Menu


Хьехархочун коьрта декхар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Товбецан (сентябрь) беттан хьалхара де цхьа шатайпа ду школехь. Иза дешаран шо долалуш хуьлуш долу дезде хилла ца Iа, дуьххьара школе догIучу кегийчу берашна къаьсттина доккха маьIна долуш а, церан къегина синхаамаш гойту а де ду иза. Леррина кечбелла, кIайн кучамаш а йуьйхина, хIораннан карахь зезагийн курс а йолуш, гехь – керла тIоьрмигаш а болуш бераш ду, уллехь царел а чIогIа синтем байна лаьтта наной – иштта хуьлу и де. Хаза музыка а, эшарш а йу хезаш, хьехархой а, дай-наной а, цу дезачу дийне кхайкхина хьеший а бу къамелаш деш, берашка, дика деша бохуш, кхайкхамаш беш. Эххар а зевне горгали а бекий, бераш школи чу доьлху. Хьалха уггаре а кегийнаш, дуьххьара школе баьхкинарш, чубохуьйту. Царна цу дийнахь дерриге а дуьххьара гуш ду: школа, хьехархой, дешархой, хIара гIовгIане школин уьйтIе, белакъежа баккхийнаш, чIогIа лоькху музыка, сел дукха зезагаш... Амма деша чуваха веза. Ткъа мама мичахь ю? Иза арахь йиси, жиманиг, хIинца хьо-хьо хила веза – урокехь а, берашна юкъахь а, арахь а. Вохий ма хила, хьуна гонах берш хьан дешаран накъостий бу, кестта хьан цаьрца уьйраш тасалур ю, царна юкъахь хьан керла доттагIий хир бу. Дешархо, бераллин экамчу, чолхечу, амма сел ирсечу дахаре гIулч йоккхуш ву хьо! Ткъа хьуна йуххеяьлла, хьан куьг а лаьцна, хьо класса чувуьгуш хьан хьехархо йу. Цуьнан эсала бIаьргаш бу, иза хьоьга а, хьан накъосташка а йелакъажарца хьоьжу, шу иркарахIиттош къамел до цо, шун кортош тIе ховха куьг хьокху.
Шелан кIоштара Чуьйрин-Эвларчу номер 1 йолчу школехь йуьхьанцарчу классашкахь болх беш йолчу Базиева Лайла Муслимовнина ша болх бечу хенахь дукхазза а гина хьалхарчу сентябран дезчу дийнан и сурт. Цунна гуттар а ладаме хеташ ду цу дийнахь дуьххьара школе даьхкинчу берийн леррина терго яр а, церан школе марзо кхоллайалийтар а, дешарна тIе ойла йахийтар а, цунах церан самукъадалийтар а.
Лайлаъ кху школехь 1987-чу шарахь дуьйна хьехархочун болх беш йу. Цул хьалхарчу шерашкахь цуо кху йуьртарчу кхечу школехь масех шарахь йуьхьанцарчу классашна хьехна. Нохчийн пачхьалкхан педагогически институтан йуьхьанцарчу дешаран педагогикин а, методикин а факультет заочно чекхъйаьккхина йоIа, школерчу балхана йукъара а ца йолуш.
«Болх бан а, деша а атта дацара. Тхо заочникаш дара аьлла, тхоьгахьа цхьа а озабезам ца бора тхан хьехархоша. «Шу берашна хаарш дала дезаш ду, гонахарчу Iаламехь долчу дийнатех, олхазарех, ораматех, сагалматех, диттех хIун олу а, церан дахарх а, дуьненчохь долчу дуккха а кхечу хIуманах а хаарш а, кхетам а хила беза шун. Шуьга экскурсехь беро хоттур ду, хIокху зезаган цIе хIун йу? ТIаккха хIун ала дохку шу?» – олура институтера хьехархоша. Цундела тхо, къона хьехархой, тхаьш хьеха йезачу предметел сов, массо кхидолу хIума а хаа гIерташ хуьлура. Пединститутехь дешар тхуна чIогIа пайде дара. Йеккъа теори Iамийна ца Iаш, хьехархочун балхахь оьшун долу практикин дуккха а хаарш схьаийцира оха», – дуьйцу Лайлаа.
Ша кху школехь болх бан йолаелча, шена доккха накъосталла дира балхахь дуккха а зеделларг долчу хьехархоша: Баудинова Бирлант Ахмедовнас а, Мудаева Тамара Абдиевнас а, кхечара а. Уьш шен урокашка богIура, шена муха хьеха деза дуьйцура, хьехархочун белхан къайленаш йовзуьйтура, боху Лайлаа.
– Тахана вайн школашкахь болу электронни гIирсаш бацара 20-30 шо хьалха. Хьехархочо дукха къахьоьгура урокехь берашца болх бан оьшу гIирсаш кечбеш, тайп-тайпана таблицаш йазъеш. Класса чохь пенаш тIехь кхозуш гайтаман гIирсаш хуьлура, дийнатийн а, олхазарийн а, кхечу садолчу хIуманийн а суьрташ хуьлура папканаш чохь. И массо а хIума хьехархочо ша дан дезаш дара, шен куьйгашца. Тахана кхин хьелаш ду, электронни гIирсаша дика гIо до хьехархочун балхана.
ХIинцалерчу дешархоша хьоьхург мелла а сиха дIалоцу аьлла, хета суна. Церан гонахарчу дуьненах долу хаарш алсам ду, кхетам а шуьйра бу. Дукхахболчу дешархошна оьрсийн мотт паргIат бийца хаьа, ткъа иза дешаран а, хьехаран а мотт бу школехь. Хьалха берашна оьрсийн мотт ледара хаарна йаккхий халонаш хуьлура хьехархойн, ткъа хIинца хьал бIостанехьа хийцаделла – нохчийн мотт Iаморца халонаш хуьлу дешархойн. Тамашийна хетахь а, шайн ненан мотт ледара хаьа цхьадолчу берашна.
Ша болх бечу йерриге а хенахь берашна а, церан дай-наношна а хьалха ша чIогIа жоьпалле хеташ схьайогIу Лайлаъ. Иза цуьнан амалца а, синкхетамца а доьзна гIуллакх ду, цунна шен болх даггара а, мало ца йеш а бан лаьа. Къахьегар леррина а, дикачу Iалашонашца а долу дела, цуьнан дика кхиамаш а бу.
Болх бан йолалучу хенахь хьалхарчу классан дешархошна деша сиха Iама лууш йара ша, боху Лайлаа. Элпаш вовшахтосуш, йуха дийнна дош деша Iамош, къахьоьгура ша, амма шена хетачу кепара сиха ца Iемара царна. Цу балхана сагатдора Лайлаа. ТIаккха кхуьнан хьал девзачу баккхийчу хьехархоша сатедира, дерриге а шен хенахь хир ду, болх бе, йуха а ца йолуш, кхуьнан дешархой, шо чекхдолуш, букварь а, абат а йоьшуш хир бу аьлла. Иштта нис а делира. ХIетахьлера шен самукъадалар, шен дешархойх ша йоккхаер цкъа а ца дицло шена, дуьйцу хьехархочо. Ас ойла йо: «Шен дешархочунна книжка йеша, йаздан Iемича, цуьнан кхиамаш хилча, мел воккхавеш хуьлу хьехархо. Иза хир ду-кх цуьнан белхан ирс».
Тахана Лайлаъ ша а йу, хьехархочун балхахь шортта зеделларг а долуш, методикех а, практикех а шуьйра хаарш а долуш, къоначу хьехархошна накъосталла деш, церан белхан терго йеш, шегара жигаралла гойтуш. Ша куьйгалла дечу йуьхьенцарчу классийн хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин коьрта Iалашонаш – вовшашца дагадовлар, болх тобар, къоначарна гIодар, дешархойн хаарш кхачаме хилийтарехьа къахьегар – лору Лайлаа. Цу тIехь кху школерчу хьехархойн дика кхиамаш а бу.
– Хьехархочун коьрта декхар хIун ду аьлла хета хьуна? – хотту ас.
– Уггаре а коьрта декхар дешархошна кIорггера хаарш далар ду аьлла, хета суна. Делахь а цу тIехь чекхдолуш дац хьехархчун декхар. Хьуна хьалхара лакхарчу классашка кхин дIа деша дIавоьду ахь Iамийна дешархо. Цунна нохчийн гIиллакх-оьздангалла довзийтина, шен Даймохк а, халкъ а деза а, царах дозалла дан а Iамийна, дика кхетош-кхиийна, дIахьажо веза иза. ТIаккха хьехархочо хьегна къа эрна довр дац.
Лайлаъ бакъ ю. Йуьхьанцарчу классийн хьехархочо бина болх кхачаме хуьлу, нагахь цо хьехна, Iамийна бераш лакхарчу классашкахь а дика доьшуш а, оьзда лелаш а билгалдевллехь. Иштта цхьа хIума дийца лаьа суна хьехархочун а, дешархочун а йукъаметтигаш хьахийча. Билггал хилла хIума ду хIара тхан Чуьйрин-Эвлахь.
Дуккха а шераш хьалха – 35-40 шо даьлла хир ду хIетахь дуьйна – ша школера цIа йеача, цхьаьна жимачу йоIа шен нене аьлла: «Мама, тхан хьехархо Тамара Абдиевна санна, дукхаеза-кх суна хьо!» Нанас, мара а йоьллина, хьаьстина иза: «Иза хьан школера мама ма йу», – аьлла. Цу йоIа хьехархо шен нене нисйар цу хьехархочун белхан лаккхара мах бу. Нагахь ахь беран даг чохь хьайга безам, уьйр-марзо кхоьллинехь, хьо дика хьехархо ву. Йерриге а хьехаран методика дагахь а хууш, урокехь иновационни массо гIирс а лелош, хьо хьоьхуш велахь а, амма хьоьгахь берашка безам бацахь, ахь уьш, хьайн долуш санна, дола а деш, Iамош дацахь, хьох дика хьехархо хир вац. Хьан балхахь кхиам а хир бац, берийн дегнашка диканиг, ирсениг а диллаллур дац хьоьга.
Лайлаана дукхабеза шен дешархой, уьш массо а тергонехь латтабо цо, церан дола до школехь а, арахь а, хIоранга ала хаза дош ду цуьнан. Бере кIеда-мерза йистхуьлу иза, бер ша дешарца ларадийриг хиларх тешадо, иракарахIоттадо, цуьнан деша дог доуьйту.
Дуккха а шерашкахь болх беш шортта совгIаташ а делла Лайлаана. Дешаран министерствера, районерчу дешаран урхаллера, ша болх бечу школера, районерчу а, юьртарчу администрацешкара Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ, кхидолу совгIаташ а делла цунна. Лайла Муслимовна шен белхан лаккхара мах хадо а, совгIат дала хьакъ ю, хIунда аьлча, шен хаарш а, белхан говзалла а ца кхоош, хьанал къахьоьгуш ю иза, даггара дешархой а, шен болх а безаш.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных