Menu


Мотт кхиор

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн мотт «Яндекс. Переводчик» сервис чу берзор бу
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а онлайн-дошам вовшахтохаран болх дӀаболийна.
Предложенеш а, текстийн кийсигаш а оьрсийн маттера нохчийн матте гочйеш боккха болх бу институтан говзанчаша дӀахьош.
Леррина оцу балхана Нохчийн меттан институтехь вовшахтоьхна Пайдехьчу меттаӀилманан туш (Центр прикладной лингвистики). Цуьнан куьйгалхо йу къона меттан Ӏилманча Бадаева Ӏайшат.
Институтан говзанчаша вовшахтоьхна гӀирс «Яндекс. Переводчик» веб-службин говзанчашка дӀакхочур бу.
Билгалдаккха деза оьрсийн а, нохчийн а маттахь онлайн-дошам йархьама «Яндекс.Переводчик» сайтана мел лаххара 1 миллион сов предложенех лаьтта гӀирс оьшуш хилар.
Оцу предложенех пайда а оьцуш, веб-службин нейронийн сеташна нохчийн мотт «Ӏамор» бу «Яндекс. Переводчикан» говзанчаша. Иштта хир бу кхузаманан лехамашна жоп луш йолу нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а онлайн-дошам кхолларан белхан шолгӀа мур.
Нохчийн мотт «Яндекс. Переводчик» сайтан машане баккхаран мехала гӀуллакх кхочушдеш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца.
Дагадаийта лаьа 2021-чу шеран гӀуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь леррина оцу тӀедилларан хьокъехь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президентаца Гапуров ШахӀрудица а, Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Хьамзатаца а цхьаьнакхетар дӀадаьхьна хилла хилар.
Пайдехьчу меттаIилманан туьшан куьйгалхочо Бадаева Ӏайшата дуьйцу: «Кхул 6–7 шо хьалха Нохчийн Республикин Iилманан академехь пайдехьчу семиотикин отдело болх дIаболийра. Оцу отделан говзанчаша (программисташа а, филологаша а) нохчийн мотт синтезан системе берзош (нохчийн мотт компьютер чу баккха хьелаш кхуллуш) дуккха а мехала проекташ кхочушйира. Амма и болх ма-хетта дIабахийта аьтто ца хуьлу нохчийн меттан декъехь Iилманан талламаш цахилар бахьана долуш. Нохчийн мотт технологица хилийта, нохчийн меттан дошам терахьийн системе йерзийта электронни кепаш оьшура. Нохчийн меттан институтан керлачу туьшахь оцу декъехь кхул тIаьхьа аьтто хиларе дог дохуш ду тхо».
ХӀара проект нохчийн мотт гочдеш йолчу программаш чу баккха корпус кхолларна лерина йу. Иза Iаламат боккха болх бу, меттаIилманан дерриге а дакъойх а, хаарех а пайдаэца дезар долуш. Оцу балхаца цхьаьна дуккха а талламаш, къастамаш, сацамаш бан дезар ду.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Дааев Хож-Баудин тӀедилларца Нохчийн меттан институтехь кхочушбечу балхана, Пайдехьчу линвистикин туьшан болх дӀабахийта оьшуш йолчу оргтехникца кхачам бина. И гӀуллакхна леррина тӀехӀоттийна ву Дешаран а, Ӏилманан а министран заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Ӏела. Дела реза хуьлда царна!
Дуьххьара беш болу некъ хала а, чорда а хуьлуш хилар хаьа вайна. Кхул хьалха цкъа а хилла доцу гӀуллакх ду и тайпа болх бар.
«Гочдаршца берг Iаламат боккха болх бу, меттаIилманан деригге а а дакъошкара хаарех пайдаэца дезаш, оцу балхаца цхьаьна дуккха а талламаш, къастамаш бан дезаш. Центран белхахочо Эльдерханова Зайнапа ма-аллара, цхьа миллион предложеница цхьаьна ши миллион тIом а хила мега тхуна хьалха. Амма цхьанна а халонех озалур йоцуш, хаддаза къахьоьгур долуш коллектив йу вовшахкхеттарг, Дала мукъ лахь. Вайн къинхьегаман дика тIаьхьало хирг хиларх са а туьйсур-кх вай», – шайн балхах лаьцна дуьйцуш билгадина Ӏ.Бадаевас.

ХИЗИРОВА Зайнап
Суьрта тӀехь: Пайдехьчу лингвистикин туьшан тоба

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных