Menu


Дохийна ирс

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн ламанца 1уьллу хаза, жима йурт. Дукха хьолахь, латта а, даьхни лелош, вовшашца уьйр-марзо йолуш, гергарлонаш лардеш, бертахь, маьршачу хьолехь беха йуртахой.
Школа а ю кхузахь. Жима, тиша г1ишло йу цунна лерина, амма уьйт1ахь а, чохь а даима ч1арх-аьлла ц1ена ду, сирла йу классаш, хьехархой а бу вуно дика, цундела берийн хаарш – лаккхарчу т1ег1анехь.
Йоьалг1ачу классехь волу Мовсар ч1ог1а дика доьшуш вара. Наггахь, дан дезарш дукха хилча, урокашна кечам бан кхоччуш цаларавар бахьана долуш, диъ даккхар доцург, деккъа пхеаннаш дара жимачу к1ентан. Хьехархошна дукхавезара Мовсар, х1унда аьлча, дика дешна ца 1аш, кхин мел долчу школан г1уллакхаш т1ехь иза каде, х1айт-аьлла хиларна.
Пхи бер (кхо к1ант, ши йо1) дара доьзалехь. Мовсар – массарел а жима.
Луларчу йуьртахь бехаш Мовсаран ненахой бара. Дуьйцуш санна дацара к1ентан дог ловзадийлар, шен нанас, кестта, масех де-буьйса а доккхуш, цига г1ур ду вайшиъ аьлла хаза кхаъ шега баьккхича.
Воккха Дада а, Йоккха Баба а долчохь санна хаза кху дуьненахь цхьанхьа а дуй-те бохуш ойланаш йора к1анта сих-сиха.
Йоь1ан к1ант веана схьакхаьчча баккхийчеран долуш хилла долу самукъа дийца дешнаш тоьар дац.
– Эх1, дадин к1ант, дадин б1аьргийн нур! Дера ва хьо могуш-маьрша! Схьавоьл дадина, схьавоьл. Сийсара хьо веана г1ан ма гира суна. Самах хили-кх х1ара. Далла бу хастам, Далла бу хастам, – бохуш, бер маракъовлий, д1ахеца ца туьгуш, вехха 1ара воккха стаг.
Даьхни 1алашдина чуеана шен дег1е ладоьг1уш, г1ийла узарш деш маьнги т1ехь тевжина 1аш йолу йоккха стаг, шен хьал дицлой, хьалаг1оттий, лаьттах ког ца кхеташ хьийзара, к1анте, х1ун кхоллур яра ахь, Дашо (иштта йоккхура бабас цуьнан ц1е), х1ун кечйе ас хьуна бохуш, берана коьртах куьг а хьоькхуш.
Х1ара цхьа йо1 йоцург кхин доьзалхо вацара цушиннан. Хаза кхуьуш вог1уш к1ант хиллера, амма иза жиэ вахханчохь акха ж1ало ка тоьхна, цунах д1овш даьлла, к1иранах сов дагаро воттуш 1ийна, кхелхинера. Цуьнан ц1е а йара Мовсар.
Ч1ог1а даго т1еоьцуш, эсала, хаза бер хиллера иза. Массарна а дукхавезш вара. Кхелхинчу вешин сий-ларам беш тиллина йара йишас шен жимах волчу к1ентан ц1е.
М1аьрго санна сиха д1адаьлла хийтира Мовсарна ненахошкахь даьккхина ши де.
– Тховса мелла а хьалхе д1авижалахь. Кхана юха ца дахча ца долу вайшиъ. Дуккха а дан дезарш гулделла хир ду ц1ахь, – элира нанас к1анте.
Масех к1ира хан йелира цул т1аьхьа. Нана дика йац аьлла хабар кхечира йо1е. Хьаьдда йахара иза дец1а, шеца цхьаьна Мовсар а вуьгуш. Цхьацца дарбанаш лелийча дикка г1оле хилира зудчунна. Делахь а баккхийнаш шаьш буьтийла дацара.
– Мовсар, хьан дешар к1еззигчу ханна юкъара-м долу, делахь а жимма вуьту ас хьо кхузахь. Верийлахь, сема хилалахь, хьайга далург ца деш ма 1елахь, ларлуш а хила, – хьехар дира нанас.
Иза дара 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь. Дукха хан йалале халкъ махках даьккхира. Мовсарна кхин цкъа а шен хьоме да, нана, йижарий, вежарий ган доьг1на ца хиллера. Йа царах хилларг а ца хиира цунна, мел ч1ог1а т1аьхьаваьлла леларх.
Новкъахь д1айелира, иштта а могуш йоцуш йолу, ненана. Сибреха д1акхаьчна дукха хан ялале кхелхира ненада а. Доккхачу дуьненахь ша цхьаъ висира Мовсар.
- Х1ара бакъ хуьлийла дац. Г1ан ду х1ара. Со х1ицца самавер ву. Т1аккха сайн т1оьрмиг эцна школе г1ур ву. Айса дика дагахь 1амийна нохчийн байт а йийцина пхиъ доккхур ду ас. Мел хазахетар ду рог1ера пхиъ дохьуш со чувеача ц1ахь болчарна, – боху ойланаш хьийзара к1ентан коьрте.
Иза берийн ц1ийне (детдоме) д1алур волуш вара. Амма, луларчу наха, хала дара аьлла ца 1аш, шайга д1авигна, хаза лелийра Мовсар. Сибрехара ц1а даьхкича, ша бакъдуьнена верззалц, цаьрца довха гергарло лелийра цо. Дуккха а шерашкахь школехь хьехархочун болх а бира Мовсара, хьекъале дешархой а кхиийра.
Царех цхьаъ ву суна х1ара хилларг-лелларг довзийтинарг.

Раджаб ВАЛИТОВ

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных