Menu


Хаза де – йоьхна суьйре

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

БIаьсте. Бекарг (март) беттан хьалхара де. Дукханхьа, къаьсттина таьIначу, IиндагIа долчу меттигашкахь, дешна далаза ло, амма билггала чилла дIайаьлла хилар гойтуш – хаза кхетта сирла малх, наггахь хьокху бовха мох, дерриге а тхевнаш тIехь, хаддаза тIадамаш иэгош, йоьлху кхазаргийн раьгIнаш.
«Тахана пIераскан де а ду, ши урок бен йац, цул дика хIума а дац», – бохуш, дог ловзадуьйлуш, балха хьадда воьдуш ву нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Дауд Тапаевич.
– Салам-маршалла ду хьоьга, Дауд, – дуьхьала кхета нийса накъост.
– Делера салам-маршалла хуьлда, Апти.
– Балха воьдуш хир ву хьо? – шена ца хууш санна хотту вукхо.
– Ва иштта, – доцца жоп ло Дауда.
– Маса урок йу тахана?
– Шиъ.
– ТIаккха хьо мелла а хьалхе цIа вогIур ма ву. Делкъал тIаьхьа вола а луш, Iин чу воьссича хIун дара-те? Чоьрпин йай баьккхича гуттар дика хир дара. Iуьйранна балха дIадоьлхуш, суьйранна цигара схьадогIуш, кхин дуьне, Iалам ца гуш, цхьабосса дIайоьдуш ма йу хIара хан-зама.
– Нийса боху. ЧIогIа дика хир ду. Ас со мукъа ма-велли зIе йийр йу хьоьца.
– ЛадоьгIна хир ву...
ТIекхечира билгалйина хан.
Хаза Iара ши накъост, хин йистехь йоккха цIе а латийна, жижиг доттуш, хилларш, лелларш дуьйцуш, сих-сиха довхачу чайнан къурд а беш. Баккха леринчу йайнах гIуллакх ца хиллера, цкъа мацах цхьамма ша бахьаре терра иза йуха беана цахилар бахьана долуш.
Де суьйренга даьлча, цIа ваха хан герга йеача, Дауда элира шеца волчуьнга:
– Хьажахьа, ма хаза ду дIогахь. Таханлера цхьаьнакхетар дерзош, гу тIе ваьлла пхи-йалх сурт даьккхича хIун дара те?
– Давай, – реза хилла хьалаиккхира Апти.
Динарг бен дийца а дац, ша хирг хир кхуьнах, аьлла, чехкачу боларца дIаволавелира ши накъост гу болчу агIор.
Шуьйра догIучу хих ца ваьлча гу тIе кхочийла дацара.
Оцу хих волуш цхьана боккхачу тIулган тIера дIакхоссавала а воьлла, цу тIехь шершина, хIаваэхь дегI пурхнехьа хIуттуш, хи чу вуьйжира Дауд.
– Делдахь, Апти, хIара соьга хIоьттина хьал муха доьрзур ду-те? Вайна суьйренца гIеххьа шеллуш а йу, суна тIера бедарш хи санна тIеда а йу, вайшиъ цIенна генахь а ма ву. Кхин хIуманна-м ца бахара ас, цамогуш хилла, балхана йукъара вала везахь ду-кх доьхнарг, – сагатдора Дауда.
– И ду хаза. Хьо воцург кхин хьехархо вац цигахь? Хьан белшаш тIехь лаьтташ-м йац шун школа? Цуьнан ойла ма йе ахь. Жимма хьо вохваллалц цIера уллехь а Iийна, цIа гIур ву вайша.
ШолгIачу дийнахь хьенех вуо хьал долуш ву аьлла лоьраш кхайкхира. Цара, гуьйриг санна айвина, сихонца ваьхьна машен чу а виллина, больнице дIавигира иза.
Баттахь гергга Iиллира Дауд Тапаевич дарбанан цIийнехь. Дикка кIаргйеллачу йовхарша дIа ца хоьцуш, боккха бала текхира цо. Хьуьнхахь хи чу вожар бахьана долуш, чIогIа шелвелла хиллера, пекъар.
Цкъа мацца а хаза гIоле хилла, Далла хастам барца, балха аравелира иза. Дешархошна а, белхан накъосташна а хаза кхаъ хилира цуьнах. Массарна дукхавезаш, дика стаг вара Дауд.
Нийсса шо даьллера цул тIаьхьа. Арахь йуха а – бекарг бутт.
– Дауд Тапаевич, тхо кхана Iин йисте доьлхуш ма ду, – кхаъ баьккхира дешархоша.
– Лаа?
– Жимма садаIа. Чоьрпин йай боккхуш, сурт-мурт доккхуш...
– ХIа-а-а, мегар ду.
– Хьо вогIий тхоьца?
– Со… Шуьца… М-м-м… Сох хIун до аша?
– Мелла а самукъане хир дар-кха. Волахьа, хьайн йиш йелахь.
Бераша ишта чIогIа дехар дича вуха ца валавелира Дауд Тапаевич.
Хаза Iийра садаIа бахнарш.
Де суьйренга лестича, цIа даха хан герга йолуш, гу йистехь суьрташ даха барт хилира кегийрхойн.
Вовшашца йохье буьйлуш, самукъанечу маьхьаршца дIахьаьвдира цига лакхарчу классийн дешархой.
Ца ваьллачу денна, цкъа мацах санна, динарг бен дийца дац-кха боху ойла коьрте хьийзаш, чехкачу боларца берашна тIаьхьа вахара Дауд Тапаевич…
Цхьа а сингаттам ца Iотталуш, некъан хьовзам ца хуьлуш, самукъадаьлла, дуккха а суьрташ даьхна, могаш-маьрша шайн цIа бирзира дешархой а, церан хьехархо а.

ВАЛИТОВ Раджаб

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных