь сецна ву иза, элира цара. Со, балхара ваьлча, сайн дешархо Iачу хIусаме вахара. Со неIерехь гича, чIогIа воьхна хьаьвзира иза, ур-аттал соьга чоьхьавала ала а дицделла.
– Аслан, со чувоуьйтий ахь? – хаьттира ас забаре.
– Дера, воуьйту, Мансур Вахаевич, чоьхьавала хьо! – иза сиха суна дуьхьалара дIавелира.
– Баба муха ю? Лоьрашка кхайкхиний ахь? – хаьттира ас.
– Баба жимма гIолехь ю хIинца. Лоьраш а баьхкира, молханаш а яздира, – элира кIанта.
Со йоккха стаг йолчу чувахара. Ша Iуьллучуьра хьалаайаяла гIертара миска зуда. Иза а йоьхна яра, вогIу ца вогIу а ца хууш, со варна, шайгахь чохь дина гIуллакхаш а ца хиларна.
– IадIелахь хьо йолчохь, Неби! Хьо муха ю а хьожуш, Аслане вист а хуьлуш, веанера со.
– Бакъ веанера хьо-м, Дела реза хуьлда хьуна. Со кху деношкахь могаш йоцуш а хилла, жимма ледаро ду тхойшиннан гIуллакх, – элира Небис, гIийла ела а къежна.
– ГIоле хир ю хьуна, Дала мукъ лахь! Са ма гатде.
– ХIара кIант ишколана юкъара валийта а ца лаьара. Кхана-м соьга хьажа Девкар-эвлара сан йишин йоI йогIур яра, ас хIара кхана дIавоуьйтур ву хьуна.
Жимма йоккхачу стаге вистхуьлуш а Iийна, цунна ца гойтуш цуьнан гIайби кIел ахча а диллина, со дIаваха хьалагIаьттира. Аслана ша школе дIавогIур ву элира, кхана шайн герагара зуда схьа ма-кхеччи.
Амма кIант школе ца веара шолгIачу а, кхозлагIу а дийнахь. Со юха а вахара цаьрга. Йоккха стаг гIийла яра, садеIар а дика дацара цуьнан. ЙогIур ю аьлларг а схьакхачаза яра. Аслан, ши бIаьрг чу а бахана, маж а велла, гIийла вара, вистхилар а доцуш, верриг а ойланашка вахана.
– Аслан, цул тIаьхьа лоьрашка кхайкхиний ахь? – хаьттира ас.
– Лоьраша баба дарбанан цIийне охьайилла еза боху… хIокхо ша цига гIур яц боху, – халла хезаш, элира кIанта, бIаьргаш чу доьссина хиш а долуш.
Ас Небига хаьттира, дарбанан цIийне яха хIунда ца лаьа цунна аьлла.
Ша хIинца йоккха а хилла, ша дуу дуьне диъна а яьлла, цIахь соцур ю ша, элира цо. БIаьргашкара охьаоьху хи ца соцуш, гIийла Аслане хьоьжура иза. Шен дагахь, ахь хIун дийр ду те ша дIаялахь, бохуш…
Оцу хенахь лулара зударий баьхкира чу. Шаьш кхуьнга хьовсуш ду, тесна йитина яц хIара, элира цара. Уьш чохь гIуллакхаш дан а, яахIума ян а хIиттира. Церан Iадика йина, Небига кхин цкъа а, хьо дарбанан цIийне йигийтахьара аьлла, дехар а дина, со дIавахара. Кхин а ши-кхо де делира цул тIаьхьа. Неби лоьраша, баьхкина, дIа а йигна, дарбанаш лелош ю аьлла, хезира суна. Аслан лулахоша шайга дIавигина бохуш, дуьйцура. ЦIеххьана ирча кхаъ беара, Неби дIаяьлла аьлла. Суна дагахь верг Аслан вара, хIинца цо хIун дан деза, иза хьан тIелоцур ву. Церан уллера гергара нах ма бац тхан юьртахь.
Амма Неби кхелхина аьлла хезна, цуьнан нах а баьхкира генарчу ярташкара, марзхойх нах а бевлира, юьртахоша дакъа а лаьцна, иза дика дIаерзийра. Цуьнан шен, лахь а, йисахь а аьлла, сом а хиллера дIадиллина. Цундела генарчу гергарчу нахана а, лулахошна а зен а ца хуьлуш, дIаерзийра йоккха стаг.
Неби дIаяьллачул тIаьхьа Аслан сайн хIусаме дIавигира ас. Иза ша вуьтийла дацара. Ткъа юьртахь цуьнан я дехой а, я ненахой а бацара, кхарах «тIебаьхкина нах» олура. Цхьана хенахь Асланан да кхузарчу цементан заводехь болх беш вара. Юьртарчу нахера кегийра цIенош а эцна, уьш то а дина, цу чохь Iаш бара кхеран доьзал. Амма цхьана дийнахь, некъан хьовзам а хилла, Асланан да а, нана а, кхуьнан жимахйолу йиша а кхелхира. Асланан цу хенахь 8 шо бен дацара. ХIинца денана а дIаели. Суна чIогIа къа хетара кIантах. Юьхьенца дехой хIара шайга дIавига хьаьвсира, амма кIанта дуьхьало йира, гIур вац ша аьлла. Цо соьга дехар дира, ша цхьанхьа детдоме дIалахьара аьлла. Амма суна иза сайн доьзалехь вита лаьара. Ас цунна дош делира, цунна луъург дийр ду айса аьлла. Со сатесна вара, сан доьзалехь цуьнан доьхна дог дIатийр ду, цунна тхоьца Iан а луур ду аьлла. Эххар а иштта хила а хилира иза. Жим-жимма хецалуш, векхалуш, схьавеара иза. ХIинца цо детдом а ца хьехайора. Сан хIусамнанас а, бераша а чIогIа дика тIеийцира иза. Ас, кехаташ а даьхна, сайн кIант санна гуттаренна а доьзалхо вира цунах. Дукха наха баркалла элира суна иштта гIуллакх ас дарна. КIентан гергара нах, цкъа-шозза баьхкина, резабоцуш къамелеш а дина, дIабахара. Кхин цул тIаьхьа гучу а ца бевлира. Аслан, школа дика доьшуш чекх а яьккхина, институте деша вахара. Цигара ваьлча, вай долчохь йолчу цемзаводе балха веара иза. Иза хIинца шен доьзал а болуш кхиъна ваьлла стаг ву. Суна чIогIа хазахета цо сох «дада» олуш. Суна иза сайн вукху берел хийра ца хета. Ас цкъа а иза вукхарах дIа а ца къестийна, сайн волу дела».
Иштта шен дахарехь нисделларг дийцира хIинца пенсехь волчу хьехархочо Идрисов Мансура.

АРСАНУКАЕВ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных