Menu


Ненан мотт ларбар вайн декхар ду

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Къоман мотт, Iадаташ, гIиллакх-оьздангалла, яхь, доьналла, лела хаар доьзалехь Iамош ду. Баккхийчаьргара схьа а долуш, кегийчара схьа а оьцуш, Iама а деш, лар а деш, халкъалахь лелош ду и дерриге а. Иза вайн халкъан хазна ю, вайх нохчийн къам деш болу бух бу.
Ткъа цхьаболчу нахана шаьш къоман мотт бийцича эхь ду моьтту. Ца бийцича ду-кх эхь! Аш хIунда буьйцу, масала, оьрсийн мотт, шайна юкъахь, болх беш я доьшуш, цхьа а оьрси я вайн мотт ца хууш стаг ца хилча? Ледара хIума дац иза? Вайн мотт цхьана а маттал оьшуш ма бац!
Хийлаза го вайна гIалахь, ткъа тIаьхьарчу хенахь ярташкахь а, берашца наноша (я ур-аттал баккхийчара а) оьрсийн мотт буьйцуш. Иза цунна ца Iамарна кхоьру те уьш? Кхера оьшуш хьал дац. Тхо кегий долчу хенахь тхоьга наноша оьрсийн я кхечу маттахь цхьа дош а ца олура, ала царна иза дага а ца догIура, амма тхуна-м ма Iемира оьрсийн мотт, вуно дика а Iемаш, хIинца санна, телевизорш а, компьюторш а, телефонаш йоццушехь. Тхуна ши мотт цхьаьний Iемара хенан йохаллехь. Iилманчаша дийцарехь, ишттачу хьолах «билингвизм» олу. Кхуьучу берана иза Iаламат мехала хIума ду. Беро ойла шена дика хуучу маттахь йо. Дукха хьолахь иза ненан мотт бу. Амма ши мотт цунна хууш белахь, иза къаьсттина дика ду беран кхетам кхиарехь. Цундела ненан маттаца цхьаьний Iамо беза оьрсийн мотт а (иза пачхьалкхан мотт бу, ца Iамийча ца болуш).
Дозанал арахь дуккха а пачхьалкхашкахь дIасабахана бу вайн къомах болу нах. Царах дукхахболчара латкъамаш бо, шайн берашна нохчийн мотт ца хаьа бохуш. Иза муха хуур бу, чохь буьйцуш ца хилча, нанас берана Iамош ца хилча? Вай ма-аллара, чуьра схьа ма ду дерриге а: нохчийн гIиллакх а, мотт а. Шайн къоман мотт бийцар а, гIиллакхаш лелор а нехан карахь ма ду, царна лаахь, церан доьзало нохчийн мотт а буьйцур бу, Далла Iамал а йийр ю, къоман гIиллакх-оьздангалла а ларйийр ю.
Вайн махкахь тIом болчу хенахь Европе дIаваханчу сан накъостан доьзалехь нохчийн мотт бен ца буьйцу. И гIиллакх церан хIусамехь, цIахь а, аренца а уьш болуш, дIадаьлла а дац. Ткъа муха нисделла и саннарг дозанал арахь, генарчу хийрачу махкахь? Дера, нисделла шаьш муьлш бу а хууш, шайн къам а, цуьнан мотт а гIиллакхаш, Iадаташ а лардеш, Iабдул-Хьамид, цуьнан хIусамнана Марет а долу дела. Церан кIанта Iелас а, несо а шайн берашка нохчийн мотт бен ца буьйцу, цундела берашна вуно дика нохчийн мотт хаьа. Ткъа школехь, арахь цара фламандски а, английски а, французски а меттанаш дуьйцу. Иза кхечу къоман меттанаш Iамочарна дика масал ду. Цхьаболчара ала там бу: Европехь я кхечанхьа болчеран меттанаш Iамо дика аьтто бу, хIунда аьлча тайп-тайпана меттанаш дуьйцучохь бехаш бу уьш. Иза а ду нийса. Амма тахана санна кIорггера шен къоман я кхечу къоман мотт белахь а, иза Iамо аьтто хьалха цкъа а хилла-м бац. Муьлххачунна а хаьа, шена интернета чохь мотт Iаморан а, бийцаран а хьелаш карор дуьйла. Бакъду, къа ца хьегча, цхьа а хIума Iемар дац.

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных